ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бохийначу юртдайшна шайн кхолламах хиндерг ца хаьа


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан шен Соьлж-гlаларчу офисехь, 05Заза2012
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан шен Соьлж-гlаларчу офисехь, 05Заза2012

Йоккха гIовгIа лаьтта Нохчийчохь юьртдай мукъабахарна а, цара декъначу латтанашна а гонаха. Бахархойн сагатдийриг ду, тIехь гIишлош елахь а яцахь а, латтанаш схьа а дохур ду, дIа а цIандийр ду бохуш, Iедалехь болчара кхерамаш тийсар.

Иттех де ду Нохчийчохь цхьа моггIа ярташ Iедал а доцуш йисина. Цунна бахьана ду латтанаш декъарехь хьарамлонаш лелийна аьлла, официала дIа а кхайкхийна, иттаннаш юртдай балхара мукъабахар. Цу кепара даржера вохийнарг еккъа цхьана Теркйист кIоштехь ву ворхI Iедалда. Ма-дарра аьлча, уьш дуьхье кхуьуш бац шайга кхийдочу бехкана.

«Кхузахь хьо галваьлла, ахьа харцо лелийна аьлла, хадам боллуш тхуна бехке дуьллуш хIума дан а дац. Хуьлийла а дац. ХIунда аьлча, кIоштдегара хуьлда иза я кхечу хьаькамера хуьлда иза бакъо а, пурба а доцуш, оха дина хIумма а дац: латтанаш декъарехь а, кехаташ кечдарехь а. Тхайгара хIун даьлла, тхуна-м ца хаьа. Лакхарнаш реза биний бен оха цхьа метр латта а ма ца делла цхьанне а».

Цу кепара къамел до, масала, балхахь а воцуш, дIаваьккхина ала дIаваьккхина воцуш, ладегIамехь хан токхуш волчу, шен цIе йоккхийла ца лиъначу цхьана юьртдас. Цо дийцарехь, юьртдайшлахь кIезиг бац и дарж охьа а диллина, баккъалла а мукъабовла лаам берш а. Амма Iедалехь болчара и некъ а царна маьрша ца буьтуш, бихкина бу, бехк такхаман гIуллакхаш долор ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

Юьртдайшца дозаделла Iоттабаккхаме хьал мухха дерзахь а, могIарерчу бахархоша кхеторехь, церан гIанташ, охьахаа да воцуш, даьсса дуьсур дац. Нехан сагатдийриг кхин ду. Iедалера бакъо а йолуш доладаьхна латтанаш, цу тIера гIишлош дIа а хьокхуш, схьадохур ду бохуш, туьйсуш болу кхерамаш бу.

Ала дашна, кIезиг масалш дац мехкан куьйгалхочуьнан аьллар-лаам кхочушбеш и дIахьедар дахаре дерзийна а. Цунах кхоьруш бу долахой. Стенна аьлча, таханлерчу мехашца, гIахьдолчу цIеношна бух ботта а деза, мел лаххара а цхьа бIе ах бIе эзар сом, оцу латтана делларг доцуш. Цу хиламо йиш йохийна бахархойн. Кхузара, церан хьажам а бу къастам боллуш кхеталуш. Тахана Нохчийчохь юьртдайшна а, цара декъначу латтанашна а гонаха яьллачу гIовгIанах иштта дийцира соьца доцца тасаделлачу къамелехь, Теркйист кIоштерчу юьртахочу, могIарерчу вахархочо Арсана.

«Туьканаш,цIенош дIахьокхуш ду, чуьра хIума схьаэца а ца буьтуш. Ахча дIа а делла, латта доладоккхуш йолу бакъонаш схьаелла. Тахана юха кегош ду кехаташ. Суна схьахетарехь юьртда ваьхьар вац шеггара латта дохка. ХIунда аьлча Iедалан меттиг ю иза. Хаац ша уьш юха кега а бина, цаьргара кхин а ахча даккха уьш ца гIертахь. Харжамаш чекхбевлла, Путин хаьржина ваьлла…»

- Царна юкъахь таро ерш а бу, йоцурш а бу. Мухха делахь цара юьртдегара бакъо а йолуш еш яц и гIишлош?

«Дера ю. Уьш мичара баьхьара бу Iедалера тоьшаллин кехат ца хилча? Цхьана пекъаро лол биттина, ткъа хIинца уьш дIахьокхуш ю»

- Дуккха а кIошташкара баьхна юьртдай дIа. ХIинца шун юрт а Iедал доцуш ю?

«ДIабаьхна боху. Кхайкха а дина ишта. Билггал хууш дац. Собар де бохуш, ладегIамехь кхобуш бу хIуъчара дийцарехь. ТIебогIу бутт болабаллалц мукъабитна боху. ТIаккха комиссии а еъна, ярташкахь зераш дIахьур ду боху. ТIаккха къастор бу юьртдайн кхолламаш.

Цкъачунна юьртда ван а вац-кх. «Селсовет» къевлина ю, юьртда вац. И муха хила тарло сунна-м ца хаьа. Массарна а хууш ду юьртдас кIоштдегара пурба я омра ца хилча, цхьа гIулч а ца йоккху. Цу тIе суна а, юьртахошна а хетарехь, дIабовла лиъча а, Iедалехь болчара иштта атта уьш дIа бовлуьйтур бац.

Юьртдай хьокъехь къамел динчу Арсанна хетарехь, цхьа цакхетаме хIумнаш ду тергаллурш.

«Юьртдай-м, бохура цо кхин дIа а, «сагIа деха арабевр бацара, кхузахь къа дерш а, эшам хинберш а, йолу а, йоцу а кепек вовшах а тоьхна, хIусамаш, чубаха бен бан гIерташ болу могIарера бахархой бу».

Iедало тешам а белла хIиттийна бац юьртдай? Цара бакъо а елла деллачу латтанаш тIехь доьгIна цIенош дIа муха хьокху? Цу кепара хеттаре буьйлурш кIезиг бац тахана махкахь. Нагахь и саннарг деш хилча а боху наха, Iедало меттахIотто ца деза хилла зе, эшам хилларш къинтIера а бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG