ТIекхочийла долу линкаш

Депорт - нохчашна Мулкалмот


Германи -- Нохчийн мухIажирш махках ца бахар доьхуш хIоьттина гулам, Берлин, 14Гез2012

Германи -- Нохчийн мухIажирш махках ца бахар доьхуш хIоьттина гулам, Берлин, 14Гез2012

Кху деношкахь Австрерчу депортацин набахтехь Iедалхоша Оьрсийчу дIавала дагахь латтийна нохчийн мухIажир велла деношкахь. И санна бохам дуьххьара хуьлуш бац Европехь. Оццу Австрехь масех шо хьалха ша Оьрсийчу дIалуш вуй хиича, ша шена тоьхна веллера кхин цхьаъ нохчо. Амма Европерчу Iедалшна цу кхалхарша беш т1еIаткъам бац банне а.



Кхин а цхьа нохчийн доьзал Оьрсийчу дIабала сацам бина Европерчу Iедалша, хIинца - Швецехь. Пхи шо хьалха, Нохчийчуьра едда, цу махка еана хилла Танкаева Тамилий, цуьнан ши беррий ду Швецерчу мигрантийн хьукматан белхахоша махкал арадаккха кечдина. Цара шайн сацамна балош болу бух – и доьзал Швецехь бита тоъал бахьанаш дац, уьш маьрша Нохчийчу цIехьаберза йиш йолуш бу, бохург ду.

Шаьш ТанкаевгIара кхечу агIор дуьйцу. Доьзалан нанас Тамилас чIагIдарехь, иза пхи шо хьалха Нохчийчуьра ядале, оьрсийн эскархоша цуьнан кIант а, хIусамда а дIавигинера. Шен хIусамда Нохчийчохь Масхадовн Iедалехь болх бина вара, бохуш, чIагIдо цо, ткъа шозлагIа тIом болабелча, иза Iедалех лечкъаш лелаш вара. Оьрсийн эскархоша шен доьзал юхьарлацаран бахьана, цу шен хIусамдена тIекхача уьш гIерташ хилла хилар дара, бохуш, чIагIдо зудчо.

ТанкаевгIераниг хьалхара масала дац тIаьхьарчу муьрехь Европехь бехачу вайнехан мухIажиршца нислуш дерг, я бIе хьалхара а дац. Цхьа де а ца долу муьлхачу а Малхбузерчу пачхьалкхера нохчийн доьзал я цхьа адам ша къаьстина Оьрсийчу дIахьажон кечдина боху хаам ца баьржаш. „Махкара араваккхар“, я мухIажарша шаьш цунах ма-аллара, „депорт“ боху дош Европехь бехаш болчу вайнахана уггаре а гома а, уьш уггаре чIогIа кхоьруш а дош хилла дIахIоьттина.

Швецехь вехачу нохчийн бакъонашларъярхочунна Тарамов Майрбекна дика девза мухIажиршца доьзна долу хьал. Вайнехан мухIажиршца цу кепара шалха а, гома а Европано политика лелаяран бахьанех лаьцна иштта дуьйцу цо.

Тарамов: “Коьрта бахьана Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш нисъян кхузара Iедал гIертар ду. Кхарна газ а еза, мехкадаьтта а деза. Цундела кхара цу оьрсаша аьлларг а до. Оьрсийн къайлахчу сервисашца зIенехь ду кхузара Iедал, цаьрца бина берташ а бу церан, цундела оьрсийн Iедало цхьа стаг дIавехахь, хIуъу дина а, иза дIавала гIурту кхузара Iедал“.


Шайн, адамийн бакъонашларъярхойн, кхин башха дукха аьттонаш ца хуьлу, хала хеташ делахь а, цу хьолана тIеIаткъам бан, бохуш дуьйцу Майрбека.

Тарамов: „Кехаташ яздо оха, дуьхьалонаш а йо, далуш дерг дерриг а до. Тхан карахь дерг иза ду-кх – и кехаташ яздаррий, иза Iедале дIакхачадаррий. ТIаьхьарчу хенахь цара и кехаташ кхин башха тергал а ца до, шаьш сацамаш тIе а оьцуш. Цхьа онда дуьненаюкъара цхьанакхетаралла юкъагIоьртича, тIаккха-м саца а до цара стаг араваккхар я дIавалар“.

Австрехь депортацин набахти чохь масех де хьалха Оьрсийчу дIавала кечвина нохчийн мухIажир кхалхаран бахьана долуш Австрин президенте Фишер ХIайнце кхайкхам язбинера цхьамогIа бевзаш болчу бакъонашларъярхоша, шайна юкъахь Тарамов Майрбек а волуш. Цара ша Оьрсийчу дIалуш хилар ца ладелла, велла мухIажир Исаков Зеламха Оьрсийчохь набахтехь дарба цадарна кхелхинчу Магнитскийца вусту. Ша Майрбека иштта дуьйцу цу бохамах а, оцу хьокъехь шаьш яьхначу гIулчех а лаьцна.

Тарамов: „Iамеркерчу бакъонашларъярхоша шайн Конгрессе а, Сенате а яздина ц кехат, оха Австрин президенте а яздина. Магнитский Оьрсийчохь валийтар-м кхин цецволийла а дацара, амма Австрехь муха нисделла и саннарг, бохург ду оха айдинарг. Цкъачунна жоп дац тхуна хилла, амма цхьа йист-м йоккхур оха цунах. Инзаре цецваллал хIума ма дуй иза“.

Бакъонашларъярхоша мел мохь беттарх а, и мохь хаза да воцучу эрначу арахь санна, бов, ткъа шаьш пана -махка бевдда баьхкинчу, Оьрсийчу юхахьежочу нохчийн мухIажарийн терахь дела денна алсам дуьйлуш ду.

Масех шо хьалха нохчийн мухIажарийн хьал заманан йохалла, тIом дIабирзина аьлла, иштта кху таханлерчу ирчачу хорше доьрзур дуйла хууш хиллачу Берлинерчу масех жигархочо долийнера Оьрсийчоьнан векалтна хьалхаьх хIора шоьтан дийнахь митингаш яр, цхьацца байракх а, транспарант а хьала а лоций.

Амма шайн бакъонашкахь къийса Iемина боцчу вайнаха цу боламна белшаш ца гIортийра, хIора а, шайн-шайна волуш, юьстахваларца и дуьхьалонан акцин тайпа дIасецира. Бакъду, цу акцехь дакъалаьцначу нохчийн мухIажирех цхьа а вац Оьрсийчу дIавала хьийзочарна юкъахь.
XS
SM
MD
LG