ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан мидалш, нешанаш, Iаламаташ


Фалеристика - историн Iилманан цхьа дакъа ду. Цо толлу пачхьалкхахь хиллачу а, долчу а Iедало нахана цхьацца хьунар гайтарна луш долу совгIаташ. Доккхачу декъанна, мидалш а, седарчий а ду уьш. Iилманчас Муцаев Iаьлвис арахецначу книги тIехь тIехула дийцина ца Iаш, кIоргга теллина Нохийчохь тIаьххьарчу 2-3 бIешарахь лаьттинчу пачхьалкхаша деллачу совгIатийн система.

Дуьххьара цо теллина Шамал-Имаман заманахь луш хилла совгIаташ. «Мидал», «нешан», «Iаламат» цIераш хилла оцу заманахь эскарехь лучу совгIатийн, дуьйцу Маршо Радиога книгин авторо Муцаев Iальвис.

Муцаев: «Вайн фалеристика Шемал волчу заманахь дуьйна схьайогIуш ю. Медалех – «мидал», орденах – «нешан», некхатIе тосучу совгIатах - «Iаламат» олуш хилла. Ала деза, тахана йолу совгIатийн система а, хIетахь хилларг а цхьатерра ю. Иштта, кхо совгIат ду тахана а луш. ХIетахь и совгIаташ юккъедаьхнарг нохчо ву - Сафаров Юсуп».

Дукхачу нахана ца хууш а хила мега, амма мидалш а, нишанаш а, Iаламаташ а елла ца Iаш, тIематасадаларехь кхеравелларг, я воьхнарг а хилла билгалвоккхуш Шемалан заманахь. Стеган букъан тIе тоьгуш хилла кIади, я аьтто пхьаьрсах йоьхкуш хилла бехчалг.

Шамал заманахь и совгIаташ дукхачу декъана детех деш хилла, дийцира Iилманчас Муцаев Iальвис.

Муцаев: « Шемала ша луш хилла лаккхарчу хьаькамашна совгIаташ. Иштта, цо бакъо елла хилла наибашна а шайгара совгIаташ дала. Дукха хьолех суьйлийн пхьераша еш хилла и мидалш а, нешанаш а. Цхьаерш терахь долуш хилла, кхиерш - цIераш а йолуш».

БархI декъах хIоттина ю Муцаев Iаьлвис язйина Нохчийчуьрчу фалеристиках книга. Советан пачхьалкхехь а, Ичкерин а, хIинцалерачу Iедалан а совгIатийн система а кхачам боллуш юьйцу цо.

Билгалдолу, масала, Ичкерин пачхьалкхо луш хилла мидалш а, нешанаш а, Iаламаташ а цхьа а дешех а, детех а йина хилла йоцийла. Ткъа хIиинцалерачу Iедало луш йолу Кадыровн нешан а, «Ненан сий» олург а цIенчу дешех дина ду. Хьалхарниг 50 грамм дешех, важа - 30 грамм дешех. КхидIа а дуьйцу книган авторо Мацуев Iальвис.

Муцаев: «Ичкерин хеналерчу совгIатех цхьа а дац дешех, детех дина. Церан кехаташ тIехь ду, цхьа гIуллакх тоделча, хуьйцур ду, аьлла».

Муцаев Iаьлвин книга шен кепехь дуьххьара бина болх бу, 500 экземпляр бен яц зорбане яьлла. Боккха пайда оьцур бу цунах къоман истори толлучара.

XS
SM
MD
LG