ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба тептарш дохкарна кхело гIуда тоьхна Соьлж-ГIалахь


"Динехь бехачу нехан бешаш" йихкина ю Оьрсийчура Оренбургерчу кхело.
"Динехь бехачу нехан бешаш" йихкина ю Оьрсийчура Оренбургерчу кхело.

Соьлжа-гIаларчу кхел тептарш духкучу йиъ туьканахь, таллам а бина гучдаьккхина, цу чохь магийна йоцу бусулба динан литература юьхкуш хилла аьлла. Туьканийн долахошна гIуданаш тоьхна. Оренбургерачу кхело, стохка бусулба динан цхьа моггIа жайнеш экстремизм яьржош ду аьлла, бинчу сацамна тIетоьвжина Соьлжа-гIалара кхел.

Соьлжа-гIалара цхьан Заводан кIоштерачу йиъ туьканахь, карийна хилла талламхошна, Оьрсийчоьнан низамаш пачхьалкхехь йохка магийна йоцу, зуламе лаьрра йолу литература. «Динлелочеран бошмаш» цIе йолу, дерриге а дуьненахь доьвзуш долу жайна дохка Iалашонца вахьдиллина аьлла, бехке бина туьканийн долахой.

Ишшта, магийна доцучарах, цу туьканашкахь карийна боху, дуьненахь боьвзучу диндайн Аль-Газали а, Гюлен Фетхулайн а, Топбаш Османан а, ишшта кхечеран а жайнеш.

Шаьш туьканийн долахой, шай бехк тIе ца эцахь а, кхеташ бац, хIун бахьанашца магийна дац, и жайнеш дохкар, царах дукхахдерш, Москохахь зорба тоьхна хилча. Дукхахчарна, тоьуш ду, уьш пачхьалкха коьрта шахIрехь арадаьхна хилча.
Оьрсийчоьнан низамашца, магийна йоцу литература йоьхкича, 50 эзар сомье кхаччалца гIуда туху. Иза доьххьара деш таIзар ду, ткъа, юха-юха а гучувалахь, туьк дIакъовла бакъо ю, оцу гIуллаккхан тIехьожучу Iедалан урхаллийн.

Соьлжа-гIаларчу кхело и жайнеш дохкарна туьканийн долахойн бехкебарна бух болуш ду, стохка Оренбург кIоштерачу кхело, лакхахь юьйцуш йолу, бусулба динан цхьа моггIа жайнеш, экстремизме кхайкхам болуш ду аьлла, сацам бахьнехь. Ша ерг, низамашца йогIуш йоцуш кхелхоша динах лаьцна 65 таьптар а, брошюра а лаьррера.

Оьрсийчуьрчу муьлхачу кхело бина сацам, къобал бан безаш бу, ерриге а пачхьалкхехь, иза цхьаммо къовса ца къовсахь. Оренберугера кхело и сацам беш, бусулба дин доьвзучаьрга хаььттина а дацар. Тоам бинера, меттигерачу университетан хьехархочо а, Керста динан академийн хьехархочо а бинчу талламех.

Тахана Орнебургера кхело бина сацам бакъо йолуш балахь а, кестолгIа иза къовса мега, Нохчийчуьрчу а, Дагестанерачу а диндайша. Масла, нохчийн муфтийс Мирзаев Султана, дIахьедар динера, и сацам юккъе ма баьлнехь, дин доьвзаш ду а бохуш, бусулба дин сийсаз даккха гIерташ дукха нах бу Оьрсийчохь аьлла.

Кхиъ луьра аьллера, бусулба жайнеш пачхьалкхехь даржадан магийна доцчу сацамах, Дагестанерачу диндайша а. –Таьптаршца беш болу къийсам цкъа а туолам боккхура боцу тIом бу. Жайнеш дехкарехула, дикане цхьа а ца кхаьчна,- бохуш дIахьедар дина дагестанерачу молланаша.

Бусулба динан литература, къасточу хенахь, экспертийн комиссийн юккъахь бусулба динан говзанчаша хила беза боху, Нохчийчохь а, Дагестанехь а. Ишшта ца дахь, бусулба наха, дин Iамош даиманна лелош долу мел долу жайна лелор дехкарна тIехкочура ду, аьлла хета царна.

Дагадаийта деза, стохка, бусулба нах сийсаз боккхуш йолу фильм интерентехь гIараяьлча, Соьлжа-гIаларчу кхело сацам тIеэцнера иза экстремизмийн а, къаьмнийн юкъметтиг талхош ю аьлла.

Амма, дукхачу хаамийн гIирсаша а, Интернет сайташа а, дIа ца яьккхира и фильм. Цул совнах, цуьнга хьажар лакхдаккхархьам, хIумша а лелийра цара.
Соьлжа-гIала юккъерачу, шина урамехь, Путинан цIарахчу проспектехь а, Люксембург Розийн урамехь йолчу 4 туьканахь бен ца бина, таьптарийн туьканашкахь и талламаш.

Цигахь а, оццула дукха жайнеш карийна хилча, махкахь, бусулба динах лаьцна долу коьртачарах жайнеш дIадахар ишшта дIадоьдахь, цуьнан чакхе муха хира ю ца хаа, шайна боху оцу гIуллаккхан саготта болчу наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG