ТIекхочийла долу линкаш

Чаплин кхин оьшуш вац Оьрсийн православин килсана


Оьрсийчоь -- Оьрсийн православин килсан протоирей-пропагадист Чаплин Всеволод, Товб. 9, 2014

Оьрсийчоь -- Оьрсийн православин килсан протоирей-пропагадист Чаплин Всеволод, Товб. 9, 2014

Оьрсийн православин килсан протоирей-пропагадист Чаплин Всеволод дIаваьккхина балхара. Цуьнан бахьана ду патриархин аппаратехь цхьацца хийцамаш бар. Амма Чаплинна ша даржах вохор Оьрсийн православин килсехь демократи а, хуьлург массерна а хууш хилар а цатоар ду аьлла хета.

Оьрсийн православин килсан протоирей Чаплин Всеволод вара килсан а, юкъараллан а юкъаметтигашкахула йолчу Синодан декъан гIаьнтада. Иза дIаваькхира цу даржера кху ГIура-беттан 24-чу дийнахь гулйеллачу Синодан кхеташонехь.

25 шо дара Чаплин православин кисан аппаратехь болх беш волу. Патриархо Кирилла 2009-чу шарахь хIоттийнера иза Килсан юкъараллица юкъаметтигаш латто.

Чаплин Всеволода деш долчу дIахьедарша эргIадбахийтина хилара либералаш а, консерваторийн хьежамаш болу а диндай. ТIаьхьарчу хенахь иза гIортор еш вара Украинехь Оьрсийчоьнан Iедалша лелочу политикана. Чаплин пропаганда еш вара «Оьрсийн дуьне" бохучу идейна. Ткъа Оьрсийчоьно Шемахь дIахьош йолу тIеман операци «дуьненерчу терроризмаца дIахьош болу беза лара хьакъ долу къийсам" ларара цо.

Ша Чаплина ша балхара дIаваккхар патриарх Кириллаца цхьацца цакхетамаш шен хилар ду элира Маршо Радион оьрсийн сервсисана еллачу интервьюхь. Керстан килсан диндай Iедалех бозуш хила цабеза аьлла хета шена бохуш ву иза. Iедалшна "хIаъ" боуш корта теIош а ца Iаш къийса деза шена хетарг килсано бохуш чIагIдо Чаплина.

​Маршо Радионна еллачу интервьюхь Чаплин Всеволода элира, ша балхара дIаваккхаран бахьана Оьрсийн килсехь демократи а, хуьлуш дерг массерна а хууш хилар а цатоар ду аьлла.

Цхьаболчу зорбанан гIирсашкахь дуьйцуш дара, ша дIа а ваьккхина патриархо Кирилла ша а кестта даршах вохор хилар гайтина боху Чаплина бохуш. Амма Чаплина ша иза аьлла дац, амма Килсана урхалла дар де дийне мел дели а халонга долуш ду аьлла хета шена боху. Килсехь куьйгалхочо дукхах болу сацам беш бу, цхьанца а дага а цаволуш, говзанчаш бохучуьнга ла а цадугIуш, бохуш вара Чаплин.

Чаплин Всеволод: -Шех соборность олу кхетам алсам хила беза. Тайп тайпана ойланаш йолчу нахе ладогIа деза, тайп-тайпана аьзнаш дека дезаш ду Килсехь, шайна юкъахь бозуш боцучу нехан а, шайн кхетам болу нехан аьзнаш а долуш. Тахана, халахеташ делахь а, и гIуллакх лахлуш ду.

Ас патриархаца, бакъ долуш, дийцаре дира сан даржаца доьзна долу хаттар, со цу даржехь кхин дIа а вуьсур ву, я вац бохург. Ас паргIат волуш элира со цу даржехь тIех сов хиина Iийна аьлла хета суна аьлла».

Ма-дарра аьлча, аппаратан кепехь дIаваьккхина хьо? Иштта деш хуьлу оьшуш боцучу нахаца. Иштта ду аьлла-м цахета хьуна иза?

Чаплин Всеволод: -Цхьа бюрократин гIулч ю яьккхинарг. Москох патриархатан Килсан урхаллин система лортIе яло езаш ю, эвсаре хуьлучу новкъа яккха езаш ю. Ма-дарра аьлча, Килсехь вуно къезиг эвсаралла йолу структураш ю, ас куьйгалла деш хиллачул а. Цу сацамехь дерриг а бакъдерг цахила а мега. Со дIаваккхаран бакъдолу бахьана хила мега цхьамогIа хаттаршкахь патриархаца къовса со кхийрина цахилар.

Хьайн патриархах Кириллах догдаьлла ала-м цагIерта хьо?

Чаплин Всеволод: -Патриархана реза ву со. Иза онда, хьекъал долуш стаг ву, шена позици ойланца кхоьллина волу. Проблема кхин ю. Патриархан карарчу хенахь йолу статус бахьана долуш шена хетарг маьрша дIаала аьтто болуш вац иза. Цхьадолу хIуманаш дуьйцуш, шен дарж бахьана долуш, вуно ларлуш вист хила дезаш ву иза. Ша вист цахуьлуш Iа везаш а волуш, кхечара шайна хетарг дийцарна дегабаам бина хила а мега цо. Цхьана агIор со цунах кхета, амма вукха агIор патриарх кхета веза Килсехь цуьнан аз хилла ца Iаш тайп-тайпана ойланаш йолчу нахан аьзнаш а дека мегаш хиларх.

Православин килсан аппаратехь хьайна керла меттиг яларе сатуьйсуш-м вац хьо?

Чаплин Всеволод:- Со цхьане хIумане хьожуш а вац, цхьа а хIума доьхуш а вац. Оццу хенахь цхьа хIума сайн девр ду аьлла кхоьруш а вац со. Ша хирг хир ду цуьнах. Цуьнца цхьаьна килсе а, юкъаралле а сайна хетарг ала бакъо юьту ас сайна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG