ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Республикин Iедал балхара дохийна


Нохчийчоь -- Нохчийн Республикин Iедал балхара дохийна, Соьлж-гIала, 2012
Нохчийчоь -- Нохчийн Республикин Iедал балхара дохийна, Соьлж-гIала, 2012

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен даржах дохийна еарин дийнахь республикин Iедал. Кадыровс динчу дIахьедарца, цо куьг таIийна цу хьокъехь долчу документана кIел.


Еарин дийнахь премьер-министран дарж кхочуш дечу Даудов Мохьмадца шен хиллачу цхьанакхетарехь бина и хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Министарш бинчу балхана ша реза ву, амма и сацам тIеэцаран бахьана, и болх кхечу, лаккхарчу тIегIан тIе баккха дина ду аьлла цо.

«Зама цхьанаметтехь лаьтташ яц, вайна хьалхахь дIахуьтту керла Iалашонаш. Цундела уьш кхочуш ян керла некъаш а, тактика а, стратеги а еза»,-аьлла тидам бира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Минстрийн кабинетан декъашхошна, керла Iедал вовшахтоххалц, белхан декхарш кххочуш дар тIедожийна республикан куьйгалхочо. Кадыровс ца аьлла, мила вуьсур ву, мила вухур ву шен даржера. Амма цо бахарехь, цхьацберш дIа а бохура бу, керла нах юкъа а бахкора бу.

Министрийн кабинет балхара дIаяккха мега аьлла, дуьйцуш а, хьахош а дацара. Жимма хьалхо юкъараллехь дийцаре даьккхина дара, премьер-министр волу Байсултанов Одес кхин а лаккхарчу балха воьдуш ву аьлла.

Iедалан юккъерачу хьостано бинчу хаамца, хIинца садоIуш волу Байсултанов Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхочуьнан Хлопонин Александран хьалхара гIовс хIоттош ву.

И къамелаш дукха шуьйра даржар бахьана долуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо меттигерачу телевизионехь хаам бира, Байсултанов балхара дIаваьккхина вац, иза шен болх кхин дIа а бийр болуш ву, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG