ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисин урамашкахь йина ойланаш


Гуьржийчоь -- Таханлера Тбилиси, 27Манг2012
Гуьржийчоь -- Таханлера Тбилиси, 27Манг2012

Нохчийн юкъараллах а, нохчийн къоман хилларг а, лелларг а дуьйцуш даиман а вай хьехораш ду вайн кхачамбацарш. Вайнехан кхолламах лаьцна ойла еш дагадогIу цкъа а, нийсо а, бакъо а бухе а йиллина, лортIехь даха Iемар дуй-те вай олий.

Цу хаттарна луш долу жоп а ца хуьлу дегайовхо луш. Амма Нохчийчоьнан дозанца йолчу Гуьржийчохь кху тIаьхьарчу хенахь хиллачу хийцамаша сатийсам ло вайна а, цхьаъ далур дацар-те вайга а олий.

2003-чу шарахь Лахьан-беттан 22-чу дийнахь Гуьржийчоьнан керлачу парламентан хьалхара кхеташо дIайолалуш оппозицин декъашхоша, шайн коьртехь Саакашвили Михаил а волуш, герзан метта караэцна роза олуш долу зезагаш а долуш дIалецира парламентан гIишло.

Цу хенахь депутаташна хьалха къамел деш хиллачу президентан Шеварднадзе Эдуардан дийзира, гIаролхошка го а байтина, цу чура дIаваха. Иштта "розийн революци" хилира Нохчийчоьнан дозанца Iуьллучу Гуьржийчохь. Цул тIаьхьа иттех шо даьлла.

Тахана Гуьржийчоь евзар яц бохуш хуьлу, цигахь хилла нах. Царах ву, цу махкахь кхо бутт а баьккхина, кху деношкахь ша вехачу шен Парижерчу хIусаме юхавирзина волу Вачагаев Майрбек. Вачагаев историн Iилманан доктор ву. Керлачу ГIуьржийчоьнах лаьцна иштта дуьйцу цо.

Вачагаев Майрбек: «Масийтта шо а даьлла, цига вахча а бен ца хаало цигара хийцамаш. 7-8 шо хьалха иза дукха декъаза пачхьалкх яра. Iедал доьхна дара цигахь. Тбилисехь Iедал хиларх, кIошташкахь цхьа а Iедал дацара. Серло а, газ а йоцуш, чIогIа балехь бохкуш бара цигара нах.

Кху тIаьхьарчу хенахь баккхийн хийцамаш го хьуна цигахь. Хийцамаш муха бу? Газ я, серло яц вай юьуйцург. Царна-м хIун дийра дара. Газ шаьш ца ло аьлла, оьрсий дуьхьал бевлча, Азербайджанца а, Казахстанца а барт а бина, иза дIанисдира цара.

Уггаре а хьалха цигахь гуш ерг ю Iедал хиларан билгало. Массо а хIуманна тIехь низам ду цигахь. Леларца а, полицин балхаца а низам ду. Хьалха со цига вахча полицино ахча ца оьцу аьлча, къайлаха ахча дала гIоьртинера со, некъа леларан кеп а йохийна тхаьш совцийча. 10 лари кховдийнера аса. Иза дага а хIунда деана аьлла, со полице дIавига дагахь бара уьш.

Туьканахь, хьо мел вехаш хиларх юхалуш йолу кепек йита йиш яц. Хьалха хилла гуьржий буй-те хIорш олий, со цецваккхар цара. Хьалхалера гуьржий ахьа кепекана хIума эцча, диснарг схьа хIунда доьху бохуш санна, реза боцуш хилара.

Банкехь чот схьаелла хьуна оьшург ю ахьа хьайн цIе язъян йоккхуш йолу хан а, компьютер тIехь кехат кечдан оьшуш йолу хан а. Машен номер схьаэца оьшург а ю 15-20 минот. 25 минот яьлча латкъам бан йиш ю хьан Iедале. Кху Францехь 25 дийнахь иза дича а цецвер волуш хIума ду. Ткъа цара иза сиха до.

Хийцадели-кх цаьрга иза оцу сохьта. Кху 7, 8, 10 шарахь цаьрга иза хийцаделла хилар гуш суна уггаре а хьалха дагадеанарг дара... кхаьрга а иза дан деллехь, вайга муххале а далур ду иза аьлла хийтира суна».

Гуьржийчохь хиллачу бIаIаьржа хьолах лаьцна дуьйцу Iедал хийцадалале цхьа шо хьалха цигахь нисъеллачу Нохчийчура яхархочо Сатаева Маликас.

Сатаева Малика: «Вайн цIахь тIом боьдуш а болуш ду иза. Бакохара Тбилисе яха езаш хьал нисделлера сан. ДIайоьдуш а, юхайогIуш а чIогIа хала дара. Цкъа азербайджанхоша, постехь ахча доьхуш, хьийзийра со, тIаккха Тбилисера юхайогIуш (чIогIа къелла яра цигахь) соьца цIерпоштан тIе хевшинчу дозанхоша хьийзийра со, ахча доьхуш.

Иза хIунда леладо аша аьлча, шаьш шайн хьаькамо балхара дIадохур ду, ахча дIалуш ца хилча бохуш, бара уьш. И ахча даккха а, и декъан а бен шаьш кхузахь хIунда Iаш ду моьтту хьуна, бохуш дийцара цара, иза хьан бехк болуш санна. Дозанехь охьабисса безаш хиларна соьгахь дерг дIа а эцна дIабахара уьш».

Гуьржий а, вайнах а цхьа амал йолуш нах бу. Цундела мехала бу вайна церан юкъараллехь хуьлуш болу хийцамаш. Амалш цхьатера хилар сов нохчашца уьш гергарло дезаш хилар а хааделира шена бохуш дуьйцу Тбилисехь кхаа баттахь студенташна хоьхуш хиллачу Iилманчо Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: «Билгалонаш ю царна юкъахь. ХIордаца бехарш цхьа амал йолуш бу, ломаца бехарш мелла а вайца гергарло лелийна а бу, нохчий бевзаш а, церан гIиллакхаш девзаш а бу.

Питана тийса а гIиртира цхьана хенахь. Басаевс Абхази схьайоккхуш дакъалаьцна хилар дара цара дуьйцуш. Амма Iедало уьш дийца ца деза, цигахь массо а къаьмнийн векалш а бара аьлла болх бича...Цундела вай атта кхета-кх царах. Уьш вайх а кхета. Вайн (дика) юкъаметтигаш вайн дайшкахь дуьйна хилла ю».

Нохчийчоь маьрша ю бохучу шерашкахь а, цул хьалха а хьал кхин хийцаделла дацара. Дудаев ДжовхIарна а, Яндарбиев Зелимхина а, Масхадов Асланна а юххе бевлла нах, дIоггара лакхенашка кхийдар ца гира махкарчу бахархошна. ДIадуьйцуш дерг багахь цхьаъ хиллехь а, гуш дерг а, нислуш дерг а кхин дара.

И «кхин» дацара къомо сатийсинчуьнца догIуш. ТIаккха юха а хаттар кхоллало, мел ницкъ болуш ду вай баккъалла а цу сирлачу дахаре тIегIерта олий. Вачагаев Майрбек тешна ву иза далург хиларх.

Вачагаев Майрбек: Цу хенахь даьржина дара дерриг а. Советан Iедал доьхна, хIун дан деза ца хууш хьал дара. Цу хенахь Iедале веанчу ДжовхIарна а, кхечарна а пачхьалкх муха ян еза ца хаара. Цара министралла дIакхехьа борша къонах веза бохуш, и хIуманаш дийцара. Къонах а, боьрша а хиларх ца тоьа, хьан хьекъал дацахь.

Вайн цIахь Советан Iедал долчу хенахь хилла кхетам бисинера. Нохчий ду бохуш нехаш тIехьекхарх вай хьалха девр дац. Иза динна система ю. Оцу Оьрсийчоьнан системица (Iедалша) вай кхиош ду, цара дIалелош ду. Цигахь долчулла а совнаха вай долчехь хIумма а дац.

Цундела керла Iедал а деана Гуьржийчохь санна... Цара хIун до. Полицехь мел хилларг пенсе вохуьйту цара, 25 шарахь а, 20 шарахь цо болх бинехь а, баркалла хьуна, кхин цкъа а хьой полицехь болх бина ву аьлла хьеха ма делахь олий. Уггаре а хьалха цара дIаяьккхинарг яра шайн ФСБ, кхерамазаллин сервис, меттигера КГБ яра-кх иза.

Кегийра нах деша бахийтинера цара Iамерке а, Британе а, Франце а, кхечу пачхьалкхашка а. Тахана цигахь оьрсийн мот кIезиг хууш кегийра нах бу. Амма кхин меттанаш буьйцуш дуккха а Iедалхой бу цигахь.

И хийцамаш бан 20 шо ца эшна царна. 7 шарахь 4-5 миллион болу шайн бахархой, и кхетам чу а боссийна, кога ирахIиттош бу цара. И хьал вайн цIахь хIотто динна чIуран хан ца оьшу. Гуьржаша вайна гайтина и масал. 7 шо бен ца дийзира царна»

Нохчийн хир болчу кхолламах лаьцна ойла еш, ца довла вай юха ца хьажча а. Вачагаев Майрбек историн талламаш беш дуккха а цхьанна а гина доцу вайнехан исторех лаьцна документаш дешна ву архивашкахь. Вайнехан амалш юйцуш яздина кехаташ а хилла царна юкъахь. Ткъа муха буьйцуш хилла оьрсийн эпсарша а, Iедалан векалша а, поэташа а, яздархоша а нохчий? Вачагаев Майрбека дуьйцу.

Вачагаев Майрбек: «Полежаев бохуш поэт хилла, шен хенахь цIе йоккхуш хилла ву иза. Вай долчехь хилла ву иза. Цо язйина Гермачик схьайоккхуш цо язйина байт. Лермонтовс язйинчу «Валерик» байталла а чIогIа юй-те аьлла лоруш ю иза. Цо боху: «Вай хIун масал лур дара кхаьрна? Кхаьргара схьаэца дезаш дуккха гIиллакхаш ду вайна. ТIаккха пайда хир бара вайн пачхьалкхана».

Изза Паскевич схьаоьцур вай. Иза а кхуза веача цецволу лелочух. Нохчийн гIиллакхех цецвуьйлуш хуьлу иза. Цкъа а нохчаша маьттаза ца даьккхина оьрсийн салттийчуьнан дакъа.

1824-чу шарахь оьрсийн Iедална дуьхьал бевлла декабристаш бахкийтина хилла Кавказе. Ца хилла цигахь йовха а ю, цигахь дика хир ду царна аьлла. Цигахь тIом болун дела, цигахь нах бойуш хиларна, цигахь балар нислур ду цера аьлла, бахкийтина дуккха а декабристаш хилла вай долчу агIора. Цара яздо (нохчех лаьцна): «Вай кхаьрна деана гIиллакх цхьаъ бен дац, вата еана вай кхаьрна».

Вай хийцаделла олу вай, халахеташ. Со цунна реза ца хуьлу. 99 процент къам къовладелла Iаш ду. Шайн дагахь дерг ца хоуьйту наха. Эзар стаг (ледара) хилча а, къоманна тIедужуш дац иза. Тахана нах хийцалур бац омра даларх. Цуьнан шен некъ хуьлу».

Тахана "сепаратизм" боху дош хезча са маллуш нахах яьккхина ю Нохчийчоь аьлла, хеталахь а, хена яхала хIун хир ду хууш стаг вац. Амма Нохчийчоьнан кхоллам мухха а хилахь а, шайн юкъаметтигаш адамаллан кепе а ерзийна, ца баьхча бевр бац нохчий. Муха го и некъ нохчийн истори дика евзачу Iилманчанна Вачагаев Майрбекана.

Вачагаев Майрбек: «Тахана вай хIуъа а дийцича а, дерриг а Москох доьзна ду. КIоштахь, Москох бакъо а елла а бен, судхо, я прокурор дIахIотто а йиш ца хилча... Шаьш лелош долчулла а вай тIех девлча, вай царна новкъа ду. Москохо юьхьар лаьцна иза некъ мел бу, вайн цIахь а изза бен хила йиш яц. Оьрсийчоьнан Федераци вайн лулахо хиллалц аьтто а хилла, паргIато а хилла и хIума хир ду аьлла, ца хета суна».

Вай тахана нохчийн кхолламах лаьцна ойла еш масал далош бийцира, дерриг а дуьне цец а доккхуш, масийтта шарахь шайн дахар хийца аьтто баьлла болу гуьржий. Тахана Саакашвили Михаил, даржера экка а вина, хьалха лерачу шайн хоьвдане юхаберза гIерташ ма бу уьш аьлла, Iоттар ян а тарло цхьаболчу ладогIархоша.

Амма бакъдолу долу сурт иштта ца хиларна тоьшалла до Иванишвили Бидзина коьртехь волу Iедал Гуьржийчохь дIахIоьттинчул тIахьа цу махкахь хиллачу Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: «Кхузара, арара, дIахьажча иштта хета иза, хьажахь, юха а оьрсашна тIебаха гIерташ бу-кх хIорш олий. Цунах лаьцна, гуьржий юха а хийцалуш бу аьлла, яздеш дукха го суна.

3 бутт баьккхира аса цигахь, Iедал хийцаделлачул тIаьхьа. Суна гина сурт иштта дара. Саакашвилис динчунна уьш дуьхьал бац. Цо динарг нийса ца дина аьлла хеташ а бац уьш.

Хьо кхечу махкара веана хилар хиича, дерриг а охьадуьллуш Iедал дара цера. Шаьш суьйранна оцу дикачу некъа тIера, оццула хазачу гIалара, чу а даьхкина, шаьш шайн неI дIакъевлича шайн проблемашца шаьш дисара шаьш бохуш, дуьйц цара.

Цигахь (юккъерчу барамехь) алап 300-400 лари бен лац. Иза ца тоьара царна даха. Саакашвилин коьрта цакхетам иза бара аьлла хета суна. Царна (кхин а) жимма хийцам безара. И хийцам уггаре а хьалха шайна, цхьа сом бен дацахь а, иза тIекхетар долу хийцам бара цара лоьхург. Цундела Иванишвилехьара, кхаж а тесна, иза хьалхаваьккхира цара».
XS
SM
MD
LG