ТIекхочийла долу линкаш

Мусаев Мурадехьа митинг ца хlоттаяйтина Нохчийчура lедалша


Russia -- Murad Musaev (Musayev), lawyer, 08Sep2009, человек имеет право

Russia -- Murad Musaev (Musayev), lawyer, 08Sep2009, человек имеет право

Мусаев Мурадан гIортор яран митинг дIа ца яхьна, Соьлжа-гIалахь кхоллаеллачу цунна гIо-накъосталлийн тобано. И шай Iалашо юхаяьккхина, мехка куьйгалхочо цу тайпа акцешца хIумма а далура дац аьлла дIахьедар дича. Ткъа, махкахь дуккха а нах бу, нохчийн адвокатан гIорторан дешнаш ала лууш, амма, шайна хетарг дIа муха довзийта деза ца хууш бу уьш.


Мусаев Мурадан тIехуттуш дIахьедарш дан долийра, Нохчийчуьрчу Iедалхоша, цунна гонахь яьллачу гIовгIанах Кадыров Рамзана, шен хетарг аьлчулла тIаьхьа. Шен зорбан-сервисан болх, цхьа терра бечу «Инстаграм» чохь цо яздинера, митингашца а, кхийолчу доьхьалонан акцешца нислура дац и гIуллакх, цундела, уьш оьшуш яц аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхира, ша тешаш ву, низам а, бакъо тулург хиларна.

Ши де хьалха, митинг дIаяхьа гIоьртира Соьлжа-гIалахь, амма, иза дукха жима а яра- ткъех стаган гуламах тера бен яцара. Йоккха митинг дIакхайхкина яра, оршотденна. Соьлжа-гIалахь, коьртачу маьждиган уллехь нах гулбан Iалашо яра, Мусаев Мурадан гIорторан тобанна, амма, и акци дIа ца яхьара. Дехкар санна тIелецира, мехка куьйгалхочо интернетехь яздинарг.

Халкъан лаам, магош далахь а, дацахь а, дIабовзийта безара, хIора стаг ара а ваьлла, аьлла хеташ бу, дуккха а нах. Бакъонашларъярхочо Межидова Зайнапа бахарехь, хетта а ца хоьттуш, арабовла безаш бара.

Межидова Зайнап: «Вай ши лерг таIIийна Iад Iаш ду. Оццула яхь йолу Нохчийчохь наггахь бен воцу и стаг куьйгаш тIе а виллина лело везаш ма вара. ХIинца, со цхьа ког каша а бахан йоккха стаг ю со, амма, цунна тIе а хоьттина яла кийча ю со. Вай цхьангера а бакъо еха оьшуш а дацара. Массо а адам гIатта а гIаьттина дIахотта дезаш дара».

Iедалхошна санна, бахархошна а лууш ду, адвокатан Мусаев Мурадан гонахь лелочу харцонах шайна хетарг ала, боху Соьлжа-гIалара яхархочо Таисас. ХIунда ца луш ю нахана и бакъо, бохуш оьгIазе яра къамел деш яра иза.

Таиса: «Шаьш Мурадан тIехуттуш ду боху, митингаш оьшуш яц а боху. Ткъа, сунна хетарг, муха дIакхочура ду? Ас айса ца аьлча, сайн хеташ дерг. Суна уггаре а лаккхара нохчийн къонах ма хета иза. Хьалха Iабдул вар вай, хIинца Мурад ву. Иза хIун адам ду гуш ду-кх вайна».

Нохчийчуьрчу Iедалша, Мусаев Мурадах хIуъа алахь а, Москохано хьаькхинчу зиллала тIехдала хIуттура долуш дац аьлла, хета шена бохуш кхин дIа а дуьйцу юккъаралхочо Таисас.

Таиса: «Вай Iедал а, Москохара Iедал а-парти а, Ленин а, санна, шалла вина ши ваша санна хета. Ишшта олура-кх социализм йолчу хенахь. Вай Iедал, Москохалла тIехдала йиш йолуш ма дац. Москохано дIахоттина ма ду иза. Москохано боххуш дерг ца дчиа ца долу иза. Коьртах тай а тесина, хьо лелош хилча. Ас ала деза, сайна хеташ дерг дIа».

ХIинца Нохчийчохь дицлуш долу, къонахчуьнна доьналла а, цулла хьалха нохчолла а ду Мусаев Мурадехь, цундела, шена иза веза хета, бохуш тидам а бо Соьлжа-гIалара яхархочо Таисас.

Таиса: «Цуьнца долу нохчолла, наггахь бен дац Нохчийчохь. Со дог токкха кху дуьненахь лелайо, хIара а ма ву вай нохчи аьлла. Кхечу хIумано сан дог-ойлий вахьтаIадо. Цундела, цхьаммо а , цуьнах хеташ дерг ма ала алар, нийса ца хета».

Маршо радио: «Хьалха тIом болчу хенахь, оьрсийша тIе герзаш детташехь, митингашка ара а бовлуш ма лелар. Ткъа, хIинца нах ара ца бовлар хIун бахьан ду аьлла хета хьуна?»

Таиса: «Нахана хIинца цхьа а хIума бен дIа а ца хетар ду, шен чохь дерг бен. Бала ца хилар ду. Вай лулахь стаг велча а, бен ца хета. Уггаре а хьалха, нохчолла дIадалар ду. Вай нохчийн гIиллакхаша ца хилар ду. Вай нохчий кхерабалар ду. Цхьан оьрсийн бакъонашларъярхочо элира дукха хан йоцуш: «Нохчийн къоман майралла яц» аьлла. Доьналла дац. Вай хила дерг дIадаьлла. Кхоьруш ду. Лай амал чухоьттина вайна. Лай, лай! Автобус чохь йоьдуш, ас цхьа жимма а сайна хетарг аьлча: Ооо, ма дийца, суна уллера вверг хьала а гIоттий дехьволу. Со телхина со хьеръяьлла ю моьттуш. Ткъа, со нохчий ю».

Мусаев Мурадан, гIорторах лаьцна кехаташ тIехь кхайкхамаш бан болийна хIинца, махкахь йолчу бакъонашларъярхойн цхьанатохаралша. КестолгIа шай цIарах кечдийра ду, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кехат. Ткъа, цо мел гIо дийра ду, тIехула харцонан марханаш гуллучу нохчийн адвокатан Мусаев Мурадан, гойтур ду гергарчу замано.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG