ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш а санна, нах идор а ца хеда Дагестанехь



Биллина тIемаш латтарал совнаха, нах бу Дагестанехь дела денна санна бовш. ГIизларара вахархо Ибаргимов Хьаьжамурд вайна, аьлла, орца кхайкхийна Дагестанехь евзаш йолчу бакъоларъярхочо Магомедова Сапията. ХIинжа-ГIала шен машенахь воьдуш еарий дийнахь вайна Ибрагимов. Ткъа полицино бечу хаамца, цунна хууш дац хилларг.

Цул де хьалха вайна лохуш ву гергарчара Куркент-юьртара имам Агарагимов Феликс. Машенашкахь баьхкинчу ницкъахоша вигина иза, тешаша чIагIдарехь. Ткъа хIинца Iедало цунах дерг а дац шена хууш аьлла нахе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG