ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу тIамехь дакъалаьцна рогIера нохчо лаьцна Австрехь


Шемахь а, Иракъехь а тIом беш болу кхечу мехкашкара тIемалой.
Шемахь а, Иракъехь а тIом беш болу кхечу мехкашкара тIемалой.

Кху тIаьхьарчу масех кIиранах иттех нохчий лаьцна Австрин Iедалша Шемахь боьдучу тIамехь дакъалаьцна аьлла. Нагахь церан бехк хилар тIечIагIдfхь царна яккхийн хенаш тоха мегаш ю терроран тобанашна юкъахь дакъалацарна.

„Сан хьоме йижарий, хIара дешнаш шуьга ду, хIунда аьлча, боьрша нах бу бохучаьрга хIуммаъ дийцар эрна ду. Йижарий, схьабелла шайн бIаьргаш, мукIарло де, шаьш нах йоцучу хIумнашца дехаш хиларна, мелхо а, стешхачу кIезешца, мажош лелочу гламуречу мунепакъашца, массо а кепара сектхошца шаьш дехаш хиларна.

Хьоме йижарий, схьалацийша шай майрош марош тIера, схьабахкабейша уьш Бусулба Пачхьалкъе хиджра дан. Ткъа нагахь санна уьш дуьхьал бовлахь, дитийна шаьш цаьрга, цаьрга шу нах дац а алий. ТIаккха шаьш, уллохь махьрам воцуш, схьадуьйла кхуза тхо долче.

СубхьаналлахI, кIелхьара даккха шайн сий, кIелхьара даккха шайн дин!“ - хIара дешнаш яздинарг ву Васильев Антон цIе йолу, ша шех муджахIед а, Бусулба Пачхьалкхан бIаьхо а олуш волу стаг. Схьахетарехь, дукха хан йоцуш им дилина оьрси волчух тера ду иза.

Цу шен йозанашкахь, интернет маша мел ю дуккхаъ кегирхоша баккхийберца а, дозаллаш дарца вовшашлахь дIасадаржош долчу, хаддаза сийсаз беш бу карарчу хенахь Шемахь я Иракъехь ИЗИС цIарца тIом ца беш болу бусулбанаш. Зударшка шайн хIусамдай а, доьзалш а охьа а тийсий, хиджра е, боху цуо.

Ткъа кегирхошка, тIаьхьабисина ког хьалха а боккхуш, Шема я, Иракъе а дIакъача. Шаьш цигахь доккхучу гIазотах „пхи седа болу джихад“ олу цуо, шаьш пхи седа болчу хьешийн цIеношкахь санна цигахь дика Iаш ду бохург билгалдоккхуш, ткъа кест-кеста шен йозанашкахь бийцаре бо иштта шаьш йийсаре бина болу, шаьш шайна хьанал беш болу зударий а.

Схьахетарехь, цуо кепарчу „пхи седа болчу джихадах“ а, цигахь шортонехь болчу лай-зударех а, цара „наложницаш“ олуш болчу, ткъа иштта интернетехь цара даржош долу долларех йоьттинчу петаршкахь шайн даьхна долу сарташ а хила мега кегирхойн цхьана декъана Шема марзйеш дерг.

Важа дакъа боккъал а бусулба динах йолчу риторикех тешаъ теший, шаьш Делан новкъа арабовлу моьттуш, боьлхучух тера ду Шема, я тIаьхарчу хенахь Иракъа агIор. Мухха делахь а, дела денца бохург санна алсам долуш ду цу цIий Iеначу Гергарчу Малхбале оьхучу я баха кечбеллачу кегийхойн терахь.

Масех кIира хьалха Шема баха новкъа бевллачу нохчийн йоккха тоба лацаро эккхийтина гIовгIа мегарг йижа а кхиале, кхин цхьа коста даьржина Австрехь – меттигерачу Гмунд олучу кIоштахь кхIин цхьаъ нохчо лаьцна, Шемахь тIамехь а хилла, юха а вирзина, жимма хан Австрехь садоIуш а яьккхина, кхин цкъа а цига дIаваха Iалашо кхобуш хилла волу, бохуш.

Иза лаьцначу Лахарчу Австрерачу „Конституци ларйаран хьукмат“ цIе йолчу къай лахчу сервисан векалша журналисташка бинчу хаамца, 20I3-чу шарахь и 29 шо долу жимстаг Шемахь тIамехь дакъалоцуш хилла. Цул тIаьхьа шена дарба дан Австре веанчара цуо политикан тховкIело ехна хилла, ткъа шена дацаран жоп делча, кхин цкъа а апелляци а йина хила цуо. ХIинца кестлагIа, Iедалхоша чIагIдарехь, иза кхин цкъа Шема ваха новкъавала кечлуш а хилла.

ХIун ду те Австрерачу вайнахах кхеттарг, царна цу генарчу Гергарчу Малхбалера тIом сел марзабеш? Боккъал а къаьстина Австрера вайнах бу те массарел а алсамох цига оьхуш берш? Я, мелхо а, цхьана политикан ловзарийн закъалташ бу те и нах? Венерачу нохчийн диаспорин векалша чIагIдарехь, Шема а, Иракъе а тIаме оьхучийн бала Австрехь, кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь ма-хиллара, боккха бу.

Венехь вехачу нохчийн жигархочуо Исханов Хьусейна дийцарехь, хIокху цхьана тобанера я вукху билгалчу социалан хьолера кегирхой къаьстина кхерамехь бу цу радикалан хьежамаша шаьш лацарна аьлла ала йиш ца хиларо кхин а чолхечу доккха и гIуллакх. ХIунда аьлча, дешнарш а, дешна боцурш а, кегийра а, гIеметта хIоьттина а, - дукха тайп-тайпана адамаш ду цу глобалан джихадан ойланашкахь бирзинчарна юккъехь.

Дуккъаъчу нехан хеттарш кхоллало, нохчийн а, кхечу къаьмнех болу а кегирхой Шема, я кхечанхьа гIазотехь дакъалоца оьхуш хилар шаьшна хуушехь, меттигерачу Iедалхоша хIунда лов иза новкъарло а ца еш, бохург. Цхьаболчара, гуттар а массо а хIуманна тIехьа лаьтташ къайлахчу сервисийн лергаш гуш болчара, „уьш-м кхера Iедалша шаьш лоьлуйтуш бара, церан белхахой хир бара уьш-м“ а олу.

Амма Австрера бакъо Оьрсийчуьрчунах тера яц, Iедало хIара аьлла шайн карахь тоьшаллаш ца хилча, стаг кхеле озон йиш яц, озийча а, иза бакъвина цIавахийта дезар ду цуьнан. Иштта ду Шема оьхучеран хьал а. Кхеташ делахь а Iедалхошна, и нах цигахь тIамехь хиллийла, амма дукхахьолехь Туркойн махкахула лелаш болу, уьш шаьш садоIа бахнера туркойн хIорда йисте аьлча, дан хIума ца хуьлу церан.

Цу юкъана Шема баха новкъа бевллачуьра лийцинчу вайнахах виъ карарчу хенахь набахтехь ву, шайна тIехь кхел хиларе ладоьгIуш. Вуьш кхел хиллалца цIахь Iен бакъо а елла, арахецна. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министро Микл - Лайтнерс динчу дIахьедарца, нагахь санна и нах вовшашца барт а бина, тобанца Шема баха гIерташ хилла хилар Iедало тIечIагIдахь а, царна террорхой тоба вовшахтохарна а, хийрачу махкахь тIамехь дакъалацарна а иттех шераш хенаш тоха йиш ю, массаьргара а политикан я гуманитаран тховкIелон статусаш а дIайохур ю. Ткъа и бохург ду, уьш Оьрсийчуьрчу Iедалшка дIабала сахьт дац бохург.

XS
SM
MD
LG