ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iиса Ямадаев лаца кхайкхийна Нохчийчуьрчу кхело


Isa Yamadaev
Isa Yamadaev

Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кхело сацам бина Ямадаев Iиса лаца аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен гIортар ду цунна бехке дуьллург. Ямадаев Iиса лаха а кхайкхийна кхело.

Iисан адвокаташа чIагIдарехь, цунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх бух боцуш ду. Цара дийцарехь, Iиса хIинца а оьрсийн эскархо хиларна цунна кхел яр тIеман кхелехь хила деза.

Нохчийчоьнан кхелан сацамца, Iиса Ямадаев даханчу шеран стигал-къекъа-баттахь Рамзан чIирана вен гIоьртира, цо Рамзан шен ваша Ямадаев Сулим вийнарг лору дела, хоуьйту rosbalt.ru-s.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG