ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн къа далхийра Венехь


Австри --Нохчийн протестан гуламехь
Австри --Нохчийн протестан гуламехь

Европерчу шахьаршкахь дагалоцуш ду 20 шо хьалха Оьрсийчоьно Нохчийчохь тIом болор. И тIом бийцаре бечу цхьаьнакхерашлахь къаьсташ яра Венехь дIаяхьана пресс-конференци. Цигахь дакъалоцуш бара Австрин парламентан депутаташ а, бевзаш болу цу махкара историн Iилманчаш а, дуьненан юкъараллийн векалш а.

Венера Конкордия цIе йолу пресс-клуб Австрехь уггаре а тIеIаткъамечарех журналистийн кхерч ларалуш ю. Кхузахь юкъараллийца а, журналисташца а цхьаьнакхерш дIахьо бевзаш болчу меттигерчу а, дуьненаюкъарчу а политикаш а, Iилманчаш а, адамийн бакъонашларйархоша а. Хуьлу царна юккъехь пачхьалкхийн куьйгалхой а, исбаьхьаллехь гIарбевлла нах а. Ткъа шинарий суьйранна Конкордия пресс-клубехь йийцаре йинарг Нохчийчоь яра. Аьлча а, 20 шо хьалха дIаболабелла тIом а, цу тIеман тIаьхьалонаш а.

Венерчу Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахочу Чапханов Руслана вовшахтоьхначу пресс-конференцин декъашхой цIеяххана болу Австрин политикаш а, историн, социологин а Iилманчаш а, Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин векалш а бара. Австрин арахьарчу гIуллакхийн министр волу Курц Себастьян а вара цига вогIур ву аьлла дош делла, делахь а тIаьххьарчу мIаьргонехь белхан сихалла бахьана долуш, халахеташ делахь а, аьтто ца баьллера цуьнан.

Амма Австрин парламентан депутат волу, цу махкахь уггаре а вевзачех политик волу Пилц Петер веънера. Дуккхаъчу шерашкахь Австрин а, Оьрсийчоьнан а къайлахчу сервисийн вовшашца белхаш бар, дагадийлар а, къайлаха информацеш цара вовшашца йоькъуш хилар а толлуш хилла волчу Пилцана дика девза Нохчийчуьра хьал.

Масех шо хьалха Венехь Исраилов Iумар цIе йолу жимстаг Оьрсийчоьнан Iедалшна муьтIахьчу зуламхоша вийча, цуо хIетахь лерина парламентан талламаш а, ладогIарш а дIадаьхьира, и бохам хиларехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хьукматхойн бехк мел бу а, церан Австрерчу Оьрсийчоьнан векалтица цу хьокъехь хIун тайпа уьйраш хилла а бохург къасторхьама. Ткъа и уьйраш вуно гергарниш хилла хилар гучу а делиар цунна.

Масала, Австрерчу Iедалхоша цу махкахь тховкIело йоьхучу мухIажарех йолу информаци оьрсийн къайлахчу сервисашка дIалуш хилла хилар. Ша Пилц Петера иштта дийцира цунах лаьцна.

Пилц: „Тхан талламаш дIаболабалле цхьа шо хьалха Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин кхерчахь къайлаха шен бюро а йолуш, болх беш оьрсийн ФСБ цIе йолу кхайлаха сервис хилар гучуделира тхуна. И бюро, цхьанна а низамца йогIуш йоцуш, иллегала йолу, арахьара тIеIаткъам бахьана долуш бен дIа а ца къевлинера цара. Иштта тхуна гучуделира, Венехь а, Венин йистошкахь а, Грацехь а, Линцехь а вуно дукха оьрсийн шпионаш хилар, нохчийн мухIажаршна тIехь тергам латтор бен кхин беш болх а боцуш. Церан терахь тхоьга билгал ца даккхаделира“.

Пресс-конференцехь дакъалоцуш вара иштта Венерчу университетан политологин факултетан профессор волу Найнрих ХIанс-Георг. Хьалхара тIом болчу муьрехь Европехь Цхьаьнаболхбаран а, кхерамазаллин а юкъараллин белхахочу санна хийлаза Нохчийчохь хилла а, тIом боьдуш а, иза эххар а машарах болу барт тIечIагIабарца чекхболуш а тергалбина волчу цуо дийцира, хIетахь Европехь Цхьаьнаболхбаран а, кхерамазаллин а юкъаралло, я вуьшта аьлча ОБСЕно Нохчийчоьнний, Оьрсийчоьнний юккъехь барт хилийтархьама яьхначу гIулчех лаьцна.

Вевзаш волчу австрихойн политологин Iилманчас а, ислам дин довзарахочуо а Шмидингер Томаса дийцира, Австрехь бехачу нохчийн кхиаран а, диаспора а, меттигерчу юкъараллин цхьа дакъа а хилла дIахIоттаран а халонех лаьцна. Европерчу бусулба кегирхойн радикализаци толлуш волчу цуо билгалдаьккхира, доккхачу декъехь Шема а, Иракъе а тIаме оьхуш болу нохчийн кегирхой шаьш Австрехь хийра а, цхьанна а ца оьшуш а хетаро тотту радикалхойн мара, бохуш.

Амма уьш шаьш Нохчийчохь тIом гина а, баланаш лайна а хиларо а, ткъа цу шаьш лайначух могуш-маьрша кIелхьарабовлархьама царна цхьанна а тайпана дина синойн дарбанаш ца хиларо а, шаьшна хIетахь хилла йолу синойн чевнаш цара шайца хIинца а лелош хиларо а марзбо царна радикалхойн хьежамаш, элира цуо.

Пресс-конференцехь дакъалоцуш вара иштта дуккхаъчу шерашкахь нохчийн мухажаршца болх беш волу хьехархо а, теологин Iилманча а Каммерер Вольфганг а. Ткъа ладогIа баьхкинчарна юккъехь – дуккхаъ меттигера журналисташ а, могIарера австрихой а, ткъа иштта Венерчу нохчийн диаспорин жигархой а.

Декъашхойн рапорташ чекхдевллачул тIаьхьа хьешийн хеттаршна жоьпаш а луш, дискусси дIаяьхьира. Ткъа цхьаьна нохчийн зудчо, пресс-конференце ладогIа еанчу, чакхенехь аьлла долу дешнаш цу суьйренан жамI деш санна, массеран а дагахь кхеташ а, кхетамехь дуьссур долуш а хилира.

Нохчийн зуда: „Тхо кхузахь мел кIезга а 26 эзар стаг ву. Царех Шема тIаме бахнарш 60 герга велахь, тIаккха уьш Австрерчу нохчийн 0, 2 процент а ца хуьлу. ХIетте а массо а хаамийн гIирсашкахь кхин дуьйцуш хIума дац, нохчийн джихадхой боцург. Амма кху Австрехь вуно дукха ма бу нохчий, дика интеграци а йина, мотт Iамийна, доьшуш а болуш, белхаш беш а болуш.

Хаза масалаш ма ду тхан шорта гайта. Уьш ма ца хьахадо цхьаммо а цкъа а. ХIунда? Цхьа кица ду: ирс долуш ду къам, нагахь цуьнан истори сингаттаме елахь, еша карах а ца долуш. Боккъал а дехар дара сан, тхан къоман истори из йолчул а кхин интересе ян ма гIертахьара хаамийн гIирсаш а, политикаш“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG