ТIекхочийла долу линкаш

Инарла Прокуроро Даредо Iедална Кавказхоша ен Дуьхьало Есташ хилар


Оьрсийчоь --Президент Медведев Дмитрий а, Инарла прокурор Чайка Юрий а Инарла прокуратуран цIа чохь, Mоскох, 25Чил2009

Оьрсийчоь --Президент Медведев Дмитрий а, Инарла прокурор Чайка Юрий а Инарла прокуратуран цIа чохь, Mоскох, 25Чил2009

Ставропол-махкарчу Пятигорскехь оперативан кхеташо дIаяьхьна Оьрсийчоьнан Инарла прокурора Чайка Юрийс. Цо далочу терахьаша гойту, Кавказерчу тIемалоша Iедална ен дуьхьало дукха а совъяьллийла. Амма, хьалха а санна, беккъа цхьа некъ бен бац Чайкас низамхошна хьохург – тIемаш ницкъаца юхатохар.


Кавказерчу шен прокурорашна хьалха Чайка Юрис Пятигорскехь довзийтина, аьлча а, дуьхьалтоьхна терахьаш иштта ду: 24 процентана совдевлла лурчахчул лелхийтарш. Стохка кху регионехь дина 6 бIе гергга талор а, I5 эккхийтар а – уьш ерриг а Оьрсийчохь динчу цу тайпанарчу зуламех 93 процент ду, элира Инарла прокуроро.

И санна долу терахьаш охьадагардинчул тIаьхьа Чайкас Къилбаседа Кавказера прокурораш, талламчаш, полицин хьаькамаш бехкебира цара тоьал экстремизм охьатаIош яцарна. Оцу декъехь дуьйцург дара, бусулба жайнеш ледара луьттуш хилар, дешархошна тIекхача царна некъ битина хилар.

Дашна ала санна хьахийра Чайка Юрис кхузара уггаре боккха коьрталазам а – коррупци. Кхаънаш оьцу хьаькамаш Iорабахар лахдина стохка лурчахчул 6 процентана, аьлла яра инарла прокуроран статистика.

Кхуьш долу кеп-кепарчу зуламийн терахьаш лахдан а, Iедална наха герзаш а карахь ен дуьхьало малъян а гуш болу некъ Чайка Юрийс охьабиллира Кавказерчу прокурорашна хьалха. «ЧIагIде», «луьралла совъяккха», «къийсам латтор айде» бохучу буьйранех хIотталуш бара и некъ Инарла Прокуроран лексиконехь.

Хууш ма-хиллара, Чайкас хьоьху молха вуно дика девзаш ду Кавказерчу Iедалшна, цара цунах лаккхара пайда а оьцу – луьралла, къизалла, къа ца хетар. Ткъа тIемех, лелхийтарех, кIелонех паргIат йолуш яц я Нохчийчоь а, я ГIалгIайчоь а, я Дагестан а, масала.

Стенна ду иза иштта? ХIун дича адам маьршша даха-дан, даха аьтто болуш хир яра Кавказ, боху хеттарш лаьтта муьлххачу а политикна а, муьлххачу а могIарчу вахархочунна а хьалха.

Стенца дозу хьал цхьана эшшара гIоьртина латтар, бохург дийцаре дира Маршо Радионо дукха хенахь дуьйна Къилбаседа Кавказ евзаш а, цигахь вина а, ша а цхьана заманахь и къаръян хьажийна а хиллачу эпсаре-полковнике, Iедална оппозицехь лаьттачу «Новая газетан» экперте, гIоьртина лаьттачу хьолана доггаха саготта а волуш вехачу Измайлов Вячеславе. Алссам адам Iедална резадацар, дуккха а нах герз а карахь цуьнца лета ца къарлуш хьийзар цо иштта туьду:

Измайлов: «Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан – цигахь, хетарехь, Оьрсийчоьн кхечу мехкашкахьчул коррупци уггаре лакхара ю. Ас юкъарло леладо дуккхаъчу нахаца, суна кхета лаьа, стенна гIерта нах кхечу нахана зуламаш дан, лелхийта, иштта кхидIа а.

Коьрта бахьана, суна хетарехь, иштта дIа нахаца гамо хилар а дац, Iедалехь аьшпаш а гуш, Iедалехь коррупци а гуш, шайн цунна дан хIума а доцуш, дIабоьлху кегийнах хьуьнха. Схьаоьцур вай, Дагестанера тIаьххьара операци – вийна Даудов, хьалхо вийра цуьнан ши кIант, хIинца шеца цхьаьна жимахверг а. Ткъа Даудов-м ОвхIанехь а хилла ма вара! Суна хаьа, дагестанхоша мел беза лору цигахь бIаьхочун декхар кхочуш деш хилларш, цаьрга турпалшка санна хьоьжу. Даудов ишттачех ма вара.

Стенна вахара иза хьаннашка? Дукхаъчарна иза кхеташ дац. Суна хетарехь, цуьнан цхьа бахьана ду – массо а хIуманах тешам бар, царна хийцалуш ца го цхьа а хIума».

ТIеман кIуьрлара дуккхаъчу адамашна арадовла аьтто бина а, тIамо хьийзабечу нехан бала, мохь бетташ, «Новая газетехь» шерашкахь балхийна а волчу Измайлов Вячеславна Кавказе маршо а, машар а кхачонболчу Iедало бан безачу некъашлахь, хьалхачул а башха, тахана а ца го дукха некъаш.

Царех уггаре аттаниг а, маьIанениг а бу ,бохура, Вячеслава, къаьмнашца тIеман маттахь лер дитар, герзаца, я и доцуш а ,стаг шена дуьхьал валаран бахьана таллар, оцу талламо гайтинчух пайда а оьцуш, дахар къинхьегамца тодар.

...Ткъа иза-м сан идилли бен а яцара, кеста Iемар йолчух тера дац Кремль машаран мот бийца, тахана цунна бевза мот цхьаъ бен бац – шогалла, тIетуьйхира Вячеслава.

Измайлов: «Иза еккъа цхьа инструмент ю: я «кIурд» ала ,боху, я «оха хьо хIаллаквийр ву, кхин некъ бан а бац». Iедална мегар ма дара мухха а нах кхето, уьш кIадбан, амма царна и дицло-кх, цунна коьртаниг – уьш хIаллакбар бен а дац. Евкуровца, ГIалгIайчоьн президентца къамел дира ас хьалхо.

Цо бохура, дай-наноша дола дан деза шайн берийн, цара долийта деза уьш керлачу дахарх. Ткъа собардехьа, массанхьа а коррупци ма ю, массанхьа а аьшпаш ма бу! Оццу ГIалгIайчоьн Iедалца а ма бу аьшпаш!..»

Кхеташ ма-хиллара, Чайка Юрий шен куьйга кIелхьарчу прокурорашна къастийна тахана а, кхана а цара бан безачу белхан хатI.

Амма оцу хотIан васт кхуллуш, прокурорашна хьоьхуш дацара къинхетаме хилар, нехан баланийн орам а охкуш, белхаш бар, иштта кхин а долу, Измайловс дуьйцу "сентиментале" хIуманаш. Цундела ала дуьсуш цхьа къаьхьа бакъдерг бен а дац: тIом бара селхана, тIом бу тахана, хир бу тIом кхана а...
XS
SM
MD
LG