ТIекхочийла долу линкаш

Австрехь дIахецна нохчийн имам


Австри - Венера маьждиг, 29Манг2014

Австри - Венера маьждиг, 29Манг2014

Нохчийн кегирхошна Шема тIаме бахар марздеш хилла бохучу шеконашца лаьцна хилла волу Австрера нохчийн маьждиган имам дIахецна Iедалхоша, цуьнан бехк тIечIагIбан тоьшаллаш ца тоьу аьлла.

Шемахь а, Иракъехь а тIемаш бина европахой Цхьаьнатоьхначу Штаташка бахкарх кхоьру Обама Баракъ. И шен сингаттам цуо Iамеркерчу ABC телеканале бовзийтинера, Гергарчу Малхбалехь хIоьттинчу хьолах лаьцна ша дуьйцучохь.

„Вайна хууш ду, цхьаццаболу европахой Шема а боьлхий, цигахь цара тIемашкахь дакъалоций. Цул тIаьхьа уьш шайн пачхьалкхашка юхабоьрзу. Шайгахь европахойн паспорташ хиларх терра, царна виза ца оьшу Цхьаьнатоьхначу Штаташка кхача“, - элира цуо шен интервьюхь.

И Шема тIаме оьхучу европахойн хьокъехь долу хаттар тIаьхьарчу бетттанашкахь вуно шуьйра дийцаре даьккхина ду Малхбузехь. Тайп-тайпанчу хаамашца, масех эзар европахо ву Башар Асадна дуьхьал тIемаш бечу тобанийн могIаршлахь. Царна юккъехь тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш а бу, им диллинчу британхоший, немцошний, австрихошний тIера цу пачхьалкхашкахь бехаш хиллачу Iарбошна а, туркошна а, Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна а тIекхаччалца.

Ткъа царех дIакхета хьаьгнарш гучубаха гIерташ европахойн къайлахчу сервисаша а, полисхоша наг-нагахь сов тIех доггахлеларш гойтуш нисло, шеконаш хилчахьана бехк хилар-ца хилар хьесап ца деш.

Иштта лара мегар ду масех кIира хьалха Австрерачу Грац гIалахь цхьана нохчийн маьждиган имамца нисделларг а. Висита цIе йолу и стаг лаьцнера цIеххьана цуьнан хIусаме чулилхинчу Iедалхоша, иза ша имам волчу „Тавхьид“ маьждигехь Шема тIаме баха кегийрхой марзбеш ву, царна юккъехь агитаци лелош а ву, аьлла.

ХIетахь Грацерчу прокуратурано журналисташка официала дIахьедарш дира, Виситас йинчу агитацих Iеха а велла мел кIезга а бархI нохчийн къомах волу жимстаг Шема вахана а хилла, царех кхоъ цигахь вен а вийна, бохуш. Цундела цунна дуьхьал теттинчу бехкашна юккъехь дара, Iедалхоша дийцарехь, террорхойн тоба кхоллар а, ткъа иштта террорхойн леламаш бакъбар а.

Ала догIу, и стаг лаьцна боху коста дIаьржича дуьйна а дукха бацара Австрехь бехачу вайнахана юккъехь цуо и зулам дина бохучу тешаш берш. Цхьаццаболчу вайн махкахоша чIагIдарехь, мелхо а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн питанца лаьцна хила там болуш вара иза, хIунда аьлча, цуо шен хьехамашкахь Шемахь тIаме эхар цкъа а бакъдеш дацара, амма сих-сиха емал дора Оьрсийчоьно Нохчийчохь хIоттийна долу хьал.

Висита шена дика вевзаш волчу Венерчу нохчийн кхеташонан куьйгалхочуо Мусаитов Шайхис а тоьшаллаш дира Маршо радионе, мелхо а, Шема ихарна резабоцучарех вара и имам, бохуш.

Мусаитов Шайхи: „Итт шо ду кхузахь бехачу нохчашна и Висита вевзаш волу. Суна а вевза иза дика. Висита ша юкъараллехь жигара а, бусулба Iилма долуш а стаг ву. Массо а хIуманна бала кхочуш а, юкъарчу хIуманна сагатдеш стаг а ву иза. Доцург а кхоьллина дIавигна а ву иза Iедало.

Цуо ша беш болчу хьехамехь цига (Шема – ред.) ваха а ца оьшу, деша а деза кегирхоша, вай вовшашлахь цхьа барт а хила беза бохуш дуьйцу. Иштта кхетам болуш стаг ву иза. Иза цу Iедална хууш а ду“.

ХIинца цу стагана йолийна цIе харц хиларна къера хилла шаьш Австрера Iедалхой а. Цара мукIарло дина, шайгахь нохчийн имам бехке ван тоалла тоьшаллаш дац, аьлла. Грацерчу лакхарчу кхелан прессица болхбархочуо Лист Каролинас динчу дIахьедарца, „шеконаш тIечIагIйан тешаш а, тоьшаллаш а ца тоарна дIахецна имам“.

Ша дешначу стаго меттигерачу „Профил“ журнале ша еллачу интервьюхь шен бехк ца хилар тIечIагдинера. Цкъа а Асадна дуьхьал тIом баре а ца кхайкхина ша, цхьанна а цига вахар марз а ца дина ша, аллера цуо. Шена цига боьлхуш нах буйла хиънехь, ша цаьрга иза ма де, кхузахь шайн доьзалшца Iад Iе, шу мелхо а Австрина баркалла ала дезаш ду, шаьш кху махкахь сел дика тIеэцарна а эр дара, аьллера цуо шен журналисташка.

Шемица доьзна дацахь а, Оьрсийчоьнан питанца цунах терра хьал нисделира Австрехь масех бутт хьалха. ХIуммаъ ца хуучу нехан чу а лилхина, ворхI стаг лаца а лаьцна, дIавигнера полисхоша Оьрсийчохь Олимпикан ловзарш долалучу муьрехь. Бахьана - Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша шайн Австрерачу коллегашка хаам бинера, цу пачхьалкхехь бехаш болу нохчийн мухIажарш Олипиада йолалуш Европехь террорхойн тIелатарш дан кечлуш бу аьлла.

Цу хенахь лаьцна хиллачарна юккъехь вара Маршо радиоца къамел динчу Мусаитов Шайхин кIант а. Иштта дуьйцу цуо шайн доьзалехь хиллачух лаьцна.

Мусаитов Шайхи: „Цхьана Iуьйранна сахуьлучу хенахь чу лилхинера уьш. Тхан юьртара 5-6 вара уьш кхин а. Берриш а дIа а бигина уьш, тIе автоматаш хьежош. Зударий а, бераш а кхерош, кораш-неIарш схьа а диллина, цу шелехь уьш латта а беш. Лулахь Iаш болу массо а автрихой – лулахой а цецбохуш.

Чохь мел йолу телефонаш а, компьютерш а дIаяхьнера цара. Юха цу буьйсанехь схьабахкийтира цара, цхьа лаца хIума дац я бехк бац, аьлла. Шаьш дIаяхьана хилла йолу массо а хIума а схьаюха елла цара. Амма хIинца а дIадирзина дац и хIума – я хIара бехке ву аьлла чу волла веза цара, я бехк бац аьлла цхьа бехказло яла еза.

Олимпиадехь цхьаъ эккхийта гIиртина аьлла оьрсаша мотт тохар ду бахьана. Олимпиада мичахь ю, тхо мичахь ду? Тахана тхан лулахой, хIинцалца салам-Iалам долуш тхоьца тIекара хилла болу, хIинца тхоьга бисхила лууш а бац, букъ бетташ хуьлу уьш тхуна. ХIинца дуьненаюкъерчу массо а институцешка дIасадала кечдина кехаташ ду оха цу хьокъехь а, Виситица хиллачуьн хьокъехь а“.

Кхеташ ма-хиллара, цхьанна а хIуманна а бехке бац аьлла, оцу дийнахьехь дIахецнера полисхоша шаьш лийцина нохчий. Амма уьш бехке ца хилар иштта даздина ца кхайкхийра я меттигерачу а, я Оьрсийчуьрчу а хаамийн гIирсаша а, я Iедалхоша шаьш а. Цул совнаха, тахана а Iедалера цхьа а официала бехказло я къинтIера дахар кхаьчна дац шайга бохуш дуьйцу Шайхис.

И санна долу Iедалхойн агIор къепедацарш кIеззиг ца нисло Европехь бехачу вайнахаца. ХIинца дуьйна и санна болу хиламаш шайн тергонехь а латтош, цаьрца, эшахь, дуьненаюкъерчу адамийн бакъонашларйаран институцешка, кхелашка а йийла Iалашо ю Венехь дукха хан йоцуш кхоьллинчу нохчийн кхеташонан.

XS
SM
MD
LG