ТIекхочийла долу линкаш

Муфтиятан пурбанца бен бакъо яц жинийн цамгарна дарба лело


Дагестан - Жинийн цамгарна дарба лелор.

Дагестан - Жинийн цамгарна дарба лелор.

Цхьацца синIаткъаман цамгаршна дарба деш болу нах даиман а хилла Нохчийчохь. Амма тахана муфтиятера бакъо ца хилча, дарбанаш лелор дихкина ду, и говзалла йолчу нахана. 2009 шарахь, Соьлжа-гIалахь Исламан клиника йиллинчу дуьйна дихкина ду иза.

Нохчийчохь шолгIа тIом болабалале меттигерачу журналистийн тобанца Дагестанехь хиллачу цхьана тIеман тасадаларх лаьцна болх бан ваханера хIетахь Iамеркерачу цхьана телевизионан болх беш волу со а. Цигахь дагестанхоша, закъалтана а лаьцна, исс дей-буьйсий даьккхира оха.

ЦIавирзича сан петарна тIехула вехаш волу лулахо неIарга веара: "Хьо хIумма а дан дагахь вац-, аьлла хаттар дира цо". Цуьнца къамеле ваьлча, хиира цо ахча доьхуш хилар. Ша, дукха аяташ а дешна, хьуна тIебогIуш болу бала, юхатоьхна, элира цо.

Ша, динчунна, башха боккха мах а бацара цо боьхург - цхьа ши кила жижиг эццала ахчанах а тоам бира. ХIета мотталора, коьртахь раз тиллина пес а йолуш, багара сигаьрка а ца йоьккхуш волу и стаг, башха дIоггара хIекъална гена вац аьлла. Амма цул тIаьхьа билгалделира, иза волчу дукха а нах оьхуш хилар. Дийнахь ткъех стаг вогIура и волчу. Ткъа, цо хIун дарбанаш дора а, я муьлхачу агIора говзанча ву иза а цхьанне а хууш дацара.

ШолгIа тIом болабалле, Нохчийчохь дукха баьржира, цу тайпа дарбанаш деш, хиндолчуьнан къайле хаа шайна бохуш болу нах а. Пал а тосуш, марздарш а, кхиндолу бозбунчаллаш лелош берш хIора кIоштахь а дукха бара. Амма 3-4 шо хьалха дуьйна, цаьрца къийсам латто йолаелира муфтият.

ХIора, сарахь меттигарачу телевизионехь гойтура цара рогIерачу «дарбахочунан» цIахь яьхна йолу видеокийсакаш. Цхьаберш, жайнеш догIуш бара, муьлхачу а хIуманна. Кхинберш, адамийн бедаршца, цхьа пал лелабора, стаг стаган ян марзвеш, ян гамвеш а. Цхьана стеган, неIаргахь, цара хьалабаьккхира, рагIуна юккъе лаьттах чу бахийтина болу беха хьостам. Иза диканна боьгIна боцийла, билгалделира муфтиятерачу говзанчашна.

2009 шарахь Соьлжа-гIалахь бусулба динан клиника схьайоьллуш, махкахь мехалла мел волу динан дарбанхо, гул а вина, цу чу балха схьаийцира. ХIетахь дуьйна махкахь магийна дац, цу чохь бен и дарбанаш лелон.

Уггаре а коьрта цигахь деш долу дарбанаш ду жинаш арадахар. Махкахь хIокху тIаьххьарчу ткъех шарахь хIоьттинчу чолхалло, жинаш жигарадаьхна боху, оцу дарбан хIусамера лоьраша. Дуьйцу оцу клиникан коьртачу лоьро Сальмурзаев Дауда.

Сальмурзаев Дауд: «Стаг везаш вацахь, и бозбунчалла леладо бохуш, тайна бу-кх и нах. Цара ала аьлларг жинаш дан а деш, шайца цхьа а дарба долуш а бац уьш. Шаьш дарба до бохуш, Iиэха бо нах. Къаьстина I5 шаре хьаладоьвла долу зудабераш гIийла ду, царна тIехь хIуа лела дало.

Божаберашна тIехь халу ду. Атта кхералучу а, гIийлачу стаган тIехь, атта бало цаьрга и болх. Адам тилла дало цаьрга, Iеха дало. Жимма а иман долчарна тIехь, кIеззиг бен ца дало цаьрга».

Жинаш арадахар дIадаьлча, уггаре а, чIогIа юкъараллехь тIеоьцург ду, дегIаца жайна лелор. Цхьаболчу нахана моттало, иза кочахь хилчхьана, массо а хIуманна тIехь аьтто хир бу, шен лелар мухха а далахь. Къайлахь жайнеш догIуш болу нах, тахана а, Нохчийчохь бисина бу.

Царна тIе, лакхахь ма вийцара волчу дарбхочуьнна санна, дукха нах а лаьтта. Хьанна а лууш ду, дуьненахь аьтто а, могашалла а хила, дуьхьал цхьа а хIума а ца деш.

XS
SM
MD
LG