ТIекхочийла долу линкаш

Ростох суьдхочо кхеле кхайкхина Кадыров Рамзан


Оьрсийчоь -- Ростох, суд

Оьрсийчоь -- Ростох, суд

Ростохарчу журналисто Михайлов Евгенийс суьде латкъам бина Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис ша сийзас а вина, шен сий а дайина аьлла. Массо цец а бохуш, суьдхочо кхеле кхайкхина Нохчийчоьнан куьгалхо Кадыров Рамзана.

Цо жоп дала дезар ду кхелана хьалха I6 шо долуш ша хьалхара оьрсий вийнабохучух лаьцна.

Журналисто Михайлов Евгенис «Новая газета в Южном федеральном округе» олучу газетехь артикл зорбане яьккхинера Кадыров Рамзан «бандит ву, алссам Оьрсийчоьнан бахархой байина волу аьлла». Цунна жоп луш, зорбанан гIирсашкахь, ша аьлча "Грозный-информ" сайт тIехь, Кадыров Рамзанна тIехIоьттира Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди. Цо бехке вира журналист, шена хаа а хууш, харц дерг дийцарна.

Шен агIор Михайлов суьде ваьлла ша сийсаз а вина, шен сий а дйина, Нухажиевс харц дерг а кхоьллина, аьлла. Кадыров дуккха а адамаш дайина зуламхо ву аьлла журналисто яздинарг толлуш цуьнан адвокато юьйцуш ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша уггара хьалхара оьрсий вийра шен 16 долуш аьлла журналисташна елла боху шира интервью.

И интервью гина стаг вац, амма и дешнаш а, и зулам ша ца дар а харц дан дезаш ву, Михайловн адвокатана хетарехь, Кадыров Рамзан.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо цу процессехь дакъалаца оьшуш хилар тIечIагIдина Оршотан дийнахь Ростох суьдехь хиллачу ладогIаршкахь суьдхочо Алёшина Еленас.

Иза беламе хIума ду, Михайловна тIехьа лаьтташ Оьрсийчоь йохо лууш болу ницкъаш бу аьлла, мах хадийра хуьлуш долучуьнан Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис.

Нухажиев Нурди, Нохчийчоьнан омбудсмен

Нухажиев Нурди, Нохчийчоьнан омбудсмен

Нухажиев Нурди: «Суд а, суьдан бакъонаш а, адамийн бакъонаш а вай хьахийча, хIумма а доцу хIума ду иза. Кхечу агIор иза шен къорггера чулацам а болуш ду, Оьрсийчоьнан пачхьалкх йохо шайн хIоттийна программа а йолуш, Къилбаседа Кавказехь цуьнан цхьа дкъа а дина, адамашна питана таса Iалашо йолуш дина ду иза.


Оьрсийчоь юхучу хенахь цу балхо йохор йолуш ю».

Кадыров Рамзана ша уггара хьалхара оьрсий 16 долуш вийна аьлла дина дIахьедар каро хьажира тхо а. Нохчийчоьнан куьйгалхо вина шо тидаме эцча, дуьйцург ду 1992 шо. Ткъа иза хьалхара тIом болабалале йолу хан ю.

Кадыровс аьлла бохуш и дешнаш далийна ду, хIора стаганна шена хетарг яздан аьтто луш йолчу Википедия тIехь. Ткъа интеренетехь бинчу талламца, дуьххьара Кадыровс иза аьлла бохуш чIагIдинарг ю оццу Новая газетехь болх беш йолу Латынина Юлия. Иза цо аьлла «Эхо Москвы» радиостанцин эфирехь. ("Код доступа» «ЭхоМосквы»).

Ткъа Кадыровс оьрсий вийна шен 16 шо долуш бохург хIун ду аьлла хаьттира оха омбудсемене Нухажиев Нурдега.

Нухажиев Нурди: «Кадыров меттах валахь иза меттах а воккхуш, шайна пиар а еш долийна ду иза. ШолагIа делахь, Оьрсийчохь лелаш долчу низамаша бакъо луш ю хьайн дахар а, могашалла а ларйеш духьало ян а, хьо ве веана волу стаг вен а. Низамаш а дохош, бекх-гуьнахь а доцуш хьан керта гIерташ волу стаг, оцу хье юккъе топ а тоьхна, вен йиш ю.

ХIара лелош дерг схьаэцча, цхьа а бух бацара цуьнгара (Михайловгара) латкъаман кехат схьаэца а. Я Кадыров а, я со кхеле кхайкха цьа а бакъо яц цу стеган. Иза цхьаммо а векал вина вац»

Шена Кадыров Рамзанна хIун хета ша суьде кхайкхар хьокъехь? Цига ваха дагахь вуй иза аьлла, шега хаьттича Нухажиев Нурдис иштта жоп делира.

Нухажиев Нурди: «Иза хьехон хIума а дац. ХIун аьлла хир вара иза (суд хьокъехь) вист? Иза беламе ду. Цунна а, суна а мел аьлларг хьехо волавелча-м кхин болх а боцуш вуьсур ма вара иза а, со а. Кечам бон кхеташо яра кхело вовшахтоьхнарг. И (кхел) йола а ца ялийтало цаьрга, бух боцун дела.

Суьдхо а хийцавелла, цо а иза тIебогIучу беттан 22 чу дене дIатеттина. Ваьшна олуш долу хIума низамца дIататта деза вай. ТIекхууьш долу чIор а лардан деза. Иман чохь а, Ислам чохь а чIагIдала а деза. Вайн гIиллакхаш а, гIуллакхаш а чIагIдан а деза. Оьздангалла чIагIъян а еза. Кхин некъ бац вайна».

Журналистан Михайловн латкъам луьстуш суьде баьхкина бара цхьацца националистийн ойланаш йолу нах. Суьдан хIусамера Кадыров кхеле кхайкха сацам бина суьдхо Алёшина Елена арайолуш цунна «массо а Ростохара бахархойн цIарах» баркаллаш бохуш бара и нах.
XS
SM
MD
LG