ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашна дин хьоьхур ду serdce-chechni.ru тIехь


Интернетан симбол

Интернетан симбол

Цхьа бутт сов хан ю, Нохчийчохь мел йолчу Iедалан урхаллана а, министраллана а, кIоштан администрацина а, интернехь сайташ кхоллар а, царна тIехь, шаьш бечу балхах лаьцна яздар а, тIедожийна

Ишшта, чIагбийра болуш бу, оцу машан майданахь, пропагандин болх а. Мехкан диндай а гулбина, царца цунах лаьцна къамел деш, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цецваьлла вара, динах хаттаршна жоьпаш луш йолу сайт махкахь йоцийла хиъча.

Оцу дийнахь дуьйна жигара белира цу тIехь беш болу болх. Цунан жоьпалле хIоттина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча волу Вахидов Iилман. Цо дуьйцу и доладар уггар хьалха могIарерчу нехан аьттонна дина ду бохуш.

Вахидов Iилман: «Уггаре а хьалха юьйцуш ерш пачхьалкхан сайташ ю, царна тIехь цхьа а информаци ца хилар ду галдаьлларг. ХIун кехаташ а, справкаш а еза ца хууш хуьлу нах. Сайташ тIехь, уьш хилча, нахана атта хир ду, пилг тIе ма таIIийна, хаттарна жоп каро. Нахана пайденна хилар ду-кх иза, дукхачу хьолахь».

Маьждигашкахь дахаро кхуллучу хаттаршна жоп каро, цхьацца бахьанашца ца хIутту, цига лелаш болу цхьаболу нах. Наггахь рагI а тIе ца кхочу маьждиган имамана тIе ваха. Нехан муьлххачу а хаттарна жоп луш долу дакъош хир ду сайташна тIехь. КесталгIа царах цхьаъ билгалйоккхур йолуш ю бохуш, кхин дIа а дийцира Вахидов Iилмана.

Вахидов Iилман: « Цхьацца хаттарш маьждиг чохь дала эхь хеташ, я кхоьруш, я хьаьнга дала деза ца хууш хуьлу нах. Эвхьаза долу хаттар ца делча а ца волу. Оцу гIулкхана хьажийна сайт ю кхуллуш. Цуьнан дикалла муха хир ю аьлча, нахана хIора дийнахь маьждиг чохь болу хьехам баре а ца хьоьжуш, сайт чу хаттар делчхьана, цунна дуьхьал жоп лур ду. Иза боккха мел хир болуш хIума ду».

Хаттар-жоп олучу оцу сайтийн дакъошкахь зударшна лерина жоп луш, зударий хир бу. Иза деш ду, луш долу жоп кхетачу агIора хилийтархьамма аьлла, билгалдаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамчо Вахидов Iилмана.

Вахидов Iилман: «Кхечу сайташка хьаьжча а гуш ду зудабераша а, божабераша а цхьатерра хаттарш луш хилар. Вай кхузахь иштта дац. Сайташ тIехь зудабераш лучу хаттаршна, жоп луш берш божарий хуьлу.

Цундела, и хIума талла а теллина, сацам бина, вай долчохь а иштта жоп луш йолу зуда хила езаш ю аьлла. Зудаберийн шайн цхьацца хаттарш ма-хуьлий, ожарш жоп лучулла а зударша иза делча гIоле долу. Иза дага а деана, билгалъяьккхина цхьа сайт ю- «Нохчийчоьнан дог» олуш ерг. Цу тIехь зударшна лерина шен агIо хир йолуш ю».

Юккъараллехь дика тIеоьцу муьлххачу а хаттарна жоп луш йолу сайташ Нохчийчохь хир ю аьлча. Мумадис шен а ду бохура цига дала хаттар.

Мумади: «50 шо кхаьчна хан йолуш ву со. Дукха хан йоцуш хезнера суна, иштта хаттарш дала мегаш йолу цхьа сайт хир ю аьлла. Цхьадолу хаттарш, дуьхьал дIа а вахана, хатта карх а ца долу. Дуккха а хIуманаш ду хетта. Карх ца долу сан, хан ца хилар бахьана долуш».

Цу тайпа хаттарш а, жьопаш а луш йолу сайт хIинццалц Нохчийчохь йолуш яра. Амма цунна куьйгалла деш хилла волу Iелам стаг-даржхо, Хашханов Ваха, нахана ца хуучу баханица дIаваьккхича, иза дIакъоьвлира. Цигахь, барам а боцуш, муьлххачу а стеган динах лаьцначу хаттарна жоп каро аьтто бара.
XS
SM
MD
LG