ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура шалха дахар ла ца ло нохчийн берашка


Нохчийчоь -- Соьлж-гlаларчу школан пена тlе тоьхна сурта тlехь КАдыров ву нохчийн берашца, 07Ман2010

Нохчийчоь -- Соьлж-гlаларчу школан пена тlе тоьхна сурта тlехь КАдыров ву нохчийн берашца, 07Ман2010

Къелла, вуо цамгарш, боцу белхаш, ледара некъаш дицдеш проблема ю Нохчийчохь – кегий берашца а, кхиазхошца а йоьзна. Цхьана агIора, напха даккха арадевллачу дас-нанас тесна дитина бераш, шаьш шайн лаамехь ду дийно сарралц. Вукху агIора, го баьккхина бехкамаш бу. КхоалгIа, царна хьалха бакъдолу масала дац. Экаме дегнаш долчу берийн коьрта чохь хIун ду, хьанна хаьа?

Нохчийн кегирхой, Оьрсийчохь бехачу шайн нийсархойх, леларца-дахарца, йоккха башхаллаш йолуш бац. Изза, баланаш а, сингаттамаш а, сатийсамаш а лаьтта, дахаран новкъа бовлучу царна хьалха. Амма, къоман гIиллакхаша а, динан дехкарша а хIоттийначу гурана чуьра бовла йиш яц церан. Цу бахьанца хир ду, махкахь дIа ца иэр, дерриге а дуьненахь кхиазхоша юьхьарлаьцна йолу субкультура: готаш а, эмо а.

Цхьана юкъана буьйлабеллерра, бакъдерг дийцича, цара санна духар а духий, Iаьржа а, я къеггина басарш дой месаш а йолу бераш. Уьш дукха сиха метта балийра Iедалша Iаткъам а бина. Меттигерачу КВНан тобано а гойтуш яра цхьа беламе кийсак. Гот а, ян эмо схьа а лоций, туьма делча, хьаьнга а царна йоьттуьйтура цхьана стага.

ХIокху деношкахь, Роспотребнадзора, бинчу хаамашца, кегирхоша шаьш шайна тIе куьг дIахьарца, Оьрсийчоь, Европехь хаьлхарчу меттехь лаьтташ ю аьлла. Оцу хIуманна, бехканна доккхох долу дакъа хета, оцу урхаллерачу говзанчашна, тахана кегирхой, муьлхачу, вуо хIума Iамочу хьостанашна, интернетехула тIекхача аьтто хилар. Цу тIера оьцу боху цара, шаьш шайна хIорам муха бан беза а, хIун молх мелла вала веза а , ишшта кхин дIа а, Дала ца магийна долу а , Iедалша а, юккъаралло а емал деш долу кIоршме хIумш.

Нохчийчоь - нохчийн зуда ю шен шина бераца, тlамо йохийначу петар чохь, Соьлж-гlала, 21Гез2007

Нохчийчоь - нохчийн зуда ю шен шина бераца, тlамо йохийначу петар чохь, Соьлж-гlала, 21Гез2007

Нохчийчохь тахханалаца, кегирхойн синтIамкъаман могашаллийн терго еш яцара, кхоччучу барамехь. ХIинца, массу а маьIIера, царна хьехамаш бу беш, уьш нийсачу новкъа бахархьам. Дукхачу хьолехь уьш хуьлу, кегирхой, хьаннашкахь болчу тIемалойн буоламах дIа ца кхетийтар. Ткъа, хIокху тIаьххьарчу 5-6 шарахь, хиллачо билгаладоккху, Нохчийчуьрчу кегирхойн синтIаткъаман могашалла, дукха чIогIа лерринчу тергоне эца езаш хилар.

Баккхийчара бохург царна дIакхочуш дацахь, уьш кхеттачу кепара дан деза хьехар, аьлла хета, ша а психолог волчу Хаджимурадов Ислама.

Хаджимурадов Ислам: «И санна долу хIумш хуьлуш ду бохуш, Оьрсийчохь гойтуш а , дуьйцуш а ду. Кхуза Нохчийчохь а нисделла цу тайпаниг. И санна долу хIум деш хилча, вайна сигнал ю кегирхойн синIаткъаман могашал дика ца хилар. Царна дIакхочуш хира дац-кх вай дуьйцург. ХIунда аьлча, и санна хIума дечу стаган, иза ца хилийта, массу а хенахь дийца дезаш ду.»

Стохка а, хилира мел лаххара, кегирхоша шаьш шайна тIе куьг дахьар. Цхьаберш бала а белла, кхинберш дийна а бисна. Гуьмсехь цхьана дийнахь, кхиазхо кIант а, йоI а, деллера. ЙоI ирах оллаеллера неIаран тIеман тIехь, ткъа, кIанта, кешнийн керта а вахана, ша шена тапча тоьхнера. И ши кхиазхо вовшах доьвзаш а ца хилла.

Шаьш шайна тIе куьг дахьар-доьзалехь боцу барт а, къепе а хилла.
Стохка, гуьйренна а, Соьлжа-гIалахь еха ши йиша а гIоьртинера молханаш а мелла яла. Цхьаъ, еллера, важа-йокхахъерг дийна йисира. Цу шиммо иза дар бахьанаш, къастонза дисина.

Психолог волчу Хаджимурадов Исламан, цхьа а шеко йоцуш, кзиазхоша, шайна тIе куьг дахьарна бахьан хууш ду. ТIеман тIаьхьалонаш ю уьш, элира цо.

Хаджимурадов Ислам: «Бахьана - тIамо бина Iаткъам бу аьлла хета суна. ТIом дIабаьлла дикка хан ялахь а, и жима бера хIинца доккха хилла. Царна тIехь хаало лайна болу бала. Хан мел йолу гучудолу и хIумш, могашална тIехь».

Кегирхойн синIаткъъаман могашалла дика ца хилча а бехк бац, царна масалл хила безаш болу баккхийберш а, дIоггара нийсачу новкъахь ца хилча. Интернетехь, кхиазхошна зе долуш ду, аьлла Орсийчоьнан Роспотребнадзоро дIахьедар дар, цхьаболчу тергамхоша иза дузу, и маша майда, Iедалан куьйга кIела лаца лаарна. Амма, иза кхечу материалан тема ю.
XS
SM
MD
LG