Махкал арахьа бехачу нохчашна хала ду шайн мотт Iамо. Къасттина иза хьакхалуш ду 19-чу бIешарахь махках бевллачу нохчайн тIаьхьенехь. Делахь а, шайн болчу ницкъашца нохчийн мотт ларбан гIерта уьш. Иштта хьал ду, масала, Урдан-пачхьалкхехь.