ТIекхочийла долу линкаш

​Керла схема юккъеяьккхина Нохчийчохь, тоьках долу декхар декхар лахдархьам. Цуьнана маьIан ду, ахча лучаьргара а, ца лучаьргара а, цхьа террачу барамехь из схьадаккха.

Нисса 5 шо хьалха, Нохчийчоьнан тоьках долу декхар 5 миллиард сом ца кхоччуш дара. ХIокху шарахь и терахь лакхдаьлла ах миллиардан соьман. Стохка регионехь ток латточу «МРСК-Северный Кавказ» урхаллан куьйгалхочуьнца Сельцовский Петрца, шен хилалчу цхьанакхетарехь, Нохчийчоьнан премьер-министро Эдельгериев Абубакара, хаам бира, бахархоша шен хеннахь ахча дIалуш ду тоьках, амма, иза, оцу урхалле дIа хIунда ца кхочу хууш дац аьлла. Нохчийн даржхочо талла деза аьллера, иза мичахь Iалаш деш ду.

Бахархошкара-м дIаоьцуш ду ахча. ХIинцалца, коммунала хьаштех ца доьвлий бен ца лучу нахана, дукха хIума ца эшнера, шайгара догIуш долу ахча дIадала. Хетарехь, Нохчийчохь санна яьккхий рагIанаш хира яц, коммунала ахчанаш дIалучу меттигашкахь. Хаа, хIинцлерачу Iедалца, забар, ахчанах хьакхлуш ерг-м муххале а, гена ца йолийла.

ХIара шо дуоладеллачу дуьйна Нохчийчуьра дукха бахархой цец-акъ боьвла, шайна тоьках дIадала дезаш долчу ахчанийн квитанцеш схьакхаьчча. Соьлжа-гIалара яхархочо Тамарас дуьйцира Маршо радиога.

Тамара: « Со ахча дIадала яхча, дечкен батана суна I944 сом тIетоьхна, чиллан баттан-2400 сов дина, зазадоккху баттан-I055 сом дина. ХIара хIун ду аш деш дерг, со инвалид а ю, ас баттахь 400 сом бен луш дац аьлча, иза шу цIенна ша мел долу декхар ду элира соьга. Муха хIоттина аш иза, аьлла хаьттича, цхьана гIишлоно мел дойу а хьожий, тIаккха, вовшахъ доькхъу мел йолчу петарна элира.

Тхан цIа чохь 70 петар ю, тIаккха-м иза, баттахь 280 эзар сом ма хуьлу».
Муха, маца, бохучу хаттаршна жоп ахча схьаоьцучу кассирашна а ца хаа. Iедалан сацам бу, алар бен. Цундела, дукхачу къанойн санна, Путин Владимира шай масех де хьалха бахархошца дечу къамелехь, терго йира оцу коммуналан хьаштех дуьйцучуьнна. Оцу бахьанца шеко яц, Тамарийн шен а, шен махкахойн, оцу хIуманна тIехь бакъонаш йохош хиларна.

Тамара: «ДIадийцича а , схьадийцича а, иза Оьрсийчоьнан Iедалан сацам бу боху цара. Путинан къамел долчу хенахь, цуьнга хаттар делира Тюменера цхьана кIоштара яра моьтту суна и зуда,шайна I00, 200 соьмаш тIетоьхна коммунала хьаштех, цIенойн харж ю бохуш. Иза нийса дац.

Аш дала дезаш дац иза. И болх бечу организацеш дан дезаш ду иза, бохура цуо. Сан пенсии 6 бIе туьмий бен дац сан. Кхин дан хIума а ца хилла, ас дIаделира иза хIокху баттах. Цхьанна а агIора нийса дац иза. Путинс а бохура иза нйиса».
Шай бакъонаш йохош ю, оцу хIуманна цхьа терго яхьара аьлла, наха деш долу аьрзанаш а схьаоьцуш дац республикерачу прокуратурехь. Шай лулахо йолчу зудчуьнгара иза схьа ца эцна, аьлла кхин дIа а дийцира Тамарас.

Тамара: «Кхеле лура ду, прокуратуре а лура ду аьлча, шайна лучу ло олу тхоьга. Сан лулахочо Iайнаъ прокуратуре яхнера арз эцна, амма, цигахь а схьа ца эцна цуьнгара, шай ма эца аьлла аьлла. Ткъа, хьан аьлла иза, олуш а дац. ХIинца массо а баттахь тIедетталура ду боху иза».
Нахера ахчанаш схьаоьцуш цхьайолу урхаллаш а ца хилла куьйгашна цIена. Кхо шо хьалха, иштта гулдина долу 3I6 миллион сом лачкъийнера РКЦ олучу Iедалан урхаллан счетан тIера. Гарехь, тахана а, и кIоршме лоруш долу зулам динарг мила ву хууш дац.
XS
SM
MD
LG