ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джамалханов Зайнди - азаллехь йовр йоцу цIе


Джамалханов Зайнди.
Джамалханов Зайнди.

Джамалханов Зайнди дIаваьлла Стигалкъекъа-беттан 19-чу дийнахь. Иза халахетта яра ерриг а республика. Нохчийн меттан да санна дагахь лаьттар ву иза шайна бохуш бара цуьнан тезета баьхкина нах.

Ша кху дуьненчура дIаваха дукха хан йисале, тIехьажийна видеокамера а йолуш, Джамалханов Зайндис Далла хастам бира шен дахарехь оццул ирсе шена деза гIуллакх лело шен аьтто барна. Цунах дика кхетар ву муьлхха а цуьнан кхоллараллах хьакхавелла а, цуьнах пайда эцна а волу стаг.

Чабаев Лема ша хаъал хилчхьана доттагIалла лелош ву ненан меттаца. Джамалханов Зайндис шен дахарехь йитинчу лорх лаьцна иштта дагалоьцу цу.

Чабаев Лоьма:

Линкана тIе



Джамалханов Зайнди гIеметта хIоьттинчу хенахь лаккхара дешар деша деза аьлла университете воьду. Цу исторех самукъадолий хуьлу иза хезнарг бохуш, дуьйцу Чабаев Лоьмас.

Чабаев Лема:
Линкана тIе


Нохчийн вевзаш волу актёр Исраилов Хож-Бауддин репертуарехь уггаре а евзаш йолу пароди ю цо Джамалханов Зайндина йинарг. Иза ша кхоллар иштта дагалоьцу цо.

Исраилов Хож-Баудди:
Линкана тIе



Къона актеран белхан мах хадийра ша Джамалханов Зайндис а. Иза догдика, къеда-мареза стаг вара, цундела кхечу агIор ша йина пароди цо тIеоьцур йоций хууш майра хьахийра ша Джамалхановга иза бохуш, дуьйцу Исраилов Хож-Бауддис.

Исраилов Хож-Баудди:
Линкана тIе


Джамалханов Зайнди дIаваьлла Стигалкъекъа-беттан 19-чу дийнахь. Иза халахетта яра ерриг а республика бохуш, тоьшалла до нохчийн яздархочо, поэта Уциев Абус.

Уциев Абу:
Линкана тIе


Шераш дIаоьхур ду. Адамаш а хийцалур ду кху дуьнентIехь. Иттаннаш шераш девлча а, муьлхха а нохчийн маттаца гергарло тесна стаг эххаре а тIекхочур ву Джамалханов Зайндина. Цундела шеко яц ноххчий мотт дийна мел бу Джамалханов Зайндин цIе йовр ца хиларан.
XS
SM
MD
LG