ТIекхочийла долу линкаш

Мангал-бутт - нохчийн къизачу исторехь


Нохчийчоь -- Ичкерийн президент а, нохчийн тIемалойн хьалханча а Садулаев Iабдул-Хьаьлим.

Нохчийчоь -- Ичкерийн президент а, нохчийн тIемалойн хьалханча а Садулаев Iабдул-Хьаьлим.

Цара цхьа а хIума диц а ца дина, уьш цхьаьна а хIуманна Iама а ца Iаьмма аьлла, гIарваьлла хиллачу Францин пачхьалкхан политико Талейран Шарла. ХIинца а кхоччуш язйина йоцучу, нохчийн исторехь дуккха а хилла вайнаха йиц а ца йина, амма царна масала а ца хилла йолу сингаттаме а, къиза а агIонаш.

И стаг ца хилла нохчийн доттагI а, нохчийн хестош байташ а, дийцарш а яздеш волу поэт а, яздархо а. Мелхо а шайн Даймохк Iалаш бан гIерташ болчу вайнахца тIом беш хилла иза. Амма ТIехьа Мартан-кIоштахь ВаларгтIехь цхьана цIа чохь вовшахтоьхна ю цу стагана лерина йолу музей.

1840-чу шарахь Мангал-баттахь Нохчийчу кхаьчна волу оьрсийн гIарваьлла волу поэт Лермонтов Михаил, поручик даржехь а волуш, дакъа лоцуш хилла инарло Галафеевс куьйгалла дечу бекхаман операцехь. ВаларгтIехь хиллачу тIамах лаьцна шен уггара евзаш йолу байт а язйина цо.

Оццу шарахь Теркайистерчу масийтта эвлара нах, шайна юкъахь Лакхара а, Лахара а Неврера а, Бена-юьртара а, НогIамирзин-юьртара а, Калаусера а нах а болуш, шайн бахам а оьций, лаьмнашка дIабоьлху, тIом беш болчу шайн махкахойх дIакхетар Iалашонца.

1822-чу шарахь Охан-беттан 1-чу а, 2-чу а деношкахь ЦIоьнтарара наиб ШоIип-молла коьртехь волчу нохчийн тIемалойн тобано хIаллак до инарла Граббе коьртехь волу оьрсийн эскар. Цу тIамах лаьцна дуьйцуш ву историк Нашхоев Мурад.

Нашхоев Мурад: «Инарла Граббе цу хенахь вайн махкахь дика вевзаш хилла. ТIемаш а бина цо французашца а, кхечаьрца а. ГIура-баттахь 1816 шарахь полковник хилла иза. 1829 шарахь нохчашца тIом бина аьлла, цунна эскархочун цIе елла инарла-майор ву аьлла. 1837-чу шарахь иза хилла инарла-лейтенант.

1842-чу шарахь Граббе ДаьргIа схьаяккха аьлла, тIом бан веана хилла. Цуьнца хилла 4 эзар сов эпсар а, салтти а. Цигахь тIом болийна цо, амма цуьнан цуьнах гIуллакх ца хилла. ХIунда аьлча, цунна дуьхьало йинарш ШоIип-моллас дика кечбина хилла. Алдара Юсуп-Хьаьжа а хилла цигахь. Цу хенахь иза вевзаш стаг хилла.

Иза хилла топограф а, тIеман инженер а, картограф а. Цо дуьххьара хIоттийна хилла Нохчийчоьнан карта. Цара чIогIа дуьхьало йина. ЦIеххьана дитташ охьаэгаш хилла, цIеххьана, мичара йолу ца хууш, топ йолуш хилла. Мангал-беттан 3-чу дийнахь ШоIип-моллас шен тIемалошца хIаллак йина Граббен арми. Граббе дIа а ца кхаьчна ДаьргIа. Мангал-беттан 1-чу дийнахь Граббес омра делла, юхадерза деза аьлла. Цуьнан оццула йоккхачу армех къезиг нах бисанера бохуш, дуьйцу историкаш, ша аьлча, Головина.

Граббен арми Герзеле юха йоьду Мангал-беттан 4-чу дийнахь 1842-чу шарахь. Граббен армин юкъара вийна а, лазийна а хуьлу 66 эпсар а, 1800 салтти а».

1877-чу шарахь Мангал-беттан 24-чу дийнахь, Нохчийчоь дIалаьцна лаьтташ долчу, оьрсийн эскаран буьйранчо инарло Свистуновс кхайкха до хIора гIаттамхочух иза дийна валахь а, я вийна валахь а 25 сом лур ду ша олий.

Оццу Мангал-беттан 24-чу дийнахь Iуьйранна Кожалк-Дукъ олучу меттигана гена доцуш кхаа агIора штурм йола йо оьрсийн эскарша. Цу штурмехь дакъа лоцуш хуьлу шина батальонах а, шина ротех а лаьтташ йолу полковникан Батьяновн тоба а, гIалгIазкхийн ши рота а, гIалгIайн а, хIирийн а, гIуьнкийн а кхо рота а, меттигерачу милцойх лаьтташ йолу нохчийн тоба а, подполковника Кнорринга куьйгалла деш йолу Куринский полкан ши рота а, полковник Долговн тобанаш а. Цу меттигана го бина лаьтташ хуьлу полковникан Нуридан 6 рота а, 300 гIалгIазкхи а, яккхийн тоьпаш йолу эскаран тоба а.

Царна дуьхьал лаьтташ хуьлу 300 нохчи, шайн коьртехь Элабек-Хьаьжа а волуш. Сарахь оьрсаша дIалоцу и лакхе. Бода булуш, мостагIчуьнан го а хадабой, Симсир олучу эвлана гонах йолчу хьаннашка вулу Элабек-Хьажа.

1906-чу шарахь Мангал-беттан 28-чу дийнахь Оьрсийчурча хьоладайн бахамаш ларбан нохчийн къомах болу гIаролхой лийцар дитахьара олий, вист хуьлу Оьрсийчоьнан 1-чу Пачхьалкхан Думехь депутат волу Нохчийчура Iилманча Элдарханов Таьштамир.

1918-чу шарахь Мангал-беттан 8-чу дийнахь Османан империца барт бо Ламанхойн Республико.

1918-чу шарахь Мангал-беттан 22-чу дийнахь ГIойтIарчу кхеташоно сацам бо Шерипов Асланбек коьртехь волу нохчийн цIе арми кхолла.

1927-чу шарахь Советан Пачхьалкхо сацам бо Гуьржийчоьнна а, Нохчийн Автономин Гонна а юкъахь доза билгалдаккха леррина комисси кхолла.

1946-чу шарахь Мангал-беттан 26-чу дийнахь, нохчий махках баьхна ши шо даьллачултIаьхьа, «Известия» олучу газет тIехь масийтта могIа язбо, ГIирмера гIезалой а, нохчий а Советан Пачхьалкхехь кхечу метте дехьабаха указ арахецна РСФСР-н Лаккхарчу Кхеташонан президиумо олий. ГIалгIай цу хаамехь хьахийна а ца хуьлу.

1950-чу шарахь Казахстанерчу Лениногорск-гIалахь нохчашна тIелатар до даш доккхучу шахтехь болх беш болчу цхьацца регионашкара цига балха баьхкинчу наха. Цу бохамехь воь 36 нохчи. Царна юкъахь хуьлу баккхийн нах а, зударий а, бераш а. Историкаш дийцарехь, уьш дIабоьхкина бу цу гIалахь шина кошахь.

Амма цу гIалахь и кешнаш ду бохург бакъ дац бохуш, дуьйцу Лениногорскехь вина а, ваьхна а волчу Маршо Радион аналисто Шарипжанов Мерхата.

Шарипжанов Мерхат: «Белхан план кхочуш еш яцара. Амма иза кхочуш яйта жоьпаллехь болу нах жигара хьийзаш бара. Цундела цара тIеIаткъам бора нохчашна. Кхача тоьаш бацара. Кхачанан сурсаташ шайн карахь долу эпсарш гIертара уьш лечкъо а, дIадохка а.

ТIаккха нохчашна юкъахь реза бацар иккхира. Царна репрессиш йира Iедалша. Цунна юкъаозийна дара къаьмнашна юкъахь цабезам хилар а. Къепедацарш ши-кхо де далале сихха совцийра. Цхьаберш чу а боьхкира. Амма байина болу нохчий цигахь дIабоьхкина аьлла, хеташ вац со.

Цу гIалахь йолу леррина комендатура долахь яра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан. Цо Iуналла деш дара цигара хьал. Суна хетарехь, байинчера декъий, цхьана метте дIа а даьхна, лаьттах доьхкинера цара».

1956-чу шарахь Мангал-беттан 12-чу дийнахь Советан Пачхьалкхан министрийн кхеташонан гIантде хьалхарчу когаметто Микоян Анастаса Кремлехь тIеоьцу нохчех а, гIалгIайх а лаьтташ йолу делегаци. Советан Iедалшка Нохч-ГIалгIайчоь юхаметтахIоттаяхьара аьлла, дехар долу кехат дIало цара Микояне.

1989-чу шарахь Мангал-баттахь Нохч-ГIалгIайн Коммунистийн партин рескоман бюрос хьалхара секретар хоржу Завгаев Докку. Иза хуьлу дуьххьарлера Советан зама йолуш хIоттийна волу нохчийн куьйгалхо.

1992-чу шарахь Мангал-беттан 8-чу дийнахь Нохчийчура ара доху дерриг а Оьрсийчоьнан эскарш. Оцу хенахь цу пачхьалкхан тIеман министр хуьлу Грачев Павел.

1995-чу шарахь Мангал-беттан 14-чу дийнахь Басаев Шемил коьртехь волчу тIемалойн тобано рейд йо Оьрсийчоьнан территори тIе. Цара дIалоцу Буденовск-гIала. 1500 закъалтхо дIа а лоцу цара цигахь. Эххаре а Оьрсийчоьнан Iедалш реза хуьлу Нохчийчохь машаран дийцарш дIадоло.

1996-чу шарахь Мангал-беттан 16-чу дийнахь президентан харжамаш хуьлу Оьрсийчохь. Хьалхарчу муьрехь толам боккху Ельцин Бориса. И харжамаш тIекхача къеззиг хан йисча, Ельцин Борис воьду Нохчийчу. И денош дагалуьйцуш ву «Грозненский рабочий» газетан редактор хилла волу, хIинца Коммерсант-газетан корреспондент Мурадов Муса.

Мурадов Муса: «Харжамаш хила дикка хан йолуш дара иза. Харжамашкахь толам баккха кечвелла волчу Ельцин Борисан авторитет охьаяьлла яра. Цуьнан коьрта бахьана, суна хетарехь, нохчийн махкахь боьдуш болу тIом бара. Цигахь бойуш, цIа кхоьхьуш бара гIазкхийн салттий.

ТIом бахбеллера, Ельцин Борисах нехан чам баьлла хIоьттина сурт дара. Цунна гонах болчу наха аьлла хир дара цуьнга хIун дан деза. Кавказехь а, Нохчийчохь а долчу гIуллакхца йист яьккхина аьлла, кхайкхам а бина, хIума ца дахь, шеко йолуш бара уьш, толам баккхалур бу бохучух.

И тIом бахьана долуш коммунисташ критика еш бара Ельцинна а, цуьнан уллерачу нахана а. ТIаккха цIеххьана веара иза Нохчийчу. Цуьнан Iедал дара, ша лелош долу хIума, цIеххьана деш. Эскаре а веана, дIахьедар дира цо, эскарна баркалла а олуш, тIом дIабизина аьлла.

ЦултIаьхьа цхьацца бахаьанаш лелийра цара, тIом дIаберзо а, иза чекхбаккха а аьлла. Несарахь нохчийн а, оьрсийн а делегацеш цхьаьна а кхетна, куьйгаш а яздина, цхьацца кехаташ а кечдира. Амма иза а баш бух болуш хIума дара аьлла-м ца хета суна».

1999-чу шарахь Мангал-беттан 23-чу дийнахь Нохчийчоьнан президенто Масхадов Аслана шен омрица тIеман министралла кхуллу, Хамбиев Мохьмад коьртехь а волуш.

2000-чу шарахь Мангал-беттан 12-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Нохчийн Республикехь цхьанаханна коьлллинчу администрацин коьрте хIотта во республикера муфтий Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

2006-чу шарахь Мангал-беттан 17-чу дийнахь Устрада-Эвлахь хиллачу тIематасадаларехь воь нохчийн тIемалойн хьалханча, Ичкерийн президентан даржехь волу Садулаев Абдул-Хьаьлим.

Цигахь хиллачух лаьцна иштта хаам бира Маршо Радион Нохчийчурча корреспонденто Гичаев Бислана.

Гичаев Бислан: «Устради-Эвлахь Садулаев Iабдул-Хьаьлим ву аьлла, хааделла хилла царна. Дуьхьало а ца еш, кара вола аьлла, шега мохь тоьхча, цо дуьхьала герз тоьхна хилла. И бахьана долуш Садулаев Iабдул-Хьаьлим а, цуьнан накъост а вала а леш, хIума хилла цигахь. Кхин а ши нохчийн тIемло, шайна бина го а хадош, Мескер-Эвла йолчу агIора машенахь къайла ваьлла бохуш, дуьйцу.

Оцу тIематасадаларехь вийна ФСБ-н белхахо а, цхьа нохчийн милцо а. Пхи стаг еза чевнаш йина ву. Садулаев Iабдул-Хьаьлим а, цуьнан тIеман накъостий а тIебиссина хилла Устрада-Эвларчу цхьаьна хIусаме. Меттигерчу бахархошна хетарехь, Садулаев Iабдул-Хьаьлим а, цуьнан накъостий а цигахь бу аьлла, мот бинарш, ши-кхо де хьалха кара бахана болу нохчийн тIемалошца юкъаметтигаш лелийна болу нах бу».

Ша веле нисса цхьа шо хьалха, 2005-чу шарахь Мангал-беттан 17-чу дийнахь Маршо Радион хаттаршна жоьпаш делира Садулаев Iабдул-Хьаьлима.
Церах цхьаъ дара, хIун пачхьалкх хIотто гIерташ къийсам дIахьуш ву хьо а, хьан накъостий а аьлла.

Цу хаттарна иштта жоп делира шен духхьара а тIаьххьара а интервьюхь Ичкерин лидеро Садулаев Iабдул-Хьаьлима.

Садулаев Iабдул-Хьалим: «Цу хаттарна нохчийн халкъо, шен коьртехь шаьш нохчаша, шайн лаамехь хьаржина куьйгалхой а болуш, жоп делла дукха а хан ю. Нохчашна езарг маьрша а йолуш, бусулба а йолуш, лулахошна тешаме йолу, цаьрца гергарло долуш йолу пачхьалкх ю.

И пачхьалкх дIахIотто нохчийн халкъо дуккха а шен къентийн а, йоIарийн а синош кхоа а ца деш, цу некъатIехь дIаделла а ду. Иштта, иза дIадала кийча а болуш, лаьтташ муджахIидаш а бу, царна тIаьхьахIоьттина лаьтташ долу халкъ а ду. Ткъа нохчийн халкъ бIе процент бусулба хиларе терра, нохчин халкъана, дин юкъара а даьккхина, шен маршо гина яц. Дин шайн гIиллакхашна юкъахь а нохчаша лардина ду. Нохчийн дуккха а гIиллакхаш динан юкъара схьаэцна а ду.

Шайн културина юкъахь а нохчаша дин лардина ду. Цундела, иза юкъа а далош, шен оьздангалла а, шен маршо а, шен паргIато а, шен дин а муьлхха а тIевеанчу стаганна а, маьршша пачхьалкх а хилла, иза тIелаца ният а долуш, маьрша пачхьалкх а езаш, Iалашо ю схьалаьцнарг. И Iалашо дIахецна а яц, иза цкъа а дIахеца йиш йолуш а яц».

Иштта бара нохчийн исторехь Мангал-баттахь хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG