ТIекхочийла долу линкаш

Iилманча хила ца оьшу ненан мотт беза


Ичкерин эмиграцехь долчу Iедало арахецна абат а, дешаран жайна а. 30Охан2012

Ичкерин эмиграцехь долчу Iедало арахецна абат а, дешаран жайна а. 30Охан2012

Нохчийн мотт ден барехь дIоггара кхиамаш бацахь а, дуккха а нах бу цуьнан ойла еш. Шайн болчу аьттонашца цхьаъ дан а гIерта и нах. Иштта дукха хан йоццуш Нохчийчохь арахийцира дегIан меженийн цIераш тIехь йолу дошам. Дийнатийн а, олхазарийн а цIераш толлуш бина белхаш а карабо интернетехь. Цул сов туьранаш гочдеш болх беш а бу нохчийн мотт безархой.

Цхьа бутт баьлча, Нохчийочхь билгалдоккхур ду нохчийн метан де аьлла. ХIетталца, ян цул тIаьхьа а, къомах хер болучу меттан бала айбийра бац цхьанна тIегIан тIехь. Массо а кхета, мотт бийца безаш а, иза денбаран цхьацца гIулчаш яха езаш хиларх, амма, дийцаралла сов ца долу иза.

Махкахь, дукха бацахь а, нах бу, шаьш шайна мотт безар бахьан долуш, цхаьцца таьптарш а, жайнеш арахоьцуш. Стохка, чIогIа кхайкха а деш, гIарадаьккхира нохчийн маттахь адаман анатомии зорбане ялар. 400 сов агIонна тIехь, ша могIарера лор волчу Берсанов Руслана бинера, кIорге чулацам болу и болх.

Ду цу юккъахь, цкъа а гочдалура дац аьлла хетачу меженийн, ян адамийн чоконийн цIераш. Хьанна моьттура, масла, оьрсийн маттахь «пищевод» иза нохчийн маттахь «тIеда къамкъарг» юйла, ян «зрачок»-«къарзарг» юйла. Чуьйрашна тIехула яьллачу мохьанан гуламах, оьрсийн маттахь- «большой сальник» олу, ткъа, Берсанов Русланан анатомийца иза «моллийн куй» ала догIуш ду.

Бина боккха болх бу, амма, лоьраш, оцу анатомех пайда эцар гена ду. Иза цхьанна лоьрийн стоьла тIехь хилахь тамаш бу. Иза йолчара а, эцца шифонер чохь ченах а юзуш латтайо. Журналист йолчу Чагаева Тамара, тIаьххьарчу шерашкахь къахьоьгуш ю, нохчийн меттан гочдархойн тIегIан тIехь. Цо даре до, мотт вуочу хьолехь хилар. Амма, бахарехь, ненан маттахь долу муьлха а жайна, ишколашкахь берашна Iамо деза.

Чагаева Тамара: « Боккха болх бу, вай Iилманан академино и анатомийн атлас арахецар. Суна сайна гина яц иза. Мотт бийцарх терра бен, вайх дIабулура бац. Тахана, цхьа элп, дош а Iамича, кхана кхидерг а Iемар ду.

И Iамо деза. ДегIан муьлха меже ю а хьожуш, Iамо деза. Ишколан программа юккъе яхийта дезара иза. Атлас тIехь берашн гайта а гойтуш. ДIа а йиллина и книжка латторах пайда ма хира бац. Цунца болх бан беза».

Йоьхьанца, дуьненна туьйранаш нохчийн матте догIуш болх беш яра Чагаева Тамара, амма, тахана, цо, шен белхан тидам тIебахийтина, нохчийн туьйранаш оьрсийн матте дахарна, юх цул тIехь, уьш дуьненаюккъера кхечу меттанашка догIу, элира цо.

Чагаева Тамара: «Комус» бохуш туька ю-кх вай гIалахь. Церан белхахой, цхьа шиш о хьалха, Москохахь книжкийн цхьана ярмаркехь хилла. Цигахь цьунга хаьттинера, оьрсийн маттахь нохчийн туьйранаш дац шу бохуш. Сайна иза ма хезнехь, и болх буолийра ас. Сайн цхьана белхан накъостца, иза ингалс мата дехира оха. Кхаа биъ маттахь кечдина Iоьхкуш ду тхан уьш».

Нохчийн метта говзанча волчу Хаджимурадов Сулейманна, хетарехь, нохчийн мотт денба беза бохуш къамелийн меттана, гIулчаша яха еза. Ткъа, уьш муха хила еза а дийцира цо.

Хаджимурадов Сулейман: «Вайн нохчийн мотт беза а безаш, цуьнца бала а болуш вара со даиманна. Нохчийн мотт Эсхаджиев Якъубас, Тимаев Вахас буьйцург бара цIена. ХIинца дIатесна наха иза. Цхьаннахь а, нохчийн маттахь яздина яц арахь гуш. Маттаца ахча доккхуш ца хилча, иза беза бахарх, хIара профессор ву бахарх гIуллакх хира дац.

И Iилманан яздарх а гIуллакх хира дац. Мот муха денло, вай цIахь тахана таIош долчу мугIар тIехь, нохчийн маттахь цхьа а йоза дац, оьрсийн бен. Маттана шен суверенитет еза. Вай паргIат дац, вай паргIат ма доьвлнехь, тIаккха мот а паргIат бера бу. Оьрсийчоьнана федерацех, Оьрсийчоьнана къаьмнийн федераци таяхь, мел болу мотт кога гIура бу».

Тахана, махкахь нохчийн маттахь арадолуш цхьаъ бен официала газета а ца хилча, хIун дуьйцура ду, боху Хаджимурадов Сулеймана. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкар масалш а эца луучух а тера дац, элира цо.

Хаджимурадов Сулейман: «Кхечанахь муха ду? ГIезлойнчохь, зорбане долуш цхьа бIе газет а, журнал а ду. Кхечанахь муха ду а хьаьжна дан деза гIуллакх. Книжкаш язъян еза. ХIетталца, гIийла Iан деза вай, схьахетарехь».

Нохчийн маттахь йолу адаман анатомии а, нохчийн маттахь долу, дуьненара туьйранаш а, тахана, дукхачу наха лелош дац. Оьрсийн маттахь, нохчийн дIахербелча, иза валар санна хеташ дукха бу тахана а махкахь. Цундела, Берсанов Руслана а, Чагаева Тамарас а нохчийн маттахь бина белхаш, сихонца листа а луьстий, уьш, ишкап чу дIадоьхку наха.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG