ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кинояккхархо Магомадов Руслан Голланде воьдуш ву нохчийн кинематограф гайта


Магомадов Руслан, 2012
Магомадов Руслан, 2012

Голландерчу Роттердам-гIалахь карарчу хенахь дIахьош ю 42-гIа Дуьнеаюкъара Ротердаман кинойн фестивал. Берлинехь, Каннашкахь, Венецехь дIахьочу кинойн фестивалех терра маьIне хилам бу иза кинойн индустрехь.

ХIора шарахь гайта кховдийначу эзарнаш кинойх тоьлларш къастайо. ХIокху шарахь кинойн фестивалехь гайта къастийна Магомадов Русланан «ЦIа» це йолу кино. Киношъяхархо ша а хир ву цу фестивалехь.

«ЦIа» кино чохь гойтуш дерг боккъалла а хилла хIума ду. Йохийначу, тIамо дакъаяьккхинчу гIалахь ша висинчу стагах лаьцна ю иза. И стаг цхьанна оьшуш вац. Цуьнан ваха метиг яц. Деккъа и цхьа цIа ду цуьнан дисина.

Хьалхуо Казанехь дIаяьхьначу бусулбан кинойн Дуьненаюкъарчу фестивалехь тоьллачех ю аьлла къастийна а ю иза. Цул а хьалха иштта лакхара мах хадийнера цуьнан Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь хиллачу кинофестивалехь Kinofest NYC. Германехь, Коттбусехь дIаяьхьначу Дуьненаюкъара кинойн фестивалехь леррина совгIат кхаьчна кино а ю Магомадов Русланан кино.

Цул сов «ЦIа» кино гина Италехь, Тайландехь, Эстонехь, Гуьржийчохь, Испанехь а хиллачу кинофестивалашкахь.

ХIокху шеран Зазадоккху баттахь Руслан Англера Манчестере кхайкхина ву рогIерчу кинойн фестивале.

Карарчу хенахь Роттердамехь дIайоьдучу фестивалехь тоьллачех лерина кинош йовзуьйтур ду Чиллан беттан 1-чу дийнахь.

«ЦIа» кинога хьажа йиш ю интернетехь http://www.youtube.com/watch?v=pRazcxWgSYA

Цул сов, Руслан хинца керла кино яккха дагахь ву нохчийн цIерабахарх лаьцна. 1944-чу шарахь нохчий цIерабохучу хенахь шина вешех хилларг дийца Iалашо йолуш ю иза. Дийцарехь, Нохчийчохь кастинг (актераш къастош) дIахьур ю Нохчийчохь.

Роттердамерчу кинойн фестивалан сайт - http://www.filmfestivalrotterdam.com/en/films/dom-tsah/
XS
SM
MD
LG