ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Контртерроран метта "нохчийн КТО-н" раж хIоьттина Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Лаьмнашкахь дIахьош ю леррина операци, Заз2013
Нохчийчоь -- Лаьмнашкахь дIахьош ю леррина операци, Заз2013

Нохчийчохь даздина Нохчийчохь контртерран операцин раж дIаяьккхина 4 шо кхачар. Бахархоша дийцарехь, и бахьана долуш дIабаьлла Оьрсийчоьнан эскаран блок-посташкара схьаболуш хилла болу кхерам. Амма кхоччуш баланех тахана а ца бевлла нохчий.

Терроран доьхьала операци дIахьош йолу зона, оьрсийн маттахь КТО а олура цуьнах, дIаяьккхина 4 шо кхачар, даккхийчу даздаршца билгаладоккхуш ду Нохчийчохь. Цуьнца боьзна болу коьрта хиламаш, дIахьош бу, Соьлжа-гIалахь а, кхечу кIошташкахь а.

Суьйре хиллалц, гIала юккъахь дIахиттинчу майданашкахь, дIаяхьара концерташ а, ловзаргаш а. Машаран де аьлла цIе тиллинчу цу дийне, ца боьвлачеран синошна леррина, мовлад йийшира Соьлжа-гIаларчу маьждиган хьалхахь. Нохчийчуьра бахархой, декъалбира, цхьа моггIа Iедалан даржхоша а, юккъаралхоша а, бакъонашларъярхойн тIегIан тIехь къахьоьгучара а.

Массара а билгалдоккхуш дерг ду, оцу дийне тIехкачале, наха лайна болу баланаш мел къиза бара аьлла.

Бахархоша шаьш а дуьйцу иза. Тахана и тIеман чIагIам дIабаьккхина хилар, боккха кхиам бу, аьлла билгаладаьккхира Ислам цIе йолчу Соьлжа-гIалара вахархочо.

Ислам: « Кхин хIума дацахь а, новкъа дIаваха а, ван а, гергарло лело а, хьошалгIа ваха а йиша ю. Чуьра араваьлча, блок-постехь хIун хира ду а ца хууш, юха чу кхогчура дуй-даций а ца хууш лелаш дацара вай? И КТО дIаяьккхичнула тIаьхьа, дас-нанас араваьллачу шен доьхаьлхочуьнна са ца гаттадар-иза бу-кх боккха туолам».

ТIеман жигаралла Нохчийчохь йолчу хенахь, стаг вен а, ваккха а цхьа а новкъарло йоцуш дара. Герз карахь дерг чалтачийн амале вирзинера, цхьанна а тайпа шеца адамалла а йоцуш. ХIета, хилла зама дагайоуьйту «Ненан орц» цIе йолчу цхьанатохараллийн куьйгалхочо Межидова Зайнапа.

Межидова Зайнап: «КТО дIаяьккхитна дика ду. Аадамаш чIогIа балехь дара. Амма, вайна тIехь латтийнарг диц а дина вай Iад Iар, из ала ца ло соьга. Сийсара телехьожийлехь цхьана воккхачу стага дуьйцуш, дагадеара суна 2002 шарахь, АтагIара машенца схьавогIучу ялх кIантана тIехула БТР а яьккхина, уьш бага бинера.

Уьш Камаз машена тIе а бихкина, Соьлжа-гIала Iедалан цIийна хьалха баьхкинера нах. Оцу кертара, Iедалера цхьа дегIа ца деара царна тIе. Дагийна декъий, чIап йина машенний дара цигахь. Иза дагадеънера суна».

Хьалха хилла болу баланаш хIинца бац нахехь, амма, цуьнан метан кхинберш бу, аьлла тидам бо, Руслан цIе йолчу Соьлжа-гIаларчу вахархочо.

Руслан: «Соьга хаьттича, дуккха а хIумш хийцаделла. Хийцамаш а гуш бу. ГIала а тайина хьалагIотти. Наха тахана дуьйцуш дац, стаг вийна а, хотташ хаькхичину БТРшца иза дIалаьцна а. ХIинца кхин баланаш бу цаьргахь.

Ял дIаяларца а, газах а , тоьках а ахча дIадаларца а, гIишло даян езарца а. Экономикан тIегIан тIехь бу и баланаш. Кхиъ бархI шо хаьлха и КТО дIаяьккхинехьарий, гуттара дика Iаш хира дара вай».

Кхин баланаш тахана Нохчийчохь бехачу нахана хьалхахь лаьтташ хилар даре до бакъонашларъярхочо Межидова Зайнапа а.

Межидова Зайнап: «Лелийна йолу къизалла дIаяьккхина вайна тIера. ХIинца нохчаша тIехь латтош йолу къизалла маца йоккхура юб теша? Беллачу нахана газах ахчанаш ду тIе яздина. 5 шо ду, шен кIант велла нана, сан цхьанатуохараллехь болх беш а яра иза.

И йолчу баьхкина хилла, шаьш набахте чувуллура ву кIант ахча схьа ца лахь аьлла. Кешнашка а гIой чуволла аьллера цо цаьрга. Боьха нах хилла вай. Аадамш дуу нах хира баьхна йолу зама схьаеана вайна. Дала иман чу дала дойлда вай».

КТО а, терроран додьхьала операции дIахьош йолу зона ерриге а Нохчийчохь дIаяьккхина хилар доккха маьIне хIума лоруш далахь а , иза цхьанна а кепара оьшуш юккъе яьккхина хIума дацара аьлла хета Руслан цIе йолчу вахархочуьнна. Ишшта чIагIам бинчу меттехь, хууш ма хиллара, маьрша нахана Iаткъам бар бен, кхин хIума ца дора эскархоша, аьлла тидам бира цо.

Руслан: «Нохчий во болуш а , ян уьш во лелаш болуш а юккъе яьккхина КТТО а яцара иза. Мосокхара политикаша, шайна тIом бан дагдеъча, нах хIаллак а бина, шаьш цуьнах схьаоьцу пайда эцна боьвлча, иза дIа а яьккхи цара. Оьрсийн маттахь олуш цхьа хIумиа ду «война все спишет».Изза хIуманаш лела дора. ХIинца лело йиша яц иза. Алхьамдулилла иза дIаяьккхина».

Махкахь тахана паргIато дIахоттар, иза Оьрсийчоьно нохчашца даиманна дIаяхьош хилла йолу политика ю. Цхьа бIе ах бIе шо ца кхоччуш хьалха а, ишшта луьра къизалш а еш, бахархошцаний иттанаш яьрташ а ягош, тIом дIабаьхьча, цул тIехь, кIад а лой, нийса бIостнехь хийца деллера паччахьан Iедал. ХIинца а изза хьал ду. Оцу политикан шен цIе а ю историкаш тиллина: шеддан а, пирянган а метод.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG