ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхо ву ала, нохчи ву а ца бохуш


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума, 13Тоб2012
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума, 13Тоб2012

Оьрсий а воцуш, кхечу къомах волчу стага цхьа вониг дича иза къомах мила ву бохург, билгадоккхуш Iедал ду Оьрсийчуча зорбанан гIирсийн. Цунна реза вац Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Саралиев Шамсаил. Шайн Цхьаалин Оьрсийчоь цIе йолчу партин векалш Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу чоьнехь алсам хиларх пайда а эцна, цу хьокъехь долу низам тIеэцийта дагахь ву иза.


Цхьааллийн Оьрсийчоь партин декъашхо волчу депутато Саралиев Шамсаила Пачхьалкха Думе дина и кховдор гурахь чекхдаккха гIорта мега цуьнан накъостий. Нагахь санна иза кълбуол дахь, журналисташна доьхкур ду, шайн артикалшкахь талораш дина болу нах буьйцуш уьш къомах муьлаш бу бохург билгалдаккхар.

Журналисташна хьалха оцу хьокъехь комментари йинчу Саралиевс хаам бина, Къилбаседа Кавказехь 82 процент бахархоша и хIума къобалдеш ду аьлла. Муха тIеоьцу и хила мегаш долу низам шаьш журналисташа? Оьшуш а, тоам болуш а хIума дуй иза пачхьалкхехь телхаш схьайогIуш йолу къаьмнийн юкъметтигаш тоян?

«Коммерсант» газетан корреспонденто Мурадов Мусас къобалдо тIеэца мегаш долу и низам. Журналисташа материалаш язъеш, цара шаьш хьехош болу нах муха билгалбоху бохучух доьзна дукха хIума ду, юккъараллан хетарг кхуллуш бохуш, вара иза.

Мурадов Муса: «Иза чIогIа бакъхьа хета суна. Журналисташа, шаьш криминала хиламаш буьйцучу хенахь, оьшучохь а, ца оьшучохь а къоман цIе йоккхуш хуьлу. Кхечу пачхьалкхашкахь иза деш дац. Къоман цIе яьккхар нахана юкъахь цхьа цим тасар санна хIума ма дай.

ЦIе яьккхинчу къоме цабезам кхоллар санна ду иза. Стеган фамили а , цIе а , иза мичара вахархо ву бохург а билгалдаьккхича а тоьуш ду. Кхузахь, Москох, масала, цкъа а ца олу «оьрсийн Ивано шен лулахочунна коьртах хIума тоьхна».

И къоман цIе яьккхар, къаьстина Кавказера схьабоьвллачеран а, Юккъерчу Азера схьабаьхкинчеран а бен хуьлуш дац кхузахь. Цхьа а хIума кIел дуьсур дац къомах мила ву ца аларх. ХIинца паспорташ тIехь а дац къам билгалдаккхар».

Цхьааллийн Оьрсийчоь-парти Москох-гIалин думехь 2006 шарахь а гIоьртинера хаамийн гIирсех лаьцна и хийцамаш бан. Амма кхечу депутаташа къобал ца дира иза. Оцу хенахь оппозицино а, юкъараллин кхеташоно а, дуьхьало йира иза тIе ца эцийта. Схьагучу суьртаца, гуьйринна низамийн оцу хийцамашна гонаха юкъараллехь а, Iедалехь а юха а гIовгIа яла мегаш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG