ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу даржхошна а, Iедалан белхахошна а керла декхар тIедожийна


Kadyrov and members of Russian State Duma
Kadyrov and members of Russian State Duma

Нохчийчоьнан куьйгалло меттигерчу даржхошна а, Iедалан белхахошна а тIедожийна социале машанийн агIонийн адресаш шайн белхан хьаькамашка чудалар.

Нохчийчоьнан куьйгалла хIинца а меттигерчу куьйгалхойн социале машанийн аккаунташ лоьхуш ю. “Кавказ.Реалии-н” финансийн министераллин карадеана цу хьокъехь тептар.

низам
низам

Цу тептаро тидам тIебохуьйту дуккхаболчу даржхоша и тайпа информаци хIинца а чуелла ца хилар. Нохчийчоьнан куьйгалло дIахьедо, социалан машанийн аккаунташ чу ца еллачу белхахойн кхин дIа болхбан йиш хир яц, аьлла. И информаци белхан хьакамашна чуялла декхарехь бу цамгарийн бахьанехь а цIахь Iен белхахой тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG