ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьацца лол а бетташ, Iаьнна кечлуш бу нохчийн ярташкара бахархой


Ялташ чудерзош, Iаьнна кечлуш бу нохчийн ярташкара бахархой.
Ялташ чудерзош, Iаьнна кечлуш бу нохчийн ярташкара бахархой.

Ялташ лелочу бахамашна а, дуьйш-дерзош, латтанаш лелочу нахана а ладоьгIуш хиллехь а, дукха зенаш ца хуьлуш дIадирзина кху шара ялташ чудерзор. Цхьацца лол бетташ Iаьнна кечам беш бу нохчийн ярташкахь могIарера бахархой а.


Iар-дахар ярташкахь нисдинчу бахархошна гурахь шо кхиаме я эшаме лараран бустам-барам цхьаъ бу -- ялташ. Уьш хьийкъина, дика хиллехь шо беркате лору цара.

Къемат ялташ дуьйш-дерзош, цунах болх-некъ бина лелаш вацахь а, муьлхха а юьртахочунна кхаъ бу, кенах дуьзна, хьийкъина ялташ чудерзор. Уьш Iедалан хилча а, долахочун хилча а бен доцуш, цхьатерра воккхавевоь могIарера юьртхо. Стенна аьлча, вайнехан Iедалехь шо токхе хиларан ша-тайпа билгало ю ялташ хьекъар. Лаа дац бIаьсте тIееачхьана дуьйна уггар хьалха нохчашлахь дийцаре деш дерг ялта хилар.

«Кху шара муха ду те ялташ? Лилха-м дац те, кенех дуьзна дуй те? Цу кепара хаттарш до шайлахь къаьсттина хенарчу вайнаха. Стенна аьлча, юьртхошна хаьа, ялтийн шорто мел хили а, цхьа сом кIелхьахула хилла а шаьш эца ялта доцуш дуьсур доцийла.

Муха деана лору хIара карахь долу шо шаьш юьртарчу къинхьегамхоша? Цу хаттарна жоп карор Iалашонца сан дуккха а къамелаш хилира латталелорхошца. Царах ву Теркйист кIоштара Банжаев Муса. Муха деана хIара шо хьуна гергахь? Цу хаттарна тIера доладелира тхойшиннан къамел.

Банжаев Муса: «Дика, хаза хьаладевллера ялташ кхушара. ДогIанаш ца совцуш цара охьадийшийнера ялташ чIогIа. И бахьанехь 30-35 % ялташ лаьттахь диси-кх. Аса охуш а, дIадуьйш а къахьегнера. Трактор, тиша елахь а, сайн долахь ю сан».

Маршо радио: «Ахь хьайна муха чекхдаьлла лору хIара шо»?

Банжаев Муса: «Тхуна ахчанна метта, бакъдерг дийцича, директоро ялта схьа а делла, дика гIуллакх хили. Аса 18 тонна ялта даьккхира-кх. Ахчаьнга диллича 70-80 эзар сом хилара-кх. 5-6 тонна чохь а дитина аса. Дерриг а дIадухкийла яц.

Со а ву даьхний кхобуш. Кхин тIедан хIума а дац, ур-атталла алапа а. Ахча ла а ма ца ло. Гурахь оха барт бо. Ялташ чудерзийначул тIаьхьа, ялта ло-кх цуьнан метта. ТIаккха и хьажо деза массо хIуманна а. Нехан вон-дикане ваха а веза, цомгушчунна тIехIотта а веза. Иштта дIадоьду-кх иза. Тоа ца тоьу. КIезиг ду».

Маршо радио: «ЦIахь бежана-хIума хIун кхобу ахь»?

Банжаев Муса: «Сан кхо етт а бу, дIатесна цхьа-ши старгIа а ю. Уьш а Iаьнера халла яхало. Кхушара-м тIе, ког а биллина, атта Iаьнера вер вара со. ЦIахь узуш кхо етт бу. ХIусамнанас хIора кIирандийнахь, нехча-хIума а йоккхий, Мазлакехь дIаюхку. Цунах оьцу оха юург-мерг. ЦIа кепек а ца йохьу. Ца кхаьбча, Iойла я дахар дац. Иштта дIадоьдуш ду-кх тхан ахча. Кхин цунах хуьлуш хIума дац».

Маршо радио: «Хьол гIаддайнарш буй юьртахь, хьо-м тракторца а вара»?

Банжаев Муса: «Дера дукха-м бу. ХIинца а марха а, докъар а эцар а, дерриге а цхьаьна а нисделла, йиш йоьхна бара нах. Марха достучу денна ахча дIа а хьажийна, таро йоцуш, лург эцна а, докъар нисдан гIерташ лелаш бу-кх дукха юьртахой».

Хила тарлучуьнга хьаьжча, кIа а, мукх а вон ца болуш, хIара шо кхиамца чекхдолуш лоручех ву Невр кIоштара белхало-тракторист Мурадов Ширван. Цуьнца нисделира сан иштта къамел.

Мурадов Ширван: «Тхуна а, тхан совхозана а дика дIадоьрзуш ду хIара шо. Ялташ а, докъар а хилла. Ахчанца а, ялтанца а сан-м гIуллакх хилла кхушара. Даьккхинарг доцуш, совгIатана а делла суна цхьа тонна кIа. Алапа а ло. Наггахь ца луш шина батте а долу иза, делахь а схьа-м ло. Соьгара тарктор нехан ю. Цундела 100 туьма даьккхича, 5 туьма ас дIало; 10 эзар даьккхинехь, 5 эзар дIало».

Маршо радио: «Шарера вала кхин хIун леладо ахьа»?

Мурадов Ширван: «Кхин белхаш бо-кх аса. Ков хIоттадой а, ор доккхий а, кегийн белхаш бо-кх. Ялташ дIадуьйш декъехь хир ву со, цул тIаьхьа юха уьш хьокху хан хиллалц мукъа ву со. Аса кхин белхаш бо-кх нахана.

Лула-кулахь делахь а, юьртахь делахь а. Пхиъ-ялх корта бежана-хIума а лелайо. Ткъа вуьшта юьртахь болх-некъ боцурш Iаламат шорта бу. Хилча, бийр болуш а бара. Етт кхаба таро йоцурш мел дукха бу».

Маршо радио: «ХIинца, масала, етт бу-кх сан. И Iаьнера баккха мел-хIун езар ю суна»?

Мурадов Ширван: «Хьуна цхьа бIе, цхьа бIе ах бIе докъаран кеп езар ю-кх. Ча бен дацахь, цхьа лаххара цхьа тонна ялта дезар ду. Чохь доьзал болчун етт ца хилча йиш яц. И лело таро хила а еза».

Маршо радио: «Хьалха наггахь воцучун массера а хьелий дара. Ткъа хIинца дукха нехан уьш дац. Ахь и муха кхетадо»?

Мурадов Ширван: «Белхаш цахиларца кхетало-кх. Юьртахь Iаш волчун болх хилча, цуьнан таро хир яра уьш лело. И хилча, цуьнга цхьаъ-шиъ етт а кхабалур бара, тIаьхье а кхиалур яра. Болх цахиларна, дан амал доцуш дIадоху наха даьхний. Хьан таро хилча, иза беркат ма ду».

Ма-дарра аьлча, соьца къамел дина юьртара къинхьегамхой, хьанал къахьоьгуш, йоцучу таронех таро еш, шайн долчух тоам беш, схьабогIуш нах бу. Цара шаьш ирсе а, хила тарлучуьнга хьаьжча, хIара карахь долу шо кхиаме а лору латтанаш дуьйш-дерзош болчу къинхьегамхоша.

Цаьрга ладоьгIча, кхетало, мел бух болуш, маьIне ду мацах цкъа хьекъалдас аьлла хIара дешнаш: «Хьал-бахам берг вац вехаш, шен долчух тоам бийриг ву». Делахь а, могIарерчу белхалошка ладоьгIча, ишта дика кхетало, мел дукха бу ярташкахь, Iедалера хуьлуш гIо а доцуш, дан амал доцу, де эшна бахархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG