ТIекхочийла долу линкаш

Виъ тIемало вийна Нохчийчохь


Нохчийчоь -- ТIеман операци дIайоьдуш ю лаьмнашкахь, 2012

Нохчийчоь -- ТIеман операци дIайоьдуш ю лаьмнашкахь, 2012

ТIемалой лохуш леррина операци дIаяьхьна Нохчийчохь. Цу республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина журналисташка, 4 тIемало вийна шаьш аьлла. Вежарийн ГакаевгIеран тобанера 4 тIемало вен аьтто баьлла бохуш, хаамаш баржабо официалан хьосташа. Оцу тIеман тасадаларехь 2 полисхо а вен аьтто баьлла гоне кхаьчначу тIемалойн.

Байинчу тIемалойх шиъ мила ву къаьстина. Цхьаъ ву Соьлж-ГIалара вахархо Кавтарашвили Беслан, важа ву Хасавюртара Мункиев Султан. Операцин кхин хьелаш гIардохуш дац. ПIераскан Iуьйранна сацийна йолу и операци юха а дIайолийна низамхоша.

ХIокху аьхка тIаьххьарчу 3-4 шарахь ца хиллачу агIора, жигараллийца дIахьуш бу, тIемалошца болу къийсам. Гуш ма хиллара, жамIаш а ду. Иза, тIемалойн боламан гIора дIадаьлла бохург ду теша?

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ма баххара, могIарера тIемалой, цIаберза лууш бу, амма, шайна тIехь лаьттачу баьччех хIуттуш бац уьш. Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу Кутаев Руслана оцу хаттарна иштта жоп делира.

Кутаев Руслан: «Эксперташна юкъахь, тахана хеташ дерг ду, жамIаш гайта хан тIе кхаьчча цхьана агIора. Кремлехь долчу Iедало шу болх бан безаш ду, аш болх ца бича, шун хIума дIадера ду аьлча, нах карабо-кх царна. Оцу хIуманна шеко кхоллуьйтуш дерг ду даиман а и нах кара ца богIу, уьш байина олий, декъий схьагойту.

Соьгахь, масала, ГIебартойн-Балкхаройчохь 5-6 шо хьалха байинчу нехан дайш-наноша делла кехаташ ду. Шьаш арадовлийта цара боххушехь, арахьара неI дIа а къоьвлина, уьш арабовла туьгуш бац аьлла, и нах байира цара. Бахьана хIун ду цуьнан? Нах караболхахь, церан дийца хIуманаш хир ду, тIаккха уьш гучубевр бу».

Кутаев Русланна хетарехь, цхьадолчу декъана регионехь йолу конфликт, цхьана ницкъаш урхалла а, Iаткъам а беш латтош ю.

Кутаев Руслан: «Сан ойла оцу хIуманна тIехь де дийне мел долу чIагIлуш лаьтта. Тахана, и тIемаш беш лелачу нахаца озабезам болчерга, оьрсийн лерринчу сервисаша, тхо царах ду, вай цхьаьна болх бийра бу бохуш, и кегий нах, цхьаьна а бетташ, уьш хIаллак бо аьлла, со санна оцу хIуманна тIе тидам а бахийтина, толлуш лелачу нахан, зеделла хIума а ду».

Къилбаседа Кавказехь, Дагестанера Сочи-гIалана тIекхаччалц, шуьйра тIеман Iамораш ду дIахьуш. Дакъалоцуш ду оьрсийн мел долу эскарш: гIашсалттий а, хIурдан а, хIаваан а кеманаш а, яьккхий тоьпаш а.

Цхьаболчу эксперташа и тIеман гIора гайтар дузу Гуьржийчоьнера 2014 шарахь Сочи-гIалахь хир йолчу Олимпиадана новкъарло хила мега бохучу кхерамца. Эскарш юкъагIерташ а доцуш, къепе регионехь кесталгIа латталур йолчух тера дац.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG