ТIекхочийла долу линкаш

ХIу теснначохь кхиадало нохчалла а


Германи --Фирзенерчу нохчийн школехь, къамел деш - поэт Бисултанов Апти, цунна уллехь - школан куьйгалхо Акуева Кийса, 28ГIу2013

Германи --Фирзенерчу нохчийн школехь, къамел деш - поэт Бисултанов Апти, цунна уллехь - школан куьйгалхо Акуева Кийса, 28ГIу2013

Деношкахь луларчу Голландера шайн къомах болу хьеший а кхайкхина, шайгара нохчалла дахчадеш, меттигерчу нохчийн школехь цхьаьна мерза хан яьхьира Германерчу Фирзен-гIалахь бехачу вайн махкахоша. Берлинера веана, хьошалгIахь вара Европано а беза мах хадош волу нохчийн поэт Бисултанов Апти.

Абубакаров Хьадид, Чабаев Лоьма


Голландин дозанна ткъе иттех чаккхарма бен гена яц номцойн Фирзен-гIала. Ткъа дозанал дехьа-сехьа бехачу нахана, ерриг а Европехьчул башха, некъ боьхкуш цхьа а вацаре терра, вовшашца гергарлонаш леладо вайнаха.

Фирзен-гIала – Къилбаседа Рейн-Вестфаллин лаьтта тIехь, коьрта шахьар Дюсселдорф а йолуш, 80 эзар вахархочух лаьтта. Цигахь еха хьехархо Акуева Кийса ю гIалахь нохчийн школа стохка болх бан йолаяларна куьг-бехке.

Шайн Iалашонех а, аьттонех а лаьцна дийцира Акуева Кийсас. Бахьана делларг дара школехь хIоттийначу рогIерчу ненан меттан дийне дуккха а Голландера а, Германера а бераш гулдалар а, цара вуно мехала синкхача луш программа кечйина хилар а.

Акуева: «Школа схьаелла дагадар – иза тхан массеран а лазам бу, берашца шаьш чохь буьйцу мотт кIезиг а хеташ, мотт , гIиллакх-гIуллакх кхин а кIарглур дацара теша аьлла болийна болх бу хIара.

Тхоьца цхьаьна, берийн бала а болуш, къахьоьгу тхан накъосташа – Ахьмада а, Лизас а, Луизас а, Iисас а. ХIара санна суьйренаш оха кест-кеста йо, йийр а ю».

Фирзен-гIалина юьстах, аьлча а, Голландехь еха школе кIиранах маситтаза берашна ненан мотт хьеха схьалелаш йолу Кийсин накъост Мадалова Зараъ. Юьхьанца ша арадаьккхинчун маьIна дан а дуй-те олий хетара шена, амма хIинца, школа шаьш йиллина шо даьлча, ша кхетта иза берашкара нохчалла дахчаден кхерч буйла а, ца хилча ца болуш буйла а, бохуш дуьйцу Зараа.

Мадалова: «Кхо шо кхаьчча а, шо кхаьчча а даймахках къаьстина бераш ду дукха хьолехь кху школе леларш. Сан тахана баккъал а дог реза хилла айса лелочух. Оьший те, аьлла, хетара хьалха. Амма хIинца Голландера хьовха, стенггара а лелар яра со кху сайн балха – эрна дац къахьегар.

...Тхуна гIо оьшу, нохчийн филолог, грамматика евзаш стаг везара школана. Дала мукъалахь, тхо кога а гIур ду, шерра гIулч а йоккхур ю».

Германи - Фирзенерчу нохчийн школе лелаш долу зудабераш, 28ГIу2013

Германи - Фирзенерчу нохчийн школе лелаш долу зудабераш, 28ГIу2013


Фирзенерчу кху денойн бараме веънера Берлинера гоьваьлла вайнехан байтанча Бисултанов Апти. Цо шена гуччу кепара мах хадийра Акуева Кийсас а, Мадалова Зараа а, церан кхин а массех накъосто а нохчийн берашна мотт-гIиллакхаш хьоьхуш бечу белхан.




Бисултанов: «Цу Веза Сийлахьчу АллахIа тIаьхье беркате йойла вайн! Суна доккха хазахетар хилла кхузахь. Бина хаза нехан санна дика болх бу. Дуьненахула, Европехула а, дукха меттигашкахь хилла со, амма иштта дог токхдечу меттигашкахь хилла вац со. Кхузахь дукха дика тIаьхьало хир йолуш гIуллакх го суна.

Бераша хIинцале вуно дика доьшу, яздо, дуьйцу нохчийн маттахь. Къаьсттина билгалдаккха лаьа мехкарша кхузахь гайтина хелхар. ...Кху тIаьххьарчу хенахь и хелхарш мелла а, велха везачохь а, вала везачохь а, деккъа и цхьа хелхарш – уьш хелхарш хилча-м хIун дара - цхьа ирча кепаш лелаеш гора, цунах дикка чам баьлла вара со. Амма кхузахь суна кху зудабераша гайтинарг иза вуно хаза, оьзда, цIена нохчийн хелхар ду. Сан иштта дог эцна меттиг яц, тахана кхузахь санна хаза хелхар ганза дукха хан яра.

Адамаш доггах лелаш хилар го. Кхузахь конкурс а яра, нохчийн мотт, фольклор кIоргга йовзар а гайти бераша. ХIетал-металшна, къорггачу хеттаршна дуьхьал бераша луш долчу жоьпаша гайтира, багахь-дагахь Iамор а доцуш, цаьргахь меттан, фольклоран хаарш дуйла.

Тахана вайн даймохк а – вайн мотт бу, вайн къам а – вайн мотт бу. Мотт дIаболий, даймохк а бац, къам а дац, маршо а яц. Иштта, кхузахь санна хила догIу массо а нохчий бехачохь а».

Оьрсийчохь а, цигарчу дакъошкахь а Кремлан пенашца еха национализман хьу яржочу хьаькамаша, Европа сийсазъеш, цигахь боршаниг сте хилла, стениг борша хилла, гIиллакх-оьздангалла хаьдда бохуш, пропаганда яржаяхь а, Европано нохчийн мухIажиршна берриг а аьттонаш ло дуьненан цивилан гIиллакхех бола а, шайгахь нохчалла дебон а, бохура Бисултанов Аптис.

Бисултанов: «Ала лууш берш дукха бу вайн тахана. Кху Европехь шена оьшуш дерг карадо хьанна а. Кхузахь цхьа галбевлла, хIунах къастабелла, цхьа цомгуш, маьттаза лелаш нах хуьлу бохуш даржадо. Масала, со Европехь пхийттех шарахь ву, суна-м ца гина и нах кхузахь. ХIоранна а шена оьшург го. Суна кхузахь нохчий го-кх, яхь а йолуш, оьзда а болуш, гIиллакхе а болуш, мехкарий а, къонахий а. Хаза, чIарх-аьлла, Iамош нохчийн мотт а бу, деш ламаз а ду».

Германи -- Ша цIокан кIаденех ден сурташ гойтуш ю нохчийн школан хьехархо Мадалова Зараъ, 28ГIу2013

Германи -- Ша цIокан кIаденех ден сурташ гойтуш ю нохчийн школан хьехархо Мадалова Зараъ, 28ГIу2013

Ерриг Германехь а, Европан, Iамеркан, Малхбаленан кхечу мехкашкахь а бехачу нохчашна тоьлла масал гойтуш бу жимчу Фирзенехь массех жигархочо нохчийн берашка нохчалла доссош бен болх.

И санна масалш ду гайта дехьа-сехьа ехачу кхечу нохчийн тобанийн а. Амма масалийн могIара а баьлла, дела денна беш болх хила догIу цунах муьлххачу а жима-йоккха нохчийн мухIажирийн тоба мел ехачохь. ТIаккха баккъал а тешийла хир ду, децIа, Нохчийчоь, цIинъярехь, хьунех паргIатъяккхарехь хенан йохалла арахьара нохчий а пайде хирг хиларх.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG