ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХьаьжцIа баха бетталуш бу нохчий


СаIудан Арави - хьаьжой Маккахь
СаIудан Арави - хьаьжой Маккахь

Кхушара 25 эзар меттиг кхачийна СаΙуда Ιаьрбан пачхьалкхан Ιедалша Оьрсийчуьра хьаьждан баха леринчу бусулбанашна. Царех доккхаха дакъа кхочу Дагестанна, Нохчийчоьнна, ГΙалгΙайчоьнна, Идал хица бехачу гΙезалошна а, башкирашна а. Ткъа оцу терахьана юьстаха лаьтташ а ю алссам тобанаш.



ХIинццалц схьа Нохчийчуьра маьхаза ХьаьжцIа вохуьйтуш верг вацара 500 стаг велахь кхин. Кхушара официалехь дIасабаржийначу хаамца, Кадыров цIарахчу фондо шен чоьтах хьаьждан вохуьйтуш ву 3500 стаг. Вуьшта аьлча, махкара кхушара воьдуш волу верриг а бохург санна вахархо маьхаза воьдуш ву.

Динан дайн кхетошонехь и гIуллакх дийцаре дина мехкан куьйгалхочо. «Кхо эзар сов стаг маьхаза ХьаьжцIа вохуьйтуш гIодахьара аьлла, тхо дехаре девлла фондан хьаькаме Кадырова Айманига, цо тхан дехарна, даламукъалахь, жоп а делла». Оцу дIахьедарца хааме ваьлла Кадыров Рамзан.

Мехкан куьйгалхочун гIоьнчано Джовтаханов Адама чIагIдарца, хIинца а дуьйна СаIудан Аравин хьешацIийнашкахь Нохчийчуьра цига гIонболчу хьажошна билгальяьхна ю хIусам-Iойлеш, шайна чохь кхьоьллина мел оьшу хьелаш а долуш. Ткъа ХьаьжцIа йоьдучу хIора тобан коьртехь, Iаьрбийн мотт а хууш, хIун-мила ду а хууш, зеделла стаг хир ву.

ХIора буса а нохчийн телевизионехь, хIара нах кху дийнахь новкъа бовла беза, бохуш, гайта а гойтуш, кхайкхош ю бахархойн цIерш.

Кадыров цIарахчу фондо вайнехан оццул аьтто бинехь а, и бохург дац, шайн лаамехь, цхьаннех а возуш а воцуш, цхьанне декхарийла ваха а ца лууш, деккъа шен, ша хьаннал гулдинчу ахчанах баха луурш Нохчийчохь бац бохург.

И саннарш, гарехь, бIеннашкахь багарбал бацахь а, кIезиг хуьлучух тера дац. Иштачех ву Новр-кIоштара 75 шо долу къано а. Шен цIе йоккхийла а ца лууш, ша бина харжам бовзийтира цо.

«ХIинца ас Соьлжа-гIала а вахана, суна шун чоьтах а ца воьдуш, сайн ахчанах ваха лаьара ХьаьжцIа аьлча, сан иза лартIа хир дац. Со Кадыровн фондана инкарло йийриг хир ву. Сайн лаам цаьрга шайна ма тов ца тидийта а, царна хьалхахь декхарийла ца хила а, эцца Нальчике а вахана, ас сайн цига ваха бакъо яьккхина-кх. Соьца кхин а шиъ ву тхан кIоштара». Ишта къамел дира Новр- кIоштарчу вахархочо ша ХьаьжцIа ваха хаьржинчу некъах.
XS
SM
MD
LG