ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIера тIеIаткъам ца ловш уьду нохчий


Израил -- lаьрбийн эвлахь шен ден цlарах схьадиллинчу маьждиге гулбеллачу нахана хьалха къамел деш ву Кадыров Рамзан. 23Заз2014
Израил -- lаьрбийн эвлахь шен ден цlарах схьадиллинчу маьждиге гулбеллачу нахана хьалха къамел деш ву Кадыров Рамзан. 23Заз2014

Нохчашлахь олуш ма-хиллара,тахана махкахь тIеман барзакъ дуьхина нах говрахь бу. Цара оьрсийчоьнан низамо хьоьхург чоьте а ца оьцуш хIуъу а дина карадойту. Уьш сел челакха леларо а лоьхку бахархой махкара аьлла хьажам бу цхьаболчеран.

ДIабаха лаам берш кхин а вуно дукха а болуш, хаддаза махках буьйлуш бу карарчу хенахь нохчий. Официалан Iедало а даре до царех дукхахберш, Оьрсийчохь ца совццуш, къайлах а, къулах а дозанаш а хедош, Iа а, баха а Европе дIаоьхуш хилар.

едалдайша дикачу, ирсечу дахарх уьду сурт хIиттош, тIелоцуш а, хьехош а дацахь а адамаша Даймахкана баккъаш беттаран бахьанаш атта кхеталуш ду – болх-некъ цахилар, низамхой бахьнехь хьоьца хIуъу а хила тарлуш, тIекхозабеллий лаьтташ кхерам хилар, ваха-ван а. я шен чохь а стаг маьрша цахилар.

Цхьаболчара кхеторехь дукхахдолчу декъана тахана синтеме, синпаргIатоне салаьтташ махках буьйлу бахархой. Шена хетарг ала могIарера стаг маьрша цахилар, низамаца мел догIуш дацахь а ницкъаллин структураша вахархочунна луьра тIеIаткъам беш хилар кхузахь могIарера гIуллакх ду.

Юьртахоша шаьш къаро а еш нохчий кхечу пачхьалкхашка дIаэхаран цхьа бахьна ду лахахь далош долу масал.

Кху деношкахь Новр а, Теркйист а кIошташкахь тергалделла ишта хьал: билггал муьлш бу а ца хуучу тIеман барзакъ дуьйхинчу низамхоша некъахой сеца а беш, схьа а йохуш, дукха машенаш дIайигна Новр кIоштан Рубежни олучу эвла йистехь кечйинчу гIудане латтор олучу керта дIахIитто.

Шен бIаьргашна гинчух ишта дуьйцу Теркйист кIоштан ЧIурга юьртарчу,ша дIаязвойла ца лиъначу вахархочо: «ДIатесна доьхка дац аьлла дIайигна сан вешин машен. Хьалхара фара-лампанаш летта а ца хилла дIаяккхира кхечуьнгара машен. Лулахо зуда дарбанан цIийне кхачо сихвеллачохь суна цIахь дицделлера кехаташ. Уьш схьакхачо хьаьдда вогIуш ву сан кIант бохуш, мохь оьххушехь йигира цхьаннан «Волга» машен.

уна цхьана меттехь дайна хIума дац нохчийн полисхоша лелориг. Ахь дуьхьало еш хIума алахь, марш тIе хIума туху. ХIорш Iаламат эвхьаза бевлла. Рубежни юьртахь дIа а гулъйина, гIуданаш детта шаьш бохуш, ахчанаш а дохуш дIаелла нехан машенаш. ХIара къемата де маццалц лаьттар ду-м ца хаьа».

у кепара дийцира могIарерчу вахархочо ЧIуьлга-юьртан некъан очакхехь шена гинчух.

Бахархоша кхетадо бакъонаш йоцуш машен хохкуш волчу кхиазхочуьнгара машен дIаяккхар а, некъан низам талхийча сацавар а… Нахана кхета халаниг ду кIоршаме низам а талхош, полисхоша доьхку некъаш, церан юьхьйоцуш бистхилар, маьттаза къамелаш, хам-пусар а дац шу бохучу суьртехь эвхьаза лелар.

Кегийрхой масала, махках бийларан цхьа бахьна лору бахархоша, мацах цкъа тIемалошца уьйр-юкъаметтигаш лелор карла а дохуш, дIахьуш долу лецарш. Кху муьрехь жима стаг лаьцна Соьлжа-гIалин кIоштехь. Цунна бехке дуьллуш ду диъ шо хьалха тIемалошна юург-мерг латторца гIодар. Цунна дуьхьал бехк-токхаман гIуллакх долийна.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хааме даккарца 29 шо долу вахархо лаьцна Соьлжа кIоштехь а. Цуьнга кхийдочу бехкаца хIинцачул 5-6 шо хьалха цо кхачанца а, дехьа-сехьа ваккхарца а гIо дина гIаттамхойн баьччанех цхьаъ ларалуш хиллачу Махаури Азаматана.

Нохчийчохь долчу хьолан, хьаьнцца а хIуъу а хила тарлуш хиларан къеггина масал ду аьлла хета Кавказан къаьмнийн Ассамблеин президент Кутаев Руслан лацар.
XS
SM
MD
LG