ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сингаттаме ду ненан маттахь ойланаш йийца стаг ца хилча


Соьлж-ГIала, Нохчийн меттан де. Байташ йоьшуш бу мехкарий. 25Охан2014
Соьлж-ГIала, Нохчийн меттан де. Байташ йоьшуш бу мехкарий. 25Охан2014

Меттанаш адамаш санна ду. Уьш кхолла а ло, гучура дIа а довла. ЮНЕСКО дуьненаюкъарчу организацино далочу терахьашца, 2500 эзар мотт бу кху дуьненчохь лелочура дIабала мегачу кхерамехь. Царна юкъахь бу 136 Оьрсийчохь дехачу къаьмнийн меттанаш. Царах 20 хIинцале а белла лоруш бу.

2003-чу шарахь ЮНЕСКО олучу дуьненан култура ларъяран дуьненаюкъарчу организацино дехар дира меттанийн экспертийн тобане дерриг а дуьнентIехь меттанашца долу хьал таллахьара аьлла. И таллам цхьа дакъа хилира гучура дIабала мегаш болу 2500 хилла болу меттанаш ларбан гIортаран планан.

2008-чу шарахь ЮНЕСКО организацино арахийцира кху дуьнетIехь дехачу адамаша буьйцучу меттанийн керла Атлас. Цу тIехь гучура дIаболуш бу аьлла хьахийна бу кху дуьнентIехь болчу 6000 маттах 2500 эзар мотт. 199 мотт бу иттех стага бен буьйцуш а боцуш. Кху тIаьхьарчу 20-50 шарахь белла 200 гергга мотт. Оьрсийчохь кхерамехь лоруш бу 136 мотт. Царах 20 хIинцале а белла лоруш бу.

Iаламца боьзна бохамаш а, къаьмнаш гучура дIадовларца боьзна бохам а дIабаьккхича масех бахьана ду меттанаш гучура дIабовларан: доьшуш лелон мотт кхин бу, ненан мотт а боцуш; зорбанан гIирсаш а, самукъадоккхуш а лелош берг бац ненан мотт; лелочу меттан статус лекхара ю ненан меттан статусал а; гIаларчу бахархойн терахь алсам далар а, миграци а, цуьнца цхьана ненан мотт буьйцу юкъаралла йохар; болх лохуш кхин мотт оьшуш хилар; Iедалша лоруш дац дуккха а меттанаш махкахь хилар.

И ерриг а билгалонаш йолуш ю Оьрсийчохь долчу къаьмнийн меттанаш дуьцуш. Масала, Оьрсийчоьнан културан министро Мединский Владимира дукха хан йоцуш дIахьедар дира къаьмнийн меттанаш хилар дика-м ду, амма оьрсийн мот коьрта бу аьлла.

Цу тайпа дIахьедарша гойту Оьрсийчоьнан Iедалийн цхьа а бала ца хилар къаьмнийн меттанашца бохуш дуьйцу ГIебартлойн-Балкхаройчура филологин Iилманан докторо Хакуашева Мадинас.

Хакуашева Мадина: "Суна хетарехь, къаьмнийн меттанаш айъацадалийтарна тIе йоьгIна политика карарчу хенахь Оьрсийчохь долчу Iедало юьхьарлаьцнарг. Царна хетарехь, цу кепара церан аьтто бер бу къаьмнаш тайп-тайпана хилар дIадаккха а, къаьмнашна юкъахь болу цакхетамаш цхьабаха а. Царан моьтта русификацино ерриг а къаьмнийн юкъаметтигаш дIанисйир ю аьлла.

Иза доцург ду аьлла хета суна. Иза догIуш дац лортIехь долчуьнца. Цул сов, цо кхин а къаргбийр бу и цакхетамаш. Эзарнаш шерашкахь дехаш ду меттанаш, эзарнаш шерашкахь кхоллайелла меттанийн кодаш. Уьш тоьхна кагъян лууш бу Iедалера нах, къаьманшщна юкъара цакхетамаш а, девнаш а дIадерзош. Суна хетарехь, иза вуно ледара кхетам бу шайн болх вуно ледара бевзачу нехан".

Оьрсийчоьнан културан министро динарш санна дIахьедарш деш хилча Оьрсийчохь къаьмнийн меттанаш кхуьур дац аьлла хета Хакуашева Мадинаина.

Хакуашева Мадина: "Олийла дац Кремл лууш ю Оьрсийчохь дехачу къаьмнийн меттанаш кхиийта. Суна цхьа а мехала бух ца го, карарчу Iедало юьхьарлаьцначу политикех пайда а оьцуш, мот кхиор Iалашонца наха кхийдош долчу некъашна Iедалша гIортор йийр ю аьлла. ВУьшта аьлча, лууш дац Оьрсийчоьнан Iедал къаьмнийн меттанаш кхиийта".

Нохчий мотт а бу кхераме болчу меттанашна юкъахь. Шарахь цкъа нохчийн меттан де даздарх иза денлур бу аьлла ца хета говзанчашна.

Нохчийн маттана тIеIаткъам беш долчу хьелех лаьцна дуьйцу вевзаш волчу нохчийн меттан говзанча Вагапов Iаьрбис.

Вагапов Iаьрби:

Линкана тIе

Нохчаша доьзалехь ненан мотт буьйцуш ца хилахь хьал хийцалур дац аьлла хета Вагапов Iаьрбина.

Вагапов Iаьрби:

Линкана тIе

Нохчий мотт бийцарца а, иза Iаморца, кхеташ ма-хиллара, яккхийн халонаш хьоьгуш бу цхьацца рицкъанашца махках бевлла беха нохчий.

Чамикуро Перухь долчу къоман мотт хилла. Цу маттахь къамел деш 8 стаг хилла 1990 шерашкахь. 1999-чу шарахь царах тIаьххаьрчо Сангама Наталияс аьлла: Сан лаамаш чамикуро маттахь бу. Сайн сатийсамех лаьцна цхьана а стаге дийца аьтто бац сан, и мот хууш стаг висина ца хиларна. Мел сингаттаме хьал ду хьо тIаьххьара висар!

XS
SM
MD
LG