ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн меттан де я, къоман бедарийн, юурган а де?


 Соьлж-гIала -- Нохчийн меттан де даздеш, 2014, Охана-беттан 25

Соьлж-гIала -- Нохчийн меттан де даздеш, 2014, Охана-беттан 25

Нохчийчура Iедалан коьртехь берш къоман духаршца кечбелла, тоьллачу дойшкахь гIалин урамехула чекхбовлуш, массо тайпа даарш хIиттош, хьал ца хуучунна, бедарийн я даарийн къовсам бу мотталур долуш, нохчийн мотт даздеш цхьа де догIу республикехь шарахь. Базбина, и беза бийцар доцург, цуьнга болх байта яьккхина кхин гIулч а яц.


Мехкан куьйгалхочо нохчийн маттах а. исбаьхьаллин литературах а доьзна леррина сацам тIеэцна. Iедалан хьостано гIарбаьккхинчу хаамца цуьнан чулацам ишта бу: «Нохчийн мотт кхио а, исбаьхьаллин литературан а, ненан маттахь зорбане юьйлучу кхечу хIуманийн а мах хадо Экспертийн-говзанчийн Кхеташо кхоллар.

Официалан чIагIдарца цу кхешрнан куьйгаллехь бу: мехкан куьйгалхо а, къоман политикан а. зорбана-хаамийн а министар Жамалдаев Шаид, дешаран,Iилманан министар Байханов ИсмаIал Iилманан академин коьртехь волу Гапураев Шахьрудди а.
Соьлж-гIала - нохчийн меттан де даздеш, Охана-25, 2014

Соьлж-гIала - нохчийн меттан де даздеш, Охана-25, 2014

Цу кхеташонан декъашхо ву яздархо, исбаьхьаллин литература зерахо Бурчаев Хьалим. Нохчийн маттана джикачу агIор тIеIаткъам бан мел охIла хир ю те керла кхуллуш йолу говзанчийн тоба аьлла хаьттича цо зIенехула элира:

Хьалим: "Тхойга схьалур ду боху маттах мел дозаделла хаттар.Iалашонаш яккхий ю. цIерш нохчийн маттахь хилийтар а,юьхьанцара классаш ненан маттахь хилийтар а-дерриге а оха зуьйр долуш ду. Тобана юкъахь верриге а 12 стаг хир ву бах . Цкъачунна тхо пхиъ ву. Мотт денбарна а. литература кхиорна а тIехьажийна некъ юьхьарлаца дагаххьа-м ду тхо».

Нохчийн мотт а ,литература а хьокъехь кхуллуш йолчу говзанчийн кхеташоно хьанала а, жигара а къахьегаре сатесначех ву байтанча, гочдархо Хатаев Хьусайн. Нагахь санна цуьнан декъашхой, нохчийн маттах дог а лозуш, яхь йолуш белахь, цу тобанан кхиам ца хуьлийла дац бохучунна тIера доладелира тхойшиннан къамел.
Соьлж-гIала - нохчийн меттан де даздеш, Охана25, 2014

Соьлж-гIала - нохчийн меттан де даздеш, Охана25, 2014

Хьусайн: "Кхиам хир бу уьш яхь йолуш нах белахь. Яхь хила еза бохург нийсачу маьIнехь, нийсачу кепехь маттах доглозуш, маттана сагатдеш хила беза бохург ду сан. Яхь яцахь дехьа хьоьжуш,сехьа хьоьжуш бийр бу-кх ахь болх. Яхь елахь хьуна хаьа-кх айхьа хIуе дан деза. Боьршша хьайн ойла а, хьажар а долуш ахь болх бо-кх, хьайн яхь елахь. Хьуна ца оьшу оцу хIун эр ду те, вукхо хIун эр ду те бохург».

Маршо радио: Нохчийн маттана тIеIаткъам бийриг, и тIеIаткъам кIаргбийриг телерадио хета масала суна. Оьрсийн маттахь хуьлу берийн хьожийла а, ур-аттал юургаш йийцар а. Хьалакхуьуш долчу бераша ишта хила дезаш санна тIеоьцу-кх иза.

Хьусайн: « Церан бехк бац . Суна сайна гина хIума ду-кх . Министаро олу-кх: «Бехк ма билла, суна оьрсий маттахь атта хета дош ала. ТIаккха телевизионехь болчеран хIун бехк бу? Ярташ а цу тIе йогIуш ю. ГIаланашкахь дерг муха ду? Доьзалехь а оьрсийн мотт, берийн бешахь а оьрсийн мотт, ишколехь а изза сурт.

Соьлж-гIала, нохчийн меттан де даздеш, Охана25, 2014

Соьлж-гIала, нохчийн меттан де даздеш, Охана25, 2014

Цхьа новкъарло ян Iуьтту хIума санна юкъаIуьттуш нохчийн мотт бу. Цунна иза доьзалехь а ца оьшу, ишколехь а ца оьшу. Нохчийн маттахь цаьрга къ,тI элп-аьзнаш ала а ца ло-кх. Сан дало масалш ду-кх. ДIадеша аьлчи «киг» доьшу, «къиг» ала а ца ло».

Хатаев Хьусайнна хетарехь тахана мехалчех мехала хIума, меттигийн, яртийн цIерш нохчийн маттахь язьяйтарал сов, юкъараллин хьашт-дезарш листарехь, теле-радиохь цунах пайдаэцар хаъал шордар, ненан мотт санна юьхарлаьцна, байракх а йина, лелош болу оьрсийн мотт жимма садаIа а битина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG