ТIекхочийла долу линкаш

Набахтера цIаоьхучу нохчашна леррина урхалла оьшу уьш дахаре юхаберзон


Набахтехь

Набахтехь

ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь йоккхачех йолу проблема хилла, республикехь шуьйрра тIемаш боьлхучу хенахь, оьрсийн эскрахоша «зачисткаш» дIахьуш а, блокпосташкахь сецийна а чубоьхкина хилла нохчийн кегийрахой набахтешкара цIаберза буьйлабаларца йоьзна.

Юкъараллехь хIинца шорлучу, бакъо йоцчу тобанна юкъа нисбелла а, нислуш а бу уьш. Боккъалла а герз карахь долчу тIемалошца къийсам латторна метта, уьш тидаме оьцу, сиха а, атта а балхахь карьера ян луучара. Цкъа чувоьллина хилларг бехке вуй-ваций цхьаммо къастор дац. Ткъа Iедале иштта стаг дIавеллачунна погон тIе седа бужур бу, алапа а диканиг лур ду. Цунах шайн бепиг дина нах дукха бу ницкъаллийн структурашкахь. Хала хеташ делахь а, цу кепарчу нахана новкъарло еш хIумма а дац Нохчийчохь.
«Гражданское содействие» организацин куьйгалхо а, бакъонашларъярхо а йолчу Ганнушкина Светланас дуьйцу.

Ганнушкина: "Цуьнан бепиг" хIун ю? Цуьнан бепиг - низамехь йоцчу герз карахь долчу тобанашца къийсар ду. Цхьаммо а цуьнга хIумма а бохур дацара, цо шен бепиг хьанала даккхахьара. Цара и къийсам боккъалла а беш белхьара, нах бойучарна, терроран акташ ечарна духьало яхьара, талламан болх бахьара, царга хьан хIун эр дара? Амма цара ишта болх ца бо. Шайна атта волу цхьа пекъар лохий, шаьш болх бен сурт хIоттадо.

Оьрсийчура кхелан система йохарца доьзна ду иза. Вайн йозуш йоцу кхел елхьара, нагахь санна, оцу мотт беттачу нахана шайн гIуллакх кхеле а даьккхина, цу кхело нийсонца сацам бийр буй, харцо лелорна жоьпе озор дерш шаьш хир дуй хаахьара, цара иза дийр дацара. Гуттар санна, лортIехь болх беш йоцчу кхелан системех гIоьртина ду иза. Йозуш йоцу кхелан система ца хиларал совнаха, хIаллакьхилла ю иза.
Цундела, цхьа стаг схьа а лоций, цунна тIе бехк хьарчабой, болх бинарш хуьлу Iедалан ницкъашкахь болх беш берш. Изза ду Москох а. Нохчийчохь хилла ца Iа иза.

Цхьа зулам до цхьаммо. Боккъалла а иза талларна метта, бехк кховдон атта волу цхьа миска стаг лоцу. Уьш нохчий а хуьлу, царна коча баха атта ду. Белхалой-мигранташ а бу. Бехк-гуьнахь доцу стаг ша ца динчу зуламах жоп дала дезачу хьоле хIоттаво. Талламан болх чекхбаьлла сурт хIоттадой, талламхочо и гIуллакх кхеле дIало. Прокуратуро, ше нагIра, и бехк тIечIагIбо. Харцонна дуьхьало ца йо цо. Кхин дIа кхел хуьлу. ТIаккха цигахь, мелла а говзалла лакхара йолчу юристо и гIуллакх оьшучу кепе даладо, кхачамбацарш дIа а дохий. Бехк баран документан тIехь еккъа цхьа цIе бен ца хуьйцу. Системано ишта болх беш хилча, аса юьйцучу экамечу тобанехь нисло хенаш а яьхна, цIабоьрзуш болу нах.

Маршо радио:
Селхана тутмакхаш хилла нах таханлерчу дахаре берза а ца кхуьу. Оьрсийн набахтехь галъяьлла могашалла меттахIоттон еза, дахаре юхаверза кехаташ нисдан деза. Амма ишттаниг шена тIехIоьттинчунний бен ца хаьа оцу нехан хьал. Нохчийн республикехь цхьа а урхалла юй оцу тайпа нехан хьашташка хьажа? Цу хаттарна жоп лохуш, Маршо радио зIене елира Нохчийчура адамийн бакъонашкахула йолчу хьукхматца. Чубоьхкина латточу а, набахтешкара арабевллачу а нехан гIуллакхаш тидамехь латточу оцу хьукхматан векало Сулумов Халида дийцира оцу хьокъехь:

Сулумов Халид: ВаллахIи и ахьа бохуш долу хаттар хаза нехан санна латта таро йолуш хаттар ма ду. Арахьарчу пачхьалкхашкахь йолуш ю и тайпа урхалла - пробацин сервис олу цунах. Оьрсийн низамехь а хила езаш а ю уьш. Оцу низамашца а догIуш цунна (набахтера араваьллачу стагана) болх бала декхар а ду, вехачу меттехь хьесапе а эцна, дIаязван а, социалан хатарршкахь цунна гIо дан а, чохь Iен меттиг нисъян а декхар ду меттигерчу Iедалан... Низамехь яздина хIуманаш ду уьш, уьш кхочушдан дезаш ду. Тахана и хIума дац. Цундела и ахьа бохуш дерг боккъалла а проблема йолуш хIума ду.

Чубоьхкина цIабахка безаш дуках нах бу вайн. Тхан хьесапехь 20, 000 стаг ву набахтешкахь. Цхьайолчу адамийн бакъонийн организацийн хьесапехь 30, 000 стаге кхаччал бу уьш. Уьш цIабаьхкича цараца болх бан (беза), юха-юха а чубохка йиш ма яц уьш. Царца профилактикан болх бан, кхин дерг дан а, и ахьа юьйцуш йолу цхьа хIума кхоьллича, хаза нехан санна чIогIа накъосталла хир дара вуно доккхачу декъана нахана. Республикехь долу зуламийн хьал а дуккхаа толур дара.

Маршо радио: Делахь а, чубоьхкина хиллачарх а, я церан гергарчарх а латкъам бохьуш шайна тIевеана цхьа стаг вац элира Сулумовс:

Сулумов: ХIокху тIаьхьарчу шарахь шина шарахь вайна и тайпа арз дохьуш, шайн бакъонаш йохийна, новкъарлонаш йо шайна аьлла тIевеана стаг вац.
"Аттестованный" даржаш дуй - бакъонийн органашка а, ишттаче уьш дIаоьцур бац. Чу белла латкъам бац тхоьгахь уьш кхеченхьа балха дIа ца оьцу, аьлла.

Маршо радио: Шуьгара гIо хила мегара аьлла, нахана ца хууш хиларна дуй те иза, аьлла хаьттича, Нохчийчура адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллин белхахо къера хилира цунна:

Сулумов:
Хила а герга ду. Амма, чубоьхкинчу наха, бакъдерг дийцича цигахь (набахтехь) мелла а шайн бакъонашна терго йо цара. Чувоьдучу хенахь дешна ца хилларг а, цигахь мелла а Iема царна. (Шайн бакъонаш) уьш ца хууш бу олийла а дац хьуна.

Маршо радио: Цхьана эха шарахь набахтехь яккха декхаре йина хан чекхйолу Нохчийчура яхархочуьн Муртузалиева Зараан а. Дуьззина бархI шой, ах шой ду иза. Дуьненна а гIараделира цуьнан гIуллакх. Бехк боцу зудабер чудоьллира, терроризмаца доьзна зулам тIе а хьарчийна. Стенга яха еза иза а, и саннарш а? ХIун хьелаш ду царна кечдина?

Сулумов: Ахьа бохург а хаьа суна. Наркотикаш лелийнарш буй, уьш маситтаза а чубухку. Уьш рецидив йолуш хуьлу. Важа зуламаш динарш юх-юха чубухкуш хIума дац. ХIетте а, цкъа воьллина (стаг) хилча, Iедална атта бу уьш. Гуттар а тидамехь бу уьш. Хила безаш а бу урхаллийн омарца а, инструкцешца а доьзна.
Ша и ахьа делла хаттар чIогIа ира а ду, шен хенна делла а ду.
Телевизионехь а, дIаса а дебаташ хуьлу-кх. Цигахь юкъадилла мегар долуш хаттар ду-кх иза.

Маршо радио: Къомах нохчо хиларна а, бусулба динера хиларна а тутмакхашна беш болу ницкъ алсам болу. Масала, дукха хан йоццуш Минусинскан набахтера араваьллачу Зубайраев Зубайрин бетах хьакхин мохь хьекхара набахтин белхахоша. Оцу кепара латкъамаш, дукха хьолахь бакъ ца карабо шайна бохуш вара, Сулумов Халид.
Делахь а, Iедалх бозуш боцчу бакъонашларъярхойн хьесапехь, динца а, къомаха нохчо хиларца а боьзна дукха баланаш хьоьгу вайнаха набахтешкахь.

Маршо радионо оршот дийнахь хIара къамел динера, еарин дийнахь хаам бара интернетехь, Нохчийчохь керла урхалла кхоьллина, тIемалой хилла нах дахаре юхаберзош накъосталла дан урхалла кхоьллина, аьлла.
XS
SM
MD
LG