ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун деш бу нохчий Шемарчу тIамехь?


Шема -- Байинчул тlаьхьа Кхувейкх хи чу кхиссина хиллачу нехан декъешна юкъахь шайн гергарнаш лоьхуш бу шемахой, Халебан йистехь, 11Заз2013
Шема -- Байинчул тlаьхьа Кхувейкх хи чу кхиссина хиллачу нехан декъешна юкъахь шайн гергарнаш лоьхуш бу шемахой, Халебан йистехь, 11Заз2013

Нохчийчура тIемалой Шема пачхьалкхе а бахана, меттигерчу гIаттамхошца Асад Башаран Iедалан ницкъех леташ бу бохучу хаамашна дукха хан йоццуш бен гучу ца девллера бакъдолу тоьшаллаш. Уьш карорца цхьаьна, Шемарчу тIеман джихIадаца кIезиг уьйр ю аьлла, нохчийн тIемалой дIаоьхуш бу цу махкара, бохуш дуьйцу.


Шемара Iедал доха гIерташ долу марша эскаран тIекхетта гIазот дехкинарш иза гIазот дац боху кхайкхамаш хьайре бина Шемара кхечу тIаме оьхуш болчух тера ду, царна юкъахь нохчийн тIемалой бу .

Нохчийн тIемлойн дика хан йолчух тера ду Шемарчу Iедан эскаран дуьхьал тIом беш. Шеман махкара гIаттам болабелча дуьйна, маситта махкара бусулбанан тIемалой цига чу ихна гIазот дан. Царна юкъахь нохчийн тIемалой хилара даьлча дуьйна, сиха йина вайн тIемалоша йо тIеман операциш арахоьцу Шемарчу гIаттамхоша. И тIеман операциш нохчаша еш хилара билгалонаш видиош чохь схьа гойту. Нохчийн мотт буьйцуш схьа хеза оццу операциш еш болу тIемалоша:

Цигара хьолах лаьцна хьостанашкахул цхьа масех Бусулбан Шайхаш, Бусулба кхел олу, Фатьва арахийцира, Шемарчу Iедална дуьхьал тIом бара гIазот ду бохуш. Ткъа кхечу шайхаш иза гIазот а дац хьарам ду бохуш.

Иза гIазот ду-дац боху бIоста Фатьваш дукха даьржича, цхьа болу тIемалой Шемачуьра ара буьйла болабелла, бохуш дуьйцу тергамхоша.
ХIокху Зазадоккху баттахь нохчийн тIемалой Шемара арабуьйлуш хилара билгалонаш а хаамаш бу бохуш Либнанан махкахь цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь болх беш волу Рамзан Мухьмад дуьйцу:

Рамзан: Сийсара хезира тхуна, Шеман махка ДжихӀде бахна бохурш цу чохь дерг нийса доций хиъна, Шемара арабуьйлуш бу Шемара. Уьш, хIинца Туьрко махкахула Африкера Мали махка боьлхуш бу бохуш хезна тхуна Шемахь бакъ джихӀад доцийла хиъна. Ша берш бусулбанаш бу вовше бойуш. Шинхьарчарна герз луш гIазкхий бу.

МР: Вайнаш хира бу аьлла хетий хьуна цу чуьра арабовлуш?

Рамзан: Хета. Вайнаш кхин Ӏовдал ма бу. ДжихӀад аьлча, вайниг масссарна хьалха ваьллла гӀур ма ву. Шемахь дерг нийса доцийла хиъна ара буьйлуш бу вайнаш а.

ТIемалой Африкехь болу Мали олу махка оьхуш бу . Мали мохк, Африкенна къилбседа-малхбузехь бу. Цигахь 15 миллион вахархо ву пхе къомах ваьлла. Царех 90% процент бусулба ву. Малира Таварикъ олу бусулбанаш, шайна паччахьалла йина дIакъаста гIортича, Мали Iедало Францира орца дийхира шайн мохк вовшах ца балийта. Фанцеш шайн эскар Мали дахийтина цу Бусулбийн тобанашна дуьхьал тIом болабайтира кху шара Дечкен баттахь. И тIом хIинца сецна бац.

Нохчийн тIемалошна я Шемахь я кхечхьа тIом бан оьшуш дацар шайн цIера тIом Iад битина аьлла хета Урдунера нохчашна. Африкера Мали хIун башха бу Шеман махкал. Шемара арабовла Мали махка тIом бан гIахь, ДогIанах бовда чоргIе кIел лилхина хира бу нохчийн тIемалой.
XS
SM
MD
LG