ТIекхочийла долу линкаш

БIаьрла зулам дича бехк коча тосу къам дина оьрсаша нохчех


 Иудейн (жуьгтийн) динехь ширчу заманахь симболон кепехь дерриг а къомо шена тIелатийна къа коча а тосий, газа дIахоьцуш хилла гIумаре. Куьйгадиллина беламен сурт.

Иудейн (жуьгтийн) динехь ширчу заманахь симболон кепехь дерриг а къомо шена тIелатийна къа коча а тосий, газа дIахоьцуш хилла гIумаре. Куьйгадиллина беламен сурт.

Оьрсийчура оппозицин бIаьрла жигархо Немцов Борис верна бехке ву аьлла 5 нохчо лаьцна Оьрсийчоьнан ФСБ-но. Оцу гIуллакхо ойла кхулла Оьрсийчоьнан Iедалш дагахь ду цу республикера бахархойх даиман а бехк кхочу тосу къам дан дагахь ду аьлла. Далор вай оьрсаша нохчий а, Къилбаседа Кавказерчу кхечу къаьмнийн векалш а уггаре а луьра зуламийн дай бина масалш.

Иудейн (жуьгтийн) динехь ширчу заманахь симболон кепехь дерриг а къомо шена тIелатийна къа коча а тосий, газа дIахоьцуш хилла гIум-аре. И гIиллакх кхочуш деш хилла Йом Киппур олу де даздеш (вайн зама тIекхачале 10 – 1 бIешо хьалха).

И гIуллакх дагадогIу хIоразза а Оьрсийчохь дерриг а дуьнено емал деш долу боьха зулам дича. Иза динарш Къилбаседа Кавазера схьабевлла нах бу олий эххаре а царна тIетоттуш Iедал ду Оьрсийчоьнан куьйгалхойн. Цуьнах лаьцна яздо шен маетериалехь Маршо Радион корреспонденто Синделар Дейзис.

Кху деношкахь, Москох суьдо пурба а делла, лаьцначу 5 стагах цхьаммо Дадаев Заура шена тIелаьцна Москох оппозицин политик Немцов Борис вер.

Немцов Борис

Немцов Борис

Вукхара тIе цадуьту шаьш Немцов верна бехке ду бохург. Иза вийначул тIаьхьа Iедалша сихха дIахьедар дира политик вийна хила мега Парижехь Шарли Эбдо журналан белхахой байича цо ислам сийсаз деш аьлла дешнаш бахьана долуш аьлла.

Амма Немцовн накъост хиллачу Яшин Ильяс чIагIдо Немцов политикан бахьанашца вийна бохуш

Яшин Илья

Яшин Илья

И верси мегаш ю Iедалшна, «цуьнца цхьана кхета деза вай цо Путин къелхьара воккхуш хиларх» аьлла ядина Яшина шен Фейсбукерчу агIонна тIехь.

Яшина дийцарехь, Немцов цкъа а дуьхьал хилла вац Делах тешачу нахана, Шарли Эбдо журналехь хиллачу нна комментари еш цо критика йинарг террорахой бара. Ислам дацара боху Яшин Ильяс.

Оьрсийчоьнан Iедалша нохчех зуламаш коча тосу нах беш хилар гойтуш ду дуккха а масалш.

Иштта нохчаша а, Къилбаседа Кавказерчу кхечу къаьмнех болчу наха а шайна тIеийцира цхьамогIа луьра зуламаш дар. Царна юкъахь ду закъалтхой а бойуш Бесланера школа дIадацар, Москох Норт-Ост мюзикл йоьдуш театар дIалацар а, 2004-чу а, 2010-чу а шерашкахь Москох метро чохь лелхийтарш дар а, 2004-чу шарахь оьрсийн некъахойн кеманаш лелхийтар а.

Кхечу масалашкахь Оьрсийчоьнан Iедалша пайда ийцира нохчех а, кхечу кавказхойх а, иудейш шайш къинош коча а тосий гIамаршка дIаллоллуш хиллачу газанах санна.

Далор вай царах цхьадерш.

Москох цIа эккхийтича шен салпал эцна йоьду эшам хилла зуда. 10Гезг1999

Москох цIа эккхийтича шен салпал эцна йоьду эшам хилла зуда. 10Гезг1999

Оьрсийчохь цIенош лелхийтар.

1999-чу шарахь Гезгмашин-баттахь 300 маьрша вахархо вуьйш буса нах беха текIелдина цIенош лелхийтира Москох а, Волгодонскехь а, Буйнаксвехь а. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан премьер-министро болийра шолгIа Нохчийчура тIом, и зулам динарш нохчийн сепаратисташ бу аьлла.

Цу гIуллакхана бехке вечу Хаттаба дIахьедар дира,шаьш бехк боцучу маьрша нахаца тIом беш дац аьлла. Масийтта Оьрсийчоьнан парламентан декъашхо а вара таллам бан беза хилларг къасто бохуш. Царна хетарехь, и лелхийтарш динарг ФСБ-н белхахой бара.

Делахь а 2002-чу шарахь Кремлан талламхоша дIахьедар дира цIенош лелхийтинарш Къилбаседа Кавказера тIемалой бара аьлла. Цара цIераш яьхначу нахах 7 стаг, шайна юкъахь Хаттаб а волуш, вийра. Кхин а 6 стаг чувоьллира. Цул сов и зулам дарна бехке ФСБ ю баьхначу нахах лаххара а 4 стаг велира тамашийна хьелашкахь.

Хлебников Пол

Хлебников Пол

Хлебников Пол. Форбс (Forbes) журналан оьрсийн версийн коьрта редактор хIоттийна дукха хан ялале Хлебников Полана тIелатар дира муьлш бу цахуучу наха 2004-чу шеран Товбеца-баттахь. И тIелатар вовшахтоьхнарг вара Хлебниковс интервью эцна волу нохчийн гIаттамхойн хьалханчех волу Нухаев Хожа-Ахьмад аьлла дIахьедар дира Оьрсийчоьнан Iедалан векалша. Прокурораша лехамашка велира махкал арахьа вехаш волу Нухаев. Ткъа Оьрсийчохь дIалецира кхо стаг. Уьш нохчий бара. Амма дукха хан ялале и нах дIахийцира.

Политковская Анна

Политковская Анна

Политковская Анна. Журналисто Политковская Аннас масийтто шо даьккхира Нохчийчу а йоьдуш цигахь дечу зуламех лаьцна дуьйцуш. Цо зуламаш дарна бехке бечу нахана юкъахь вара Кадыров Рамзан а.

2006-чу шарахь Путин винчу ГIадужу беттан 7-чу дийнахь Политковская йийра Москох, тапча а йиттина. Цхьа шо даьлча полицино лецира 10 стаг. Царах дукхах берш нохчий бара. Политковская ерна бехке вира 30 шо долу Махмудов Рустам.

Махмудов Рустам

Махмудов Рустам

Цунна гIо дина лоруш вара цьунан ши ваша.

Амма 2008-чу шарахь уьш бехказа битира. Махмудов махкара дIавахара. Ткъа 2014-чу шарахь юха хиллачу суьдо кхел йира цунна а, кхин а 4 нохчийчунна а. Амма хIинца а дIадирзина дац Политковская Анна ерца доьзна хаттар. Хууш дац иза хьа ейтина, нагахь йийнарш нохчий хиллехь а.

Кхин а дуккха а масалш ду Оьрсийчоьнан Iедалша нохчий зуламаш дарна бехке бан гIертаран. Дуьненаюкъараллан тидам тIебахана цхьа зулам дича оьрсаша сихха Нохчийчохь лацара цунна «бехке» болу нах. Иштта 2001-чу Гезгмашин-беттан 24-чу дийнахь «Боинг» кеманашца Iамеркана тIелатар дина 13 де даьлча Оьрсийчоьнан ФСБ-но Аргунехь лецира меттигера вахархо. Цуьнан хIусамех ФСБ-н белхахошна «карийнера» Iамеркера Дуьненан Йохкаэцаран Центрна тIелатар дон схема.

Оццу баттахь Цоцин-эвлахь карийнера тIемалоша дIалачкъийна долу "Боинга-737" муха хахка деза дуьйцуш долу компакт диск.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG