ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний юкъара доза стенгахь хила деза?


ГIалгIайчоьнан лидер Евкуров Юнусбек (Аьр), Нохчийчоьнан лидер Кадыров Рамзан (Аьт)

ГIалгIайчоьнан лидер Евкуров Юнусбек (Аьр), Нохчийчоьнан лидер Кадыров Рамзан (Аьт)

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омарца керла комисси кхуллуш ю Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара дозанаш билгалдаха. Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа, Дудаев Джовхар куьйгаллехь а волуш, ши республика дIасакъаьсташ дуьйна билгалдахаза дисина ду и дозанаш. Нохчийн Iедалшна хетарехь, шайн доцу латтанаш чуузуш а, уьш доладохуш а бу гIалгIай. Официала тIегIанехь дозанех лаьцна, цкъачунна, хIумма а ца аьлла Магасо.


Олуш ма-хиллара, бешара тIулгаш схьагулдан хан тIекхаьчна Нохчийчохь. Цкъачунна юкъараллина довзийтина доцчу бахьанца, тIаьхьарчу 20 шарахь хIора Нохчийчоьнан куьйгалле хIуттуш хиллачу нохчийн лидеро комаьршша дIасадекъна нохчийн латтанаш юхадерзон меттахдаьлла Кадыров Рамзанан Iедал.

Советан заманахь езачех хиллачу цхьана чохь хилла къамел чIогIа тера ду, нохчийн латтанаш дIасадаларца доьзна. «Иван Васильевичо белхан говзалла хийцар» ю цуьнан цIе. Таханлерчу дийнера оьрсийн паччахьийн замане кхаьчна Iедалан белхахо Бунша а, хIума лачкъош волу талорхо Милославский а. Юхаверззалц, паччахьан декхарш кхочушдан дезаш хуьлу Буншин. Цуьнан хьехамчин декхарш тIелаьцна Милосавскийс а. Паччахьо беза хьеший тIеоьцуш аудиенци ю хIара.




Паччахьан метта нисвелла Бунша
- Оцу стага бохчуьн юкъарчу маьIнах кхета лууш вара со, цо хIун боху те?

Паччахьан гIоьнча – Кхета-м хала ма дацара цо бохучух. Кемски кIошт схьало боху цо.

Паччахьан метта нисвелла Бунша – Кемски волосттий?... дIаэцийтахь, шена ма товв. Суна моьттура...

Паччахьан гIоьнча – Муха, хьан сийлалла?

Паччахьан метта нисвелла Бунша
– Паччахьана хаьа ша дан дезарг. Пачхьалкх къелур яц. ДIаэца аша... дIаааэца.

Жуьлиг Милославский – Вен кхел ма кхайкхаелахь суна, сийлахь воккха паччахь. Вистхила бакъо лохьа!

Юха меллаша, паччахьаний бен ца хозуьйтуш: "Ахьа хIун леладо, къотIалгIа йина хIума, хьайн доцу латтанаш дIасадоькъуш ма ву хьо? Иштта цхьа кIошт юьсур яц!"

Маршо радио: Талорхо волчу Милославскийс латтанаш ца долуьйту паччахье иза деха веанчу генара хьешана. Ткъа Iедалан белхахо Бунша кийча ву иза дан.

Шина а республикерчу нахана тахана хIуъ а дийцахь, ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна юкъахь, хила оьшучу кепара дозанаш билгалдаьхна дацара цкъа а. Кадыров Рамзана тахана хьеxош болу Нохчийчоьнан хьалхарчу президенто Дудаев Джовхара бина боху барт, барт аьлла а бацара. Тахана санна, комисси кхолла еза аьллачун тIехь сецна гIуллакх дара иза бохуш дуьйцу возуш воцчу эксперто Байсаев Iусамас.

"Нохчий а, гIалгIай а вовшах дIасакъаьсташ - шина вешина юкъахь а керт еш хуьлу - и керт ян еза дела, муьлхачу дозанца ян еза, Соьлж-кIоштера, МалгIбекера латтанаш хьена-мила хилла къастон дезаш дара. И хаттар цу хенна кхолладелла дара. Амма хIетахь уьш къастадойла яцара. ХIунда аьлча, цхьана хенахь Нохчийчохь хилла латтанашна тIехь, нохчийн ярташкахь бехаш дукха гIалгIай бара. ГIалгIашна Нохчийчу баха луург хир дацара. Амма латтанаш цхьана хенахь нохчийн хилла дара. И хIума цу хенахь къасталур доцун дела, комисси а кхоьллина, Нохч-ГIалгIайчоь кхуллучу 1938-чу шарахь хилла дозанаш тидаме а оьцуш, къастор ду аьлла, комисси а кхоьллина, диллина дитина дара и хIума".

Маршо радио: Дудаев Джовхара гIалгIашна Соьлж-кIошт дIаелла бохуш дуьйцуш дара...

Байсаев Iусама: "КIошт дIаеллий, схьаеллий, хIара юрт шун юй, хIара тхан юй" аьлла, къастийна дацара. И къастон дезаш ду аьлла, дитина дара. Амма, аса ма-боххура, Советан Iедал доха доладеллачу хенахь Нохчийчура а, ГIалгIайчура а гIалгIазакхий, колонисташ эр ду вай царах, уьш ма барра, церан тIаьхье дIаэха йолаеллачу хенахь, оцу Михайловске-Слепцовскехь, Троицке а, Пригородный кIоште а, кхеченхьа а, чу баха йиш йоцу гIалгIай баханера мукъа евллачу хIусамашка.

Цундела, (хаттар) къастадаллалц дитинарг хIун дара? Нохчий (дукха бехаш) йолу ярташ - Нохчийчохь хир ю, гIалгIай дукха бехаш йолу йолу ярташ - ГIалгIайчохь хир ю аьлла, дитина дара. Куьг таIийна "хIара шун ю, хIара тхан ю" аьлла, цхьаммо куьг таIийна кехат (документ) дацара.

Маршо радио: ХIинца а оцу кеппара комисси кхолла сацам бина Нохчийчура парламенто. Оцу хьокъехь дийцира парламентахь зорбан секретар волчу Яхиханов Зелимхас.

Яхиханов Зелимха: Тахана парламентехь белхан тобан кхеташо яра. Комисси хIинца а кхоллаза ю.

Белхан тобан кхеташонехь дийцина долу хаттарш... вайна ма-хаъара, Нохчийоьнний, ГIалгIайчоьнний юкъахь доза къастийна дацара хIинццалц. Вайн республикан куьйгалхочо айина хаттар ду иза. Коьрта хаттар хIун дара аьлча, комисси кхуллур ю, тIаьхьуо шина агIонан хир ю иза. ГIалгIайн агIора декъашхой а хир бу.

Дийцаре дийр долу хаттарш: дозанаш муха-стенгахь хила деза? Иза къастийна хила дезарца а доьзна ду. Цу (комиссина) юкъабаха безачу нехан цIейоза, гергарчу барамехь, республикан куьйгалхочуьнга Рамзане хьажор ду. И хаттар дара тахана коьртаниг.
Исторехь дозанаш хилла меттиг а, документашца, архиван докмуенташца а нисъян езаран Iалашо йолуш кхуллуш ю и комисси.

Маршо радио: Официалан Магасо цкъачунна цхьа а хIума ца аьлла дозанаш билгалдахарх лаьцна. Амма гIалгIаша интернетехь жигара дуьйцуш ду иза. Царна хетарехь, нохчий тIаьхьа тохабелла. Дозанашца доьзна 2003-чу шарахь Зазадоккху беттан 10-чу дийнахь барт бира хIинцалерчу нохчийн республикан куьйгалхочуьн дас Кадыров Ахьмат-хьаьжас а, хIетахьлерчу гIалгIайн куьйгалхочо Зязиков Мурата а. Тахана парламентахь вовшахкхетта хиллачу белхан тобано хьахийра и документ? Цуьнца хIун дийр ду нохчийн Iедало, аьлла деллачу хаттарна жоп луш Яхиханов Зелимхас элира.

Яхиханов Зелимха: И кехат, цу хенахь, къепе а йоцуш, боьдуш тIом болуш, кхоьллина парламент йоцуш, хIетахь куьг таIийна кехат дара боху. Юрисдикцин агIора цуьна ницкъ бара аьлла а, иза бухе дилла мегар ду аьлла а агIо йолуш кехат дац иза, аьлла хьахийра.

Шина республикана юкъахь доттагIаллин юкъаметтигаш хилар чIагIдеш, бух хилар къобалдеш, куьг таIийна дара боху и кехат. Амма хIинца, и кехат бухе а диллина, кхин дIа йолчу ханна дозанаш билгалдаха мегар долуш кехат дац аьлла, хьаха-м дира цигахь.

Маршо радио: Боьдучу тIамна юккъешхула, къоме хоттуш хIума а доцуш, чIагIбинчу бертан маьIна, тидамза дисира хIетахь а. Барт санна иза тIелаца йиш яц аьлла хета экспертана Байсаев Iусамина.

Байсаев Iусама: И барт бина бохуш дара. Цу бартах лаьцна суна кхин башха хIума алалур дац. Аса башха тидам ца бира цуьнан. Жигара боьдуш тIом бара. Кхин дукха хIуманаш дара... цунна тидам беш, иза цхьаммо а тIе ца лецира аьлла хета суна.

Маршо радио: Луларчу Нохчийчохь боьдучу тIамах пайда а оьцуш, ларамза я, леррина, цкъа оьрсийн эскарша, тIаккха шаьш гIалгIаша дIалаьцначу латтанашца кхолладелла сурт ишта довзуьйту эксперто.

Байсаев Iусама: Хьалхара тIом чекхбаьлча нохчийн "таможня" олу-кх цунах, гIопаст (хIоттийра) Слепцовске чу воьдучу боккхачу некъан тIера, некъо гола тухучу меттехь лаьтташ ГАИ (некъан полицин пост) яра. Цунна юххехь лаьтташ кафе яра. оцу кафена тIехьа 30 метр бен кхин гена йоцуш, нохчийн гIопаст яра. Шлагбаум яра цигахь, дIахIиттина герз карахь нах бара.

Оцу меттера Нохчийчоь йолалуш ю аьлла дара. Серноводске воьдучехь цигахь уллехь цхьа гуо бу (цигахула леллачарна хуур ду аса хIун дуьйцу) скифийн курган санна. Цунна тIехьа жагIа бохош йолу завод ю. Оцу меттехь лаьтташ яра (нохчийн гIопаст). Слепцовскана чохь лаьтташ ю ала мегар долуш яра иза. ДIахьаьжча, гуш цигара нехан хIусамаш йолуш.

ТIом болабеллачу хенахь, оьрсийн эскарша, хахкабелла Нохчийчу а баьхкина, хьалхара шайн пост хIоттийра Ассиновке а, Серноводске а чубоьду некъ, и некъ - нохчийн пост лаьттинчера 4-5 чаккхарма чоьхьа бу.

ХIун хилира? ГIалгIайн посташа хIун дира? ГIалгIайн Iедалша хIун дира? Аушев (Руслан) волу хан ю иза. Цара, оцу чуоьзна хIоттийначу постана кхин а 4-5 чаккхарма (Нохчийоьнна) чу а ялийна хIоттийра. Изза дира цара Серноводскехь а. Цул совнаха, Аушев волчу хенахь дозанаш хуьйцуш, Нохчийчохь баьхна болу, хIусамаш яьгначу гIалгIашна юрт йира цара Нестеровкий (ГIажарий-юрт), ЧемулгIий йолчу оцу юкъахь.

Иза, соьга хаьттича - цу хенахь иза дуьйцуш дара, гIалгIайн Iедалехь болчара шаьш лечкъош дацара - маьлхийн ярташ - ЧемулгIий, Аьрштий букъна тIехьа а юьтуш, дозанехь ша-тайпа санна еш юрт яра иза. ХIунда аьлча, кхана-лама хIума къастон дезаш хилча, маьлхаша шайна Нохчийчохь Iа лаьа аьлча, царна хьалха лаьтташ гIалгIайн юрт ю ала (дина хIума дара). Цара (гIалгIаша) къайле еш яцара цунах. ХIетахь со Несар-гIалахь болх беш вара.

Маршо радио: Дозанца доьзна хаттар гуттар а ду лазаме. Къаьсттина, вежарий лоручу, гергара къаьмнашна юкъахь. Экспертана Байсаевна хетарехь, Москох лаа Iаш яц, Кавказехь эккха тарлун дов марсадаллалц.

Байсаев Iусама: Цул тIаьхьа кхин а масех хIума хIума хилла дозанаш чуузуш. Суна хетарехь "колонизаци" ала мегар долуш хIума дара эр ду-кх вай иза. Цара яхьа а яьхьна, чуоьзначу гIопасташна юххехь, ярташ ехкина. Соьлж-кIоштахь кхоьллина, Малгбек коштахь а кхоьллина. Соьлж-кIоштахь Слепцовскана, Серноводскана юкъахь цкъа а хилла яц цхьа юрт.

Ара яьккхина белхахойн (совхазийн) бригадаш йоцург. Нах баьхна юрт хилла яц цигахь. Цара (гIалгIаша) шаьш чуоьзначу гIопастана тIехьа йиллина юрт ю. ЦIе дага ца йогIу суна. Амма цигахь бехаш берш муьлаш бу аьлча, хьалха баха охьаховшинарш полицин белхахой бу. Царна дина цIенош ду уьш, Iедало леррина программа а хIоттийна.

Ишта юрт йира цара МалгIбек кIоштахь а. Аки-юрт бохуш, Горагорскана тIекхачале йолчу юьртана уллехь. Цара хIун дира? Цара хIун дира? Лакхарчу лаьмнашкара тайпанийн нах бу цигахь Iаш берш - чIеберлой. Оцу юьртахь берш нохчий лоруш а бу, лерина а бу. Бан а бу уьш нохчий. Цара оцу юьртана йистехь, Горагорскана агIорхьа жима юрт йина. Цу юьртахь охьаховшийнарш полисхой бу элира.

Цул совнаха, гIалгIайн "Автодоро" (некъийн урхалло) ГаланчIоже некъ бигина. ЛадогIархошна хууш хир ду иза. Вайн нохчийн лаьмнашкахь йолчу кIоштех и ГаланчIож цхьаъ бен яц нах ца бехаш. Нохчийн кIошт ю иза, амма нохчий бехаш бац цигахь. Бежнаш дажо а стаг ца воьду моьтту суна цига. Хьалха-м юртбахаман даьхний дажош меттигаш яра уьш. ХIинца цигахь вехаш стаг вац.

Иза, соьга хаьттича, (гIалгIаша) нохчийн латтанаш карадерзор ду. Галашкера дуьйна Даьттахула хьалабигина некъ бу цара Ялхойн махка кхаччалц. И некъ моз доккхучеран, йол хьокхучеран, бежнаш дажон а луучеран ГIалгIайн махкара цига кхача йиш ю. Оццу хенахь, Нохчийчура цига кхача цхьана кепара аьтто бац. Шалажехула бара некъ цхьана хенахь. Тахана цигахула вахалур вац. Хьалха а ца вахлора цига Нестеровкехула бен. Ишта ду-кх хьал дозанашца. Массарна а хууш дара. И хаарал совнаха, тахана Нохчийчохь долчу Iедало цу гIуллакхана кхин терго еш яц. Цул сов, цхьа йолу меттигаш шаьш юьтуш а яра. ХIинцара цара иза (хаттар) айар тамашийна хета суна.

Маршо радио: Эххар а, барт-машар бан тIехIоьттина импери санна, Москохо лоцур долу дакъа, нохчашкахьа хир дац. Латтанаш кIезга долчу гIалгIашкахьа хIуттур ю. Ткъа, хIирийн-гIалгIайн долчу девнна ша юкъа хIунда ца гIоьртина, Пригородний кIошт гIалгIашна юха хIунда ца елла бохург, говза йистах дуьтур ду, ша йолу оьгIазалла, шена оьшучу новкъа а яьккхина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG