ТIекхочийла долу линкаш

Австрехь масех гIовгIане зулам дина нохчаша


Австри -- З. Мохьмад кхелан хIусамехь, 23Дечк2015

Австри -- З. Мохьмад кхелан хIусамехь, 23Дечк2015

Австрерчу нохчийн, овхIанхойн кегийрхошна юкъахь латар хилла иттех де делахь, амма церан йилбазмохьа хIинца а тенза бу. Интернетехь а, ватсаппехула а маьI-маьIIерчу меттигашкара кегирхоша, кар-кара а оьцуш, дуьйцуш ду цигахь хилларг, кхеташ ма-хиллара, цхьаболчу кхетам боцучара кегирхойн синхIоттамаш ира-кара а хIиттош, овхIанхошна декха дезий, массо а горвахийта везий, дита мегар даций боху питане кхайкхамашца.

Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан куьйгалхочунна Мусаитов Шайхина кхеташ ду и тайпа кхайкхамаш мел кхераме а, зуламе а бу бохург. Цуо дуьйцу и дов дIадирзина цигахь хилларг могIарерчу кегирхошна юкъаехь хилла Iоттабаккхам бара бохуш.

Мусаитов Шайхи: „Цигахь кегирхой вовшахлеттера. Урс тоьхна чевнаш йина меттиг а бара цигахь. Цигахь бехачу баккхийраха болчу вайнаха юккъе а бевлла, дIадерзийна иза. Тхоьга цара хаам бинера, цига даха Iалашо йолуш а дара, амма цкъачуьнна цигахь цхьа а ваха оьшуш хIуммаъ дац, дерриге дIадирзина аьлла цара бина хаам бу“.

Нагахь санна овхIанхошца, я кхурдошца, я туркошца, я Iарбошца Европехь бехачу нохчийн кегирхойн девнаш лелхарх тоххарехь цхьа а цецволуш вацахь, вуно тамашийна зулам хилла кху деношкахь гIеметта хIоьттинчу вайн махкахошна юккъехь. Зальбург гIалина уллохь вехачу цхьана 50 сов шо долчу нохчочуо герз диттина шен нийсархо вийна. И зулам, дийцарехь, цхьа пайда боцучу девна тIехула нисделла. Зальцбургехь хилларг толлуш а, и дов дерзош декъа хиллачу Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан куьйгалхочуо Мусаитов Шайхис дуьйцу.

Мусаитов Шайхи: 50 шераш долу ши стаг ву и шиъ. Схьадийцарехь, церан цхьа машен бахьана долуш дов даьлла хилла. Цигахь тIаккха вовшашна муьшканаш йиначух тера ду цара. ТIаккха цхьаммо вукхунна герз диттина, иза вийна. И герз диттинарг АтагIара цIера а волуш ву, дийцарехь, Советийн хенахь ОвхIанехь эскарехь а хилла, жимма галваьлла стаг волчух тера ду иза. Iедало дIалаьцна чувоьллина ву иза. Цу шинна а стеган кIентий бу, цаьрга бехк боцучаьргара чIира ца эцийта, оха уьш куьйге а бахийтина, куьг бехке воцург маьрша витийтина. Куьг бехке верг набахтехь ву“.

ХIун бахьана ду-те, Европехь уггаре а йоккхах йолу нохчийн диаспора ехачу Австрехь вайнехан цIе сел дастамчу кепара юкъараллехь кест-кеста екаш хиларан? МогIарера криминалан зуламаш а, радикалан исламхоша кегирхошна юккъехь еш йолу пропаганда а, цу пропагандех Iеха а луш, хийрачу мехкашка тIаме эхар а, хIусамдай зударех летар а, дай-наноша берашна еттар – иштта дIа кхин а маьттаза мел долу хIумнаш цхьаьнадузу Австрехь нохчи бохучу дашца тIаьхьарчу шина-кхаа шарахь. Мусаитов Шайхина хетарехь, иза цхьана агIор вайнах чехка хиларца а, вукху агIор цара лайна болу тIеман баланаш царна бинчу тIеIаткъамца а доьзна хила мега.

Мусаитов Шайхи:​ „Вай дукха а ду кхузахь, 36 эзар сов стаг ву бохуш дуьйцу. Ткъа вукху агIор, вай дукха хIумнаш лайна кху тIаьхьарчу 20 шарахь. И деррине а Iаткъа а Iаьткъина, цхьа дера а, агрессиве а ду вай. Дош дашера долушехь лата чукхоссавала а, тоха а, Iотта а кийча ду вай. Вай цу хIуманна къера хила деза. Вай ваьш иштта дац бахарх гIуллакх ма ца хуьлий. Дерг ду а аьлла, и хIума вайцара дIадаккха некъаш вай ца лехча“.

И хьал хийца гIерташ тIаьхьарчу хенахь Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташоно цхьа могIа гIулчаш яьхна бохуш дуьйцу цу Кхеташонан куьйгалхо волчу Мусаитовс. Иштта цул совнаха, Австрехь кест-кеста схьадоьллуш керла-керла нохчийн маьждигаш хиларо а вайнехан иман а, къинхетам а алсамдаккхаре сатуьйсу ша бохуш дуьйцу цуо.

Мусаитов Шайхи: „Селхана Грацехь схьадиллина цхьа маьждиг. Линцехь а, Венехь а ду иштта хьастагIа схьадиллина маьждигаш. Венехь кхин а ду цхьаъ кеста тодина цхьаделла дезаш. Цу маьждигашкахь хаза хьехамаш а беш, кхечу меттигашкахь а кегирхошца цхьаьнакхетарш а деш, цаьрца кхетам-кхиоран белхаш а беш, хIума дича, цхьа жамIа хир ду аьлла хета суна. Вай вешан дахар хаза кхузахь дIанисдича, и вайца йолу дералла а дIаер яц те аьлла сатуьйсу ас. И дахар жим-жима дIанислуш а ду вайн. Берийн бошмаш ю схьайоьлуш, ишкол а ю елла кечйина. Шиъ нохчийн ресторан а ю“.

Мусаитов Шайхис ма-аллара, хIинцале а хIора аьлча санна яккхийчу австрихойн гIалахь нохчаша дехкина маьждигаш ду. Цхьаццайолчу меттигашкахь-м, Венехь санна, уьш масийта а ду. Бакъду, цу маьждигийн имамаш а, цига оьхурш а, кхин дIа йолу нохчийн юкъаралла санна, вовшашца шеконаш кхобуш а, вовшийн иманашна мехаш хедош а хуьлу дукхахьолехь. Кхин цхьа хIума а хета тамашийна – Австрехь нохчийн маьждигийн терахь алсамдолуш ду. Амма иштта алсамдолуш цу Австрехь нохчаша лелочу зуламийн терахь а.

XS
SM
MD
LG