ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха хила деза вайнаха Сибрех бала хьегар меттахIоттор?


Нохчийчоь -- Нохчий къам дохийна, махках доккхуш хиллачу бохамна хьажийна хIоллам, 1994.
Нохчийчоь -- Нохчий къам дохийна, махках доккхуш хиллачу бохамна хьажийна хIоллам, 1994.

Махках баьхна, бала а хьоьгуьйтуш, шайга Сибрех хан такхийтарна а, дегнашна Iаткъам барна а компенсаци йоьхуш бу ГIалгIайчура бIаьннаш бахархой. Даймахках баьхна шераш дахийтина а, вайнах бохийначул тIаьхьа Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а бина а иттаннаш эзарнаш нах бу тахана бехаш Нохчийчохь а.

Шуна хIун аьлла хета? Цу нахана Оьрсийчоьнан Iедалша, моттаргIанаш а ца лелош, баккъалла а Сибрех бала хьегар меттахIотто деза аьлла хетий шуна? Нагахь дезахь, муха хила деза иза? Иштта ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар.

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина, охаьйилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724 01 9832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com
XS
SM
MD
LG