ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тхо арадахаран гIар-тата а-м догIу дага...


Советан пачхьалкх -- Нохчийн къам дохоран де, 23Чил1944, вевзаш воцчу авторан сурт
Советан пачхьалкх -- Нохчийн къам дохоран де, 23Чил1944, вевзаш воцчу авторан сурт

Боккхачу Iийжамца дагахь лаьтта нохчийн къаношна, 1944-чу шарахь шаьш цIерадохуш хилларг. И дагалецамаш цара буьйцучу хенахь, тидам хуьлу, хIетахь шаьш-шайн баланна нах белхар а, некъ бечу йохалла даьлла гIар-тата а тIехьа царна дагахь латтарна. Нохчийн къам цIерадоккхуш жима бер хиллачу, цул тIаьхьа Нохчийчура шина тIамехула чекхваьллачу къаночуьнца, къамел хилира Маршо радионан.

Адамийн амалехь ду, жималлехь хилларг а, ша лайнарг а, дагахь лаьтта, ткъа, селхана-тахана хиларг даг ца догIу. Ткъа, жималлера хиламаш цхьана боккхачу балаца боьзна балахь, ша сурт даьккхича санна дагах а летий, коьрта чуьра ойланашца беха.

Иштта, веха ала мегар ду, махкахь мел висина волу воккха стаг, цIерадахар дагадогIурш. Шо шаре мел долу, лайна баланаш а, белла дай-наной а, йижарий-вежарий а бицло бохург бакъ дац.

ГIой-чу олучу оьвлара, вахархочуьнна Батаев Зеламхан, дахар, кхечу, шен нийсархойх тера хилла. ТIеман бера хилла иза. ДIавуохочу хенахь, пхоьолгIа шо дара цуьнан. Амма, оцу жимчу хенахь а, цунна дага догIу дуккха а хIума.

Батаев Зеламха: «Виъ кIант ши йоI дара тхо доьзалехь. ДIадохош Хьорснера дохийна. Iуьйрана хIума яа вахьхоьвшина тхо Iаш, виъ салтий чувелира. «Батаев собирайся»,-элира. ТIакках тхан нана елха йолаелира. Дас, елха ма елха. Вай дIадохочух тера ду, сихха хIума гулъе, бераш а кечде, элира. Ах сахьт хан елира.

И ах сахьт даьлча, Хьорснера Шуьйта схьадалош дара тхо. Хьуьна юккъехула гIаш догIуш дара тхо. ХIинца санна дагадогIу суна, диттанаш тIера вахьлегга гIаш, тIе когаш догIучу хенахь, еш хилла йолу гIовгIа шаш-шаш-шаш, бохуш. Боьлхуш бара нах, баккхий а кегий а.

Шуьйта кхаьчча, цигара кешнийн керта кхечира тхо. Цигахь, цхьана шина барзана юккъехь лаьтта хIума а тесина, тIехула хIума а лаьцна ул-уллехь, тхо ялха бера вахьдижийра. Тхан дас а, кехчу наха а, чуьрташна йоьгIна йолу дечкаш схьа а йогIуш, уьш ягош йовхо латтош, и буьйса яьккхира оха».

Шина барзана тIехула хIума а тесина, шен дегIаца бераш дохдан гIерташ хиллачу Зеламхийн нана Балаку, царна ца гайта гIерташ йилхина. И бIаьрхиш, шена тIеIенна долу, хIинца а дагахь лаьтта, боху цуо.

Батаев Зеламха: «Тхана нана, тхуна, истангах яьккхинчу хIуманех кога йоха хIума йира. Сан жимах йолу йиший, сой, улл-уллехь дара Iуьллуш. Нана йоьлхуш, бIаргара вахьдогIуш долу даккхийн хиш, сайн тIедоьжча, ас жима хиллехь а, дог Iовжадой, цуьнга олура «Ма елхахь нана, ма елхахь нана. Иштта яьккхира оха и буьйса цигахь».

Шуьйта дIакхаьчча, цигара Соьлжа-гIала бигина Орган чIожера мел волу стаг. Шина кIирнахь сов дIаихина, Казахстане кхаьчна БатаевгIеран доьзал. Хала а атта а, дIа а нисбелла, дахара шен цхьана харш чудаьлла, адамо ловра доцуш хIума дац бохург бакъ а деш.

Нехан вовше барт а, къинхетам а, дашар а хиларо, адамалла а, нохчолла а ца йойуш, цIадирзина шаьш цигахь I3 шо а даьккхина, бохуш кхин дIа а дийцира Батаев Зеламхас.

Батаев Зеламха: «Тхан нанас ша газанера шур яьккхича, цхьа стака коре дIахоттайора, тхол а гIийлачуьнна а, шурин тIадам безабеллачуьнна а, лур ю-кх ша, олий. Иштта, и хIума а деш, вовшах дог а лозуш, вовшах гIортор а еш, марзо а йолуш, безам а болуш, Iийна тхо цигахь».

ЦIерадахар дика дагадогIучарна, бицбаланза бу, хIокху тIемашкахь лайна баланаш а. Шен дахарехь, кхузза цу тайпа Iазап лайна Батаев Зеламхас а, цуьнан хенара наха а. Шена хаа боху цуо, оцу баланех уггаре а кIоршмениг муьлха бара.

Батаев Зеламха: «2000-чу шарахь, Зазадоккху беттан 4-чу дуьйна 9 де тIекхаччалца хилла йолу гIело хала хета, вукхулла. Оццула пана махка доьлхуш, иштта хала дацара оцу масех дийнахь, бьртахь лайнарг. Ленинградан го бар олуш дуьйцуш ду, тхан юьрт а кхаа баттахь латтийра иштта къоьвлина, я чу а ара а ца волуьйтуш цхьа а. оцу кхаа баттахь СУ олучу даккхийчу кеманаша, юьртана бомбанаш а, ракеташ а еттара.

Ца тухуш хIума ца йитира. Зазадоккхучу беттан 8 дийнахь, ракеташ а тоьхна и ши кема, эрна аренгахь долчу тхуна тIехула хьовза а хьовзий, «8» олу терахь а дуьллий стиглахь дIадоьдура. Ас олура, хIорш чIогIа гIиллакх долуш бу, вай декъал а беш бу цара дезчу денца, аьлла».

Тахана тIеетташ бомбанаш яц, чулелхаш кегий а, баккхий а, тоьпан цхьамза Iуьттуш лоьхкуш бахархой а бац. Кханене баккхийчу боларца доьдуш ду нохчийн къам, амма, нехан шайна дагчохь лаьтта лайна болу и баланаш. Нохчийчу оьхучу оьрсийн туристаш даиманна терго йо, нохчий хьагI-гамо йоцуш къам ду аьлла. Амма, царна ца хаа, кийрахь хIун баланаш кхобу наха.
XS
SM
MD
LG