ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба нах бекъа гIертарна дуьхьала бу диндай


Нохчийчоь - Соьлж-гIалара коьрта маьждиг, 15Стиг2012
Нохчийчоь - Соьлж-гIалара коьрта маьждиг, 15Стиг2012

ДIадаханчу мукъачу деношкахь Ислам-динах а, цуьнан коьрта агIонех а лаьцна конференци хилира Москох. Цигахь тIеийцира леррина деклараци. Оцу форуман декъашхой, шайна юкъахь Iарбийн пачхьалкхашкара диндай а болуш, Соьлж-гIала баьхкина шаьш тIеэцна болу сацамаш дIакхайкхо.


Оршотан дийнахь Iуьйранна Соьлж-гIаларчу аэропортехь охьадоьссинчу кеман тIехь бара Кувейтера а, Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхера а, кхечу пачхьалкхашкара лаккхара Iелам нах а, диндай а.

Нохчийчохь цара жамI дийра ду Москох хIокху мукъачу деношкахь «Бусулба динан радикализмана дуьхьала доктрина» форуман. Шина дийнахь Москох хиллачу оцу цхьаьнакхетарехь дуьнентIехь бевзуш болчу диндайша а, Iелам наха а, тIеэцнера джихадах а, халифатах а, бусулба динан кхечу коьртачу агIонех а йолу деклараци.

Шина дийнахь шаьш бинчу белхан жамIех лаьцна цара шуьйра довзуьйтур ду Соьлж-гIалахь зорбан-конференцехь. Аэропортехь царна дуьхьала баханчу журналисташка оцу форумехь дакъа лаьцначу Кувейтерчу бусулба динан министран хьалхара гIовс волчу Адель Абдалла Аль-Фалаха хаам бира, шаьш ваххабиташна дуьхьала хилар а, цара лелош долчо бусулба динна а, бусулба нахана а зе деш хилар а.

ТIеэцна йолу деклараци яржор йолуш ю бусулба нах бехачу пачхьалкхашкахь. Оцу документан бух тIехь лекцеш а йоьшур ю исламан лаккхарчу доьшийлашкахь.

180 агIонах лаьтташ болу, Iаьрбийн маттахь хIоттийна болу и сацам, дукха сиха оьрсийн матте гоч а бина, хаамийн гIирсашкахула дIасабаржийра. Цу тIехь доккха дакъа дIалоцу джихадах лаьцна дуьйцуш. Цунна кIеллахь язийна ю 12 артикал. Джихадан маьIнах лаьцна, оцу декларацино кхета ма-дарра, Маршо Радиога дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан динехула гIовс волчу Шахидов Адама.

Шахидов Адам: ХIокху дуьненчохь бевзуш болу дукха бакхий Iелам нах Москох а баьхкина, цара сацамаш бира. Бусулба дино, махкахь бехачу нахана, уьш бусулбаш бацахь а, царна кхерамаш тийсар а, царна юкъахь теракташ яр а, радикализм бохуш долу хIума, бусулба дино магош ца хилар а, Дала а, Пайхамара а иза хьарам дина хилар а. Ишшта цигахь резолюци йийшира.

Йоккха меттиг дIалоцуш ю оцу декларацина тIехь бусулба нах динах бевлла бохучу, Iарбийн маттахь «такфир» олучу дешан маьIна деш. Хууш ма хиллара, Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а болчу тIемалоша меттигерачу Iедалан дай бу боху динах бевлла.

Цундела оццула лакхарчу диндайша а, Iелам наха а, оцу дешан маьIнах кхетор чIогIа оьшуш ду Iедалшна. Оцу декларацина тIехь тидам бо динах ваьлла аьлла, цхьана стаганна ала бакъо ца хилар, иза кхоччуш бакъо а йолуш, гIарбоьвллачу диндайша сацам бина бацахь. Оцу хаттарна а, кхоччуш жоп делла форумехь дакъа лаьцначу наха, боху Шахидов Адама.

Шахидов Адам: Iелам наха Москох бинчу сацаманн тIехь и деклараци Нохчийчохь йоьшур ю аьлла, ду. Уьш кхуза схьа а баьхкина. Нохчийн къоме кхайкхам а беш, хIума дийра ду цара. Джихад бохучу дешан маьIна къаьсттина тIом бе бохург дац. Цуьнан шен агIо ю.

Бусулба пачхьалкхо пурба а делла бен хила йиш йолуш хIума дац иза. Цхьа тоба гIоттуш, важа тоба гIоттуш, луучу хенахь джихад а кхайкхош, тIом а кхайкхош шарIо магийна хIума дац иза. ТIаккха цигахь цара хьахийнарг ду Оьрсийчохь вехаш волу бусулба стаг оцу пачхьалкхан гражданин хила йиш йолуш хилар.

ХIунда аьлча, оьрсийн Iедало вайга бусулба дин лела ма де а ца боху, маьждигаш а де боху шайна луучу кепара, шайна Къуръан а Iамаде боху. Шу маьрша хилча тхан шуна новкъарлонаш ян йиша яц шайн, шаьш шун накъостий ду бохуш Iаш хилча паччахь. Иза бина сацам бу.

ТIаккха керстанашца лелош долу гергарло хьарам хуьлуш йолу агIо а билгаляьккхина цара. Бусулба дин, охьа а таIийна, керстанан дин толо гIерташ лелош далахь, и гергарло ду боху цара хьарам. ТIаккха, керстанан пачхьалкашца лелош долу гергарлонаш, цхьадолчу хьелашкахь важаб а хуьлу, кхечу хьелашкахь суннат а хуьлу.

Бусулбачу нахана пайдехь иза хуьлуш далахь, иза магийна ду. Муртадаш дуй, мунафикаш дуй, керста дуй бохуш, цIераш тахкар харцонца ду, цхьа а бух болуш хIума дац. Иза бидIат ду аьлла, селхана цигахь Iелам наха.

Москох дIаяьхьна йолу и конференци юкъа йоьдуш ю Нохчийчоьнан Iедалша хIора шарахь дIахьучу «Ислам-машаран дин» цIе йолчу дуьненаюкъарчу форуманна. Стохка 4-гIа форум яра Соьлж-гIалахь дIаяьхьнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG