ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дайн кхерчахь" цхьаьнакхийтира доттагIий


 Соьлж-ГIала.
Соьлж-ГIала.

МогIарерчу бахархоша цхьаьнабетталуш гергарлонаш тиссар, вовшашна ган а гуш дагабийлар, синбIаьвнаш йоттар санна туьду Дудаев Мусас.

Кху деношкахь шатайпа гулам-цхьаьнакхетар дIадехьна Соьлжа гIалин Кадыров воккхачуьнан цIарахчу паркехь йолчу кунаки «Дайн кхерч» ресторанехь. Цу цхьаьнакхетаран шатайпаналла а, изза мух-мухха а доцуш, цхьа могIарера гулам цахилар доьзна дара, схьахетарехь, цуьнан декъашхой дукхахберш вовшашна дуьхьала гуш хиларца.

Ма-дарра аьлчи фейсбук чухула интернетехь тийсина гергарлонаш вовшийн яххьаш а гуш, дуьхь-дуьхьал охьа а хевшина, къамелаш а деш, дIадахьар санна тида догIу и цхьаьнакхетар. И ойла-хьажам дахаре берзош верг ву шен адамашка болу безам хьуламехь латталуш воцу, уьйр-юкъаметтигаш тийсаран говзанча бизнесхо Успанов Юни.

Билгалдаккха догIу ресторан долахо волчу цо шен чоьтах хIоттош ду хьешашна массо тайпа даарш а, корта бахош доцу хиш а.

«Соьлжа гIалахь дIадехьнарг рогIера 6-гIа цхьаьнакхетар дара. Тхан лаамна жоп луш дуьххьала цига баьхкинера лераме хьеший а: ХIирийн, ГIалгIай мехкашкара а, ДегIастанара а…Оха цхьанне а боьхкуш бац кхуза ванн некъ. Лаам берг муьлхха а оха тIеоьцуш ву. Цундела къаьсттина дукха хуьлу могIрера нах.

Тхайн коьрта Iалашо ас ишта кхетайо – интернет зIенехула а доцуш, адамашна вовшийн ган а, довза а таро ялар. ХIора а стаг шен чкъуьйриг чохь,бата чохь веха шву,кхечу агIор аьлчи. Тхо гIо дан гIерта-кх цу чуьра ара а ваьлла, дог дика адамаш а девзаш, цуьнга дахарх марзо эцийтарехь…» Дах ца деш аьлчи цу кепара кхетайо Успанов Юнис шайн Iалашо.

Ала догIу иза гIо оьшучунна комаьршша гIоьналлин куьг кхийдочех цхьаъ ву. Хийла тIелецна цо ша вехачу ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь, кунаки кафе-музейхь Нохчийчуьра дешархой биста кхаччалц могIарера бахархой а,яздархой,Iилманчаш а. кхиболу кхоллараллин белхой а.

Хьаъ-хьаъ а ен йоцу яккхий харжаш а еш, уьйр-марзонаш туьйсуьйтуш, бIенне кхаччалца а, кхин а сов, хьеший луьстуш дIахьучу гуламийн мехаллех дуьйцуш ву махкахь дика вевзаш волу артист Дудаев Муса.

Муса: « Дуьненчохь адаман уггар доккха ирс маьршша вовшахъкхетар ду. Цул доккха ирс дан а дац. Ишта цхьаьнакхетар кийрахь мохк безаш, адам дезаш мехала хIума ду. Вовшийн довзар, кхетар доккха хIума ду-кх. Цунна вогIу –кх со кхуза. Соьгара цхьаъ эшахь а эр ду-кх аша. ХIара цхьаьнакхетар безаме а ду. Маттаца мА ду дерриге а. Мотт хууш бацахь пхенашца лела цIий а хийцало. Нохчий мотт хууш берш а бу амма хийъча а нохчалла-м доьхна догIу»

Успанов Юнис юьхьарлаьцна проект къаьмнашна юкъара херо эшорехь, доттагIаллин уьйраш тийсарехь вуно мехала лоручех ву ГIалгIайн махкахь шуьйра вевзаш волу журналист, байтанча, юкъараллин белхан хIайттархо Кодзоев Аслан.

Аслан: «Суна доккха маьIна долуш хета хIара цхьаьнакхетар дагадар а. Ерриг Кавказехь а тидаме эца мегар долуш дика хIума ду. Дала аьтто бойла оццул адамийн самукъадаьккхинчу Юни а»
Цхьа дика кхаъ кхаьччух тера, шена хаза нехан санна дика тIеIаткъамаш бина кху цхьаьнакхетаро бохуш, воккхавеш вара хьехархо Сумбулатов Iиса а, актер Исламов Султан а.

Iиса:« Цкъа делахь доккха сагIа а ду хIара. ТIаккха адамаш юкъахь марзо яржаяр а ду хIара. Дехьа.сехьара нах а болуш дIабехьна хIара гулам вуно маьIне го суна, тIаьхьалонна а. Дукха адам ги суна кхузахь, девзи.»

Султан: « Тахана ишта цхьаьнакхетарш чIогIа оьшуш ду. Къаьсттина мехала ду луларчу мехкашкара хьеший бахкар а, цаьрца гергарлонаш карладахар а. Хада а ца деш кхин а дIадахьа деза соьга хаьттича хIара тайпа марзо эцарш.

Хьажал, ишта цхьаьна хIирийн махкара схьа а баьхкина цара хаза аьлла иллеш а, ГIалгIайн махкара еъначу Бельхароевас лекхна йиш а. кхин а кхин стенан меха ду. Цкъацкъа артисташа политикаша ца дийриг до-кх юкъаметтигаш тоярехь а.машар чIагIбарехь а.»

Соьлжа гIалахь, «Дайн кхерч» ресторанехь дIадехьна цхьаьнакхетар мехала а лерина, хьахийна Дудаев Муса а, Исламов Султан а воцуш, баьхкинера цхьа могIа яздархой а, артисташ а, журналисташ а, могIарера бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG