ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьхаза ца лела ур-атталла мотт а...


Нохчийчоь -- Ненан меттан де даздеш, Соьлж-ГIала, 25Заз2012.
Нохчийчоь -- Ненан меттан де даздеш, Соьлж-ГIала, 25Заз2012.

Нохчийн меттан проблемаш хан хене мел йолу хьахайо Соьлж-ГIалано. Деношкахь къоман политикан, арахьарчу зIенийн, информацин министралло массо а меттан говзанчаш вовшах а тоьхна, гулам хIоттийра. Цигахь дерриг а хьехийна, коьртаниг доцург - матта тIехь болх бан оьшу ахча-бохча ца дийцина. Ткъа муьлхха а мотт пекъаран хьолехь буьсу, ша экономиках боьзна, иза хуучо бен напха доккхийла доцчу тIегIантIе кхаччолц.

Яралиев Юсуп


Нохчийн мотт а, нохчийн меттан йоза а кхиоран гIайгIанаш бахьана долуш воввшахкхеттера ши кIира хьалха Соьлжа-ГIалахь доккхачу Радион ЦIийнехь Нохчийчуьра интеллигенци: меттан Iилманчаш, яздархой, журналисташ. Уьш вовшахтоьхнера Нохчийн Республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос. Гулбеллачаьрга маршалла а хоттуш, гулдаларан Iалашо йовзийтира министра Жамалдаев Шаида.

Леррина кхузахь къамел дан кечам бинчу республикин юкъараллин-политикан «Даймохк» газетан редакторан гIовса Дадаев Сайд-Хьасана шийтта минотехь дийцира, долуш долу хьал довзийтаран Iалашонца ханна кхоьллинчу комиссис бинчу балхо билгалдаьхнарш.

Цул тIаьхьа профессорша Тимаев Вахас а, Халидов Айсас а, Новразова Хьавас а, ткъа иштта кхузахь дакъалоцучу журналисташа а, яздархоша а шина сохьтехь гергга динчу къамелашкахь билгалдевлира дуккха а лазаме хIуманаш: Iилманехь къахьегар Iилманчашкахь дита дезаш хилар, кхузахь хIинцца дан деза бохуш дуьйцуш долу хIуманаш тоххарехь дина девлла хилар. Масала, проекташ, программаш. Арахецчахьана, кечйина яьлла ю «Академическая грамматика чеченского языка».

Амма дерриге а гIоьртина лаьтта мотт кхиорна хьажийна ахча ца хиларх. Кхечу луларчу республикашкахь дIадоьдуш ма ду и гIуллакх, оьшуш долу ахча дIахоьцуш хиларна.

Ала деза, вовшашна бехкаш дохкуш а, гIалаташ дуьйцуш а, лазаме проблемаш хьейинехь а, вовшашца эвхьаза ца бовлуш, воккхалла-жималла а лардеш, гIиллакхах ца бухуш дира къамелаш гулбеллачара.

Нохчийн Республикин къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон куьйгалхочо дерриге а Iедалан тидамехь а ду, республикан куьйгалхочун сагатдеш хIума а ду, амма цкъачунна патриотизм хьалха а яьккхина, болх ца бахь, ца довлу вай, элира, къамел дерзош.

ШолгIачу муьрехь вовшахтоха лерина бу республикера хьехархой.
ХIара болх саццаза дIабахьа лийрина а хилча, ца бича ца болуш а хилча, дика хир дара, хIорамма а шена дан дезара аьлла хетарг яздина кехат тIехь охьа дуьллуш хилча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG