ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь велла стаг дIаверзоран тайп-тайпана гIиллакхаш


Нохчийчоь -- стаг дlаволлале кешнашкахь доlанаш до
Нохчийчоь -- стаг дlаволлале кешнашкахь доlанаш до

Бусалба нах бехачу кхечу кIошташца а, пачхьалкхашца-м муххале а юьстича, вайнаха ма-аллара, куй биллал жима ю Нохчийчоь. Делахь а кхузахь, 30-40 чакхарма дехьа-сехьа валар тоаме ду нохчий Iар-дахарехь, ненан мотт биста кхаччалц, яккхий башхаллаш хааяла. ХIумма а кIезиг ца тергалло уьш велла стаг дIаверзош а.


ТIехьа-Мартана кIоштахь, масала, лаьтташ тезет а долуш, даьхний а дойуш сагIанаш доху хьалхарчу дийнахь дуьйна. Кхечанхьа и сагIа даккхар цхьана кIиране дIатотту. Цхьана кIоштехь каш гомхо доккху, я лахьта аьтто агIор доккху. Кхечанхьа каш кIоргоа, лахьта аьрро агIор а доккху… И башхаллаш йийцина ца валлал дукха хилар тIарикъатца дузу, Далла Iамал ярех кIаргбеллачу бусалба наха. Иштачех ву Теркйист кIоштера Джениев Мовла а. Цу тIарикъаташ тIера доладелтра тхойшиннан къамел.

Джениев Мовла:
«Ши тIарикъат ду-кх Нохчийчохь. Къадарийн а,НаIашбанди а. Къадарийн тIарикъатехь болчара Кишин –Хьаьжин муридаш а бу,Iовдин а,Манин а муридаш а бу.Цара мохь туххий дела а хьахош стаг дIаверзаво. ХIокху чохь Сулим-Хьаьжин,Iусман –Хьаьжин а,Дедин а,Бахьа а,Воккхачу Хьаьжин а вирдаш ду. Цара зуькар ца до. Ткъа Хьаьжин мурдаша кхо буьйса а ларъйо зуькар а деш, кхоалгIа буьйса дIайолуш мовлад а доьшуш, сагIа а доккхий дIадерзадо»

Маршо радио: Мовла, стаг дIаверзош, кхузахь тергаллуш йолу башхаллаш, уьш дуккха а ю, тIарикъатца доьзна ду?

Джениев Мовла:
«Дера ду. Тхан вирдехь болчара хьалхарчу буьйсанна дуьйна кхаа буьйсанна сагIа даош меттигаш а нисло. Хьаьжин мурдехь болчу нахах дуьйцуш ду и дакъа дIадоьллина а далале, чорпийн кедаш буу бохуш. Дуккха кху ДегIастанара Iеламнах а болуш хиллачу гуламехь хаттар делира цхьамма шариIато магош ду я дац ишта хIума яар аьлла. Дешначу наха жоп делира магош ду аьлла. Со цу гуламехь хилла ву-кх»

Маршо радио: Мовла таронца доьзна а дац ткъа сагIа даккхар?

Джениев Мовла: «Цу юкъадогIуш цхьа хIума а ду. Нагахь санна шен таро а йоцуш.наха а леладо-кх бохуш.декхаре воьдуш сагIанаш дахар нийса дац, я и сагIа а дац.Шен йолчу таронах таро а йина,веллачу стеган таронца цо сагIа доккхий и цIена а ду ,деза а ду. Боберийн хьакъ диъна волу стаг цIе Iуьйшуш ву аьлла ду бах. Жоьжахатийн цIе Iуьйшуш ву боху и стаг.Цундела таронах доьзна а ду сагIа даккхар.

Маршо радио: Каш даккхар бен-бен стенна нисло?

Джениев Мовла: «Каш массанхьа цхьабосса цадаккхар латта чIогIа хиларх а.цахиларх а гIоьртина а ду.Даима а ши метр барамехь лелош дар-кх каш даккхар. Со-со а и каш доккхуш лелаш ву-кх.»

Маршо радио: Билгалбаьккхина цхьа барам бан а буй каш даккхарехь?Черкасийн юьртахь хилла со масала стаг дIаверзош. Цигахь каш чохь болчара логгалц гуш а болуш, дакъа каш чу а эцна, дIаверзийра стаг…

Джениев Мовла: «Со дешна стаг а вац. Суна дага а догIуш кхузахь зударшна исс чкъор, божаршна бархI чкъор доккхуш ду-кх каш. Барам и бар-кх»

Маршо радио: Вайнаха шайна халонгага-м ца доккху –те стаг дIаверзор? Масала зуькарш деш вовшахтосуш аннаш ду… Чу аннаш муха туху. Ишта дукха лерина кечдо и аннаш…»

Джениев Мовла: «Цунах хаттар а дира цу гуламехь. Юьстах а ваьлла, мукъам а беш зуькар дан мегар дуй аьлла. Магийра Iеламнаха. Аннаш тIехь зуькарш дар а магийра .»

Маршо радио: Стаг валарх цуьнан садалар еза,ницкъала киртиг хиларх ишта дийцира Джениев Мовлас.

Джениев Мовла: «Стаг валар иза Iаламат чIогIа хIума а ду иза, вай кхера оьшуш хIума ду иза. ИбрахIим пайхамар Дела реза хуьлда цунна. Дела чIогIа хьаша а,цунна герга вахна пайхамар а хилла иза.Цуьнан саэцна даьлча Дала цуьнга хаьттина бах и саэцар муха хийтира хьуна аьлла.? И вай хIума тоьгуш болчу механ лергахула чекхваьккхича санна хийтира шена валар аьлла жоп дела цо.Оццул хала ду саэцар».

Маршо радио: Соьца къамел деш волу Теркйист кIоштера хьаьжин мурд Джениев Мовла ткъе итт шо гергга хан ю шена тIаьхьахIоьттина йоккха тоба а йолуш туркх волу. Кхидерг доцуш, ала дашна, кху тIаьххьарчу ткъеха шарчохь, Делан дуьхьа аьлла дина ният а долуш, веллачу стагана каш доккхуш белхаш беш ву иза а, цуьнца кхин пхи-ялх бусалба стаг а. Мовлас ша ма-аллара аьлча и болх беш къанвелла иза а, цуьнан накъостий а.

Тхойшиннан къамел дерзош,Мовлас билгалдаьккхира, веллачу стагна тIаьхьа доккхуш долу сагIа, хIораммо цуьнан а, шен а таронийн хьаьжжина, даккхар йолехь хилар.

Джениев Мовла: «Шен таро йолчу кепара сагIа даккхар сийлахь ду. СагIа даккхар Дела оьгIазло дIайоккхуш хIума ду аьлла ду. Сайн таро елхьара ас-м дойур дара даьхний. ВорхI дийнахь зуькар а дойтур дара. И стаг Деле воьхур вара. Шеен таро йолчу хьолехь,декхарийла а ца воьдуш сагIа даккха дIайоккхуш хIума ду аьлла ду. Сайн таро елхьара ас-м дойур дара даьхний. ВорхI дийнахь зуькар а дойтур дара. И стаг Деле воьхур вара. Шеен таро йолчу хьолехь,декхарийла а ца воьдуш сагIа даккхахь, иза дIакхочур ду.

Маршо радио: Соьца къамел динчу Теркйист кIоштерчу Джениев Мовлас ша тидарехь,Нохчийчохь валар-висар нисделча хаалуш йолу башхаллаш зене а я зуламе а яц. «Мелхо а, бохура цо беркате ю, уьш хилар доцург кхин цакхетар а, вовшех цадашар а ма хилхьара Нохчийчохь къематан шо даллалц».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG