ТIекхочийла долу линкаш

ТIехь ондда къахьоьгуш а, Iедало лелош а доцу, кегийчу къаьмнийн меттанаш юкъара дIадовлуш йолу зама ю хIара. Цунах лаьцна дуьйцуш, дIахьедарш деш, орца дохуш а бу меттанийн говзанчаш. Делахь а, уьш буьйцучех тIаьххьара стаг дIаваьлча, иштта мотт хиллера олий, исторехь иза билгалдаккхар доцург, кхин цара хIумма а ца юьсу. Бицбала герга болчу меттанашна юкъахь бу, еххачу хенахь дIатесна бисина хилла нохчийн мотт а. Иза Москохана муьтIахь долчу, Нохчийчура Iедало лелош бац. Ур-атталла, республикин школашкахь а дозанал арахьара мотт санна хьоьхуш бу. Мел лелахь а, нохчашна юкъахь лелаш болу мотт денбан бала хIунда ца кхочу те нохчийн?

Кегийчу къаьмнашна хала ду таханлерчу хьелашкахь шайн мотт ца байта. Барна кхерам болу мотт кхион а, ларбан а, бийцийта а Iедалийн гIортор ца хилахь, говзанчийн хьесапехь, гергарчу хенахь дуьнентIера дIадевр долуш ду, хIинцалерчух шовзткъеха процент меттанаш. ХIора къоман маттаца доьзна инзаре дукха хIума ду. Цунах кхетачара шайн мотт денбина ца Iаш, и мотт бахьанехь, шайн пачхьалкх а кхоьллина.

Юхаденбинчу меттанех а, уьш юхакхолларна тIехь болх бинчарех а лаьцна дуьйцуш, 1966 шарахь Iамеркерчу меттан говзанчо ХIауген Эйнара яздинера: "Схьагарехь, хIора а мотт юхаденбаран юьххьехь лаьтташ цхьа энтузиаст хилла. Оцу шен дерриг къомал а чIогIа, цуьнан хьаштех кхеташ волу. Мотт эвхьазабаьккхинчу къомара схаьваьлла волу стаг, реформатор - шен мотт лакхабаккха гIертачу хенахь, шен къам кIелхьардаккхаран гIуллакхехь, цхьа дакъа лаца хьожу. Ненан маттах къоман барт баран билгало а, герз а деш бохуш язлдинера, Iамеркерчу лингвисто. Цо хьахийнарг вара, иврит мотт юхаденбина волу стаг.


Белла жуьгтийн мотт денбина волу Бен Йехуда Элиэзар


Кегийчу къаьмнийн меттанаш юхадендаран леринчу програмийн декъехь, аса тахана дуьйцур ду, ивритах – жуьгтийн маттах а, иза денбинчу стагах а лаьцна. Цу тIехь суна гIо дийр ду, телефонехула Израилера схьа къамел динчу - Айзенштадт Галинас. Дуккха а шерашкахь Маршо радион корреспондент болх бина а, Советан пачхьалкх йоха йолаялале, Беларусси йозуш ца хиларехьа кхоллабеллачу боламан жигара декъашхо хилла а ю. ВорхI шо хьалха, Беларуссера Израиле дIа а кхелхина, хIинца цигахь ехаш ю.

Айзенштад Галина:
"Уггар хьалха "шалом" ала лаьа суна шун ладогIархошка. Иза, стаг гуш олуш долу дош хилла ца Iа. Машар а, дика мел дерг а хуьлийла бохург ду. Шун хIусамашкахь боккъалла а машар хIоттийла лаьа суна."

Маршо радио: Айзенштад Галина а ю, мотт ларбарехь, уггар а хьалха, боккха болх бан а, къахьега а дезарш Iедалш ду аьлла хетачарех.

Айзенштад Галина: "Дага догIа хIума а дац, Израилан куьйгалхойх цхьаммуо а, цIаьххьаша, иврит маттахь а ца деш, ингалс маттахь къамел дийр ду бохург. И стаг хьера-м ца ваьлла эр дара. Кхузахь ингалс мотт Iамош, хьоьхуш бу. Кегийрахошна оцу маттахь дика къамел дайта а хьовса. Цул сов, Израилан уггар хьалхара премьер-министр ХIурион Бэн хIоьттича, цо шен министршна дихкира, иврит боцчу кхин цхьана а маттахь къамел дан. И нах бара хьуна тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара баьхкина, идиш - европерчу жуьгтийн - мотт хууш болу жуьгтий.

Ур-атталла, Iедалан гIуллакхаш дина бевлчи а, идиш бийца ца магийтора цо царна. Иврит мотт бийцар тIедиллина ца Iаш, шайн фамилиш а хийцинера цо-м, уьш иврит маттаца а нисъеш. Иза ша Полшера вара. Цуьнан фамили Грин яра. Иза Бен ХIурион хилира - ХIурионан кIант бохург ду иза. Иштта, массо министраша хийцира. Иштта дIдахара иза. Масала, Голда Мейер - прмеьр-министр а, арахьарчу гIуллакхийн министр а хилла йолу - Голда Мейерсон яра.

Тхан хIинцалера президент схаьоьцур вай - Перес Шимон. Иза хьалха Перский вара, хIинца - Перес Шимон ву. Шуна ма-гарра, ур-атталла, цигахь а, маттаца боьзна хийцамаш бина цара. Ала дашна - Мейер Голда а, Перес Шимон а - ший а, цIера Беларуссера ду. Беларуссера вара, иврит мотт юхаденбан гIо динарг а."

Маршо радио: Айзенштадт Галинас хьехош волу стаг, Беларусерчу Лужки эвлара Бен Йехуда ЭлиЭзер ву. ТкъаясналгIачу бIешерахь массо а жуьгтийн бераша санна цо а, шира жуьгтийн мотт Iамош хилла и – дин Iаморан коьрта билгало хилла иза. Цо дика дешарна, лаккхарчу, жуьгтийн дин Iаморан "ешибот" олучу дешаран хьукхмате хьажийна. Цигара ваьлча ребе – жуьгтийн молла хир вара цунах.

Амма, дуьненан хIуманаш хьалха а девлла, оьрсийн гимназе вахара иза. Цигахь а, сихачу кепехь дешна велира I877 шарахь. Оцу шарахь Оьрсийчоьно Оттоман империна тIом кхайкхийнера, шайн славянан вежарий, туркойн урхаллин кIеллара дIабаха. Оцу и хенахь йозуш ца хиларца йоьзна кхин а масех европерчу пачхьалкхийн а кхоллаеллера. Болгарашна церан бакъонаш юхаяларо меттахваьккхира Бен Йехуда а.

И бахьанехь, Палестине дIакхалха сацам бира цо. Амма, дуьххьара Париже вахара, лоьрийн говзалла караерзо. Йовхарийн цамгар а кхетта, могуш воцуш хилча, дешар юкъах а даьккхина, 1881 чу шарахь Палестине вахара, иврит мотт денбан.
Кхузахь ала деза, йозий бен, иза буьйцуш мотт хилла ца хилар. Жуьгташа шайн мотт бийца беза аьлла ойла а кхоллаелла, массо а жуьгташна маьIне гIуллакх долийна стаг ву Йехуда Бен Элиэзер.

Айзенштад Галина: Цкъа делахь, и хIума долийна стаг ву иза. ШолгIа делахь - цуьнан доьзалан истори - ма-дарра аьлчи, Палестинера дуьххьара доьзалх бу иза, иврит мотт бийцинчех. Амма, кхоллам муха бу хаьий шуна? Цуьнан кIант хьалхар бер хилла и мотт Iамийнарг. Делахь а, школехь иврит Iамо а болийна, иза школе лела волавелча, цигахь къийсамаш бара дIахьуш, мотт говза хьанна хаьа хьовсуш. Толам кхечу кIанта баьккхинера.

Элиэзеран мел дог даьттIа хир ду суна хаьа. Делахь а, цуьнан кIанта французийн маттахь говзаллаш а гайтина, толам баьккхина.
Гой хьуна, ворхI шарахь чохь а кхаьбна, кхин цхьа а мотт ца хозуьйтуш, делахь а, иштта хуьлу-кх.

Маршо радио: Шен кIанте иврит мотт бийцийта ЭлеЭзера динарг, тахана тайп-тайпана дуьйцу. Айзенштад Галинас бахарехь, Бен Йехудас шен зудчуьнгара Деборера дош даьккхина хилла, цо исторехь дуьххьара бер кхиор ду, ненан мотт - иврит хир берг аьлла.

Айзенштад Галина:
"Цунах лаьцна аса дукха ешначул тIаьхьа, иза жимма хьерваьлла-м ца хилла те боху ойла кхоллаеллера сан. Суна хIун хета аьлчи, оцу тайпа, цхьа "лакхара, юьхьаьнцара - цхьа а некъ бац иза дан" бохуш йолу Iалашо кхочушъян араваьлла волу стаг а, нах а - уьш, цхьа ша-тайпа фанатикаш а, хьерабевлла а бу. Иштта цхьа - инзаре хьунарш долуш. Оцу гIуллакхана дукха тIаьхьавьаллачу цо, шен зудчуьнгара дош даьккхинера, шен кIант араволуьйтур вац аьлла. ВорхI шо кхаччалц, цхьанцце а уьйраш а хуьлуьйтур яц аьлла."

Маршо радио: Бен Йехудана хетарехь, иза чIогIа маьIне дара мотт юхакхолларна. ХIунда аьлча, ишттачу бераца – цуьнан дас-нанас а, хьешаша а, иврит бен буьйцур бацара. Амма, иза иштта дацара. ХIунда аьлча, делан денна дахарехь чохь а, арахь а дерг дийца – аттахь дешнаш дацара.

Айзенштад Галина: "Дукхах долу, дахарца доьзна дешнаш хилла ца хиларе терра, шен кIанте дийцийта керла дешнаш ша кхоллара оцу ЙехIудас. Цхьа а дешнаш ма дацара. ХIунда аьлчи, иврит - Библин мотт ма бу. Торин мотт. Раввинашна чIогIа ца везара Йехуда. ХIора денна наха лелош болу мотт хила йиш яц бохуш, цунна оьгIаза эхара уьш. Торехь а, КъурIанна тIехь санна - ша-тайпа мотт ма бу. Цундела, кхеташ ду, вилспет а, саба а, юьхь-куьг дила а - иштта хIуманийн дешнаш хилла ца хиларх. И массо а дешнаш цо ша кхоьллина ду. Помдор а, массо а цхьа, хIинца ца хилча йиш йоцу дешнаш."

Маршо радио: Бен Йехудин кIант кхиарца цхьана, вовшахкхеташ дара, цо буьйцучу меттан дешнаш а. Хьалха санна тамашийна ца хетара, буьйцу мотт хезча. Бен Йехуда а, цуьнан доьзал а, дийна масала хилира массарна а. Цо кхоьллина йолу "Иврит школехь", "Иврит цIахь", "Дешнийн хазна" цIе йолу программаш вуно доккха маьIна долуш хилира. Ша европехь волуш дуьйна, жуьгтийн цхьанатохарна тIехь чIогIа ойланаш йинера Бен Йехудас. Цо артиклаш зорбане яхара, къам юхакхолларна а, пачхьалкх а, мотт а денбарна а тIехь.

Иза леррина Байтал-Къуддусехь ваха охьахиънера, ерриг Палестинера жуьгтий, цхьацца юкъараллашкахь бехачу метте. Шена дуьхьала мел кхеттачу жуьгтичунга иврит мотт бен ца бийцара цо. Иза дика кхетара, мотт юхаденбан кхин цхьа а некъ ца хиларх.

"Иврит, синагогера школе гIур бу. Школера – нехан хIусамашка, тIаккха денлур" бу бохуш яздора цо. Нагахь санна, алар цо - бераша кегий долуш иврит мотт Iамабахь, иза церан коьрта мотт хир бу.
Оццу хенахь, шен цIахь, мот Iаморан политика а чIогIа дIахьора Бен Йехудас, бохуш дуьйцу Айзенштад Галинас:

Айзенштад Галина: "Шен хьалхара зуда елча, ша волче шен нана еъча, цунна а дихкинера цо оьрсийн а, идиш меттанаш бийца. И шен бер, вист хила стаг а воцуш хьалакхиавайтина цо. Диъ шо долуш а, мотт буьйцуш ца хила цуьнан кIант. Цхьана агIора, чIогIа къиза ду иза. И къизалла шен зудчунна а, нанна а тIехь а латтийна цо. ХIа, дика ду.

Зудчуо-м цхьана хенахь Iамийна иза. Ткъа нана, кхин цуьнан къизаллаш ла а ца елла, Одессе юха дIаяхана. Цкъа, цхьана дийнахь, шен цIийнда цIахь воцуш, цуьнан зуда хилла бер дIадижош, оьрсийн маттахь аган йиш локхуш. ЧувогIуш шена иза хезча, цо даьккхина хилла дов... Эццехь, кIант кхера а велла, мотт бийца волавелла."

Маршо радио: Бен Йехудина дуккха а наха гIортор еш хиллехь а, коьртачу декъана, Оьрсийчура Палестине дIакхелхинчу жуьгташа, цо леорг товш бацара, жуьгтийн динан дай. Цара тIе а ца дитара. Тоурат яздинчу маттах, хIора денна буьйцу мотт бар.

Айзенштад Галина: "Дукха хIума лаан дезна цуьнан. ХIунда аьлча, раввинаша дукха новкъарлонаш йина хилла цунна. Бехкамаш бора цунна, емалвора. Оьрсийн эмигранташа, оцу хенахь репратрианташ алара царах - гIо дора цунна болх бан. Царца цхьана леррина газета арахецара цо. маттах лаьцна дукха хIуманаш зорбане яхара. Дошам арахийцира. Ша иза вовшах а тоьхнера цо.

Цунна гIортор ян нах карийнера цунна. Шовзткъа шарахь дийнна цхьа чкъор кхиира, иврит мотт буьйцуш долу. Даханчу бIерашан ткъе шолгIачу шарахь велла иза. Ткъа, тIом дIабаьллачул тIаьхьа хилларг шуна хаьа хир ду - Бен ХIурионо омар а дина, оцу маттах официала мотт бинийла. Кхуза мел вогIуш верг жуьгтийн мотт хаа безаш ву, мел кIезга хиъна а. Кхин муха хир ду? Жуьгташа вовшашца хIун мотт буьйцур бу, иврит боцург?

Жуьгтий - дерриг дуьненахь дIасабаьржина бу. Шаьш Iийначу меттигашкарчу диаспорин култура а, мотт а бохьу цара кхуза. Оцу матто уьш цхьана ца тохахьарий, царна юкъахь уьйр ялур яцара."

Маршо радио: Белла лоруш хилла иврит мотт а денбелла хилча, тахана лелаш долу меттанаш кхиош, хIумма а хIунда ца до те. И хаттар, дуьххьара,ша схьаяьллачу Беларуссехь дийца долийра, Советанан пачхьалкх йоха новкъа яьлча элира, Айзенштад Галинас.

Айзенштад Галина: "Уггар инзарениг кхин ду, со беларусех дIаийна жуьгти хиларе терра, суна цкъа а дага ца деанера Израил хьахо а, иврит мотт денбар хальцна дийца а. Уггар хьалха жуьгтех масала эца дезара аьлларг, беларусин къоман фронтан лидер Позняк Зенон вара. Цо алара, шайн мотт денбинчу жуьгтех масала эций вай. Тхна, беларусин мотт даиманна дийна ма бара. Иза тхоьга ден хIунда ца лора те, жуьгташа - белла мотт денбина хилча?" Амма цо дуьйцург цхьанне а хезаш дацара."


Iедалан наха буьйцуш ца хилча, мотт сийсаза болу.


Айзенштад Галина: "Юха со кхийтира бахьана а, башхалла а стенна тIехь яра. Хьовсал, беларуссин Iедале - цо беларуссин мотт ма ца буьйцу. Оьрсийн мотт бу цо буьйцург. Пачхьалкхана урхалла деш болчу наха къоман мотт буьйцуш ца хилча, оцу къоме шен матте безам муха хилийталур бу цуьнга? Цхьаъ вац-кха Беларуссин Iедалехь беларусин мотт буьйцуш. Лукашенкас а - мехкан президента а ца буьйцу. Масех дош-ма алало цуьнга. суна дика вевза иза.

Эвлара схьаваьлла ма ву иза. Беларусерчу эвланашкахь даиманна а ма бийцина цIена беларусин мотт. Ама, гIала ма-кхаьчнехь, и мотт сиха бицбан хьовсара уьш. ХIунда? ХIунда аьлча, гIалахь бIаьрга схьа бан ца безара беларусин мотт. Цигахь алара: И бохург хIун дара? Иэхь дар-кха беларусин мотт бийца. Нагахь санна Лукашенкас а, цуьнан Iедалерчу наха а беларусин мотт буьйцуш белхьара - шайна ца хуург а ца буьйцуш, бийца ма-беззара мотт бийцахьара, къоман мотт!"

Маршо радио: ХIора пачхьалкхан коьрта низамашкахь карор ду, оцу къоман мотт – официала мотт бу аьлла яздина. Амма, дахаро гойтург кхин ду. Масала, Нохчийчохь а ду, и мотт, шолгIа официала мотт бу аьлла. Амма, Iедалан документаш ша-дерриш а, оьрсийн маттахь ду. Юккъерчу а, лакхарчу а школашкахь Iилма а Iамадо, оьрсийн маттахь. Телевизион а, радио а латийча хезарг – оьрсийн мотт бу. Изза ду Беларуссехь а элира Айзенштад Галинас.

Айзенштад Галина: "Беларусин маттах пайда оьцуш бац. Амма, кхузахь, иврит маттахь бен, Iедалан кехаташ яздо бохург, цхьанне а дага а догIур дац. Цул сов, тхан шолгIа официалан мотт - Iаьрбийн мотт буйла хууш кIезиг нах бу. Суна хала а хета, иза нахана ца хууш. ГIаланашкахь, новкъахь, Iедалан хIусамашкахь а - массо хIума шина маттахь ду - иврит а, Iаьрби а.

Миллион Iаьрби ву кхузахь, Израил пачхьалкх кхоьллинчул тIаьхьа ваха висина. Царна а иврит хаьа дера. Церан шайн, Iаьрбийн школаш а дера ю. Делахь а, цара иврит мотт буьйцуш хезар ду шуна. Со Галилейн хIурдан йистехь ехаш ю. Тхо долчехь бехаш болу Iаьрбий Iедалан хьукхматашка бахча, царна дуьхьала Iаьрбийн мотт а буьйцур бу, кхетор а бу."

Маршо радио: Ша жуьгти елахь а, шен Даймохк Беларусси хета Айзенштад Галинина. Цуьнан цIийнда а хилла – беларус. Амма, шен ненан мотт буьйцуш ца хилла.

Айзенштад Галина: "Сан цIийнда - хIинца воцуш волу - беларус вара. Амма, суна хууш болу беларусин мотт ца хаар цунна. ХIунда аьлча иза Архангелск кIоштахь вина вара. Эскарехь гIуллакх дина ваьллачул тIаьхьа кхаьчнера Минске. Беларуссин мотт хьашт болу гIуллакх дацара цигахь. Массанхьа а буьйцуш оьрсийн мотт бара, хIинца а бу. Иштта, хьалха ма-хиллара хIинца а бу Беларуссин коьрта мотт.

Ненан мотт бийца безара бохуш аса яздаро уьш эргIадбахийтара. "хьуна кхузахь хаза ца хетий, хьада дIайоло хьайн Израиле" алара соьга. "Тхуна мегаш бу иза. Иза тхан гергара мотт бу" - алара. Суна а-м бу иза гергара. Со оьрсийн културин тIехь кхиийна ю. Делахь а, суна беларусин мотт а, литература а ма еза. Цундела, мотт кхиорца доьзна гIуллакхехь аса болх барх, кхеташ дара."

Маршо радио: ХIара къамел дерзош хазийта лаьа, Беларусехь Израилан векал волчу Арджес Маршо радиога къамел деш, иврит мотт денбинчу Бен Йехуда Элиэзерх лаьцна аьлларг: :

Арджи: "И стаг, "иврит" мотт ден а бина, меттахIоттийна стаг ву. Цо ша цхьамма ца дина иза, амма, хаза нехан санна доккха дакъа лаьцна оцу гIуллакхехь. ХIунда аьлча, меттан проблема, меттан кхане, суна хетарехь, къомана коьртаниг ду. Нагахь санна, оха тхайн мотт бийца ца болийнехь, Израил боху пачхьалкх цкъа а кхоллалур яцара. Оцу къизачу халонашкахула чекх а ялалур яцара. Беларуссера схьаваьллачу ЭлеЭзар Бен Яхудас вуно дукха хIума дина иврит мотт денбеш.

Иза чIогIа буьрса стаг хилла. Шен мискачу берашка иврит мотт бен буьйцуьйтуш ца хилла цо, гонаха кхин цхьаммо а иза буьйцуш ца хиллашехь. Цигахь дола а делла, цуьнан берийн нийсархоша а иза юха бийца болор бахьанехь, массара а буьйцуш схьабеана. ХIинца Израилерчу кегий бераш буьйцуш берг Библин а, Торин а мотт бу. Оцу стага дукха хIума дера дина иза иштта хилийта."

Маршо радио: Ша Бен Йехудас, 1908 шарахь яздинера Ха-цви олучу жуьгтийн газетехь, ХIора а гIулалкхан цхьаъ хьекъале, тIах-аьлла стаг веза – оцу гIулалкхана шен мел болу ницкъ дIалур болу. И гIуллакх тIаккха дIагIур ду, мел яккхий дуьхьалонаш хиларх. ХIора а керлачу хIуманна, прогрессан новкъахь йоккхучу жимчу гIулчана везарг некъ буьллуш волу цхьа стаг ву. Юхавала некъ ца бевзаш волу.

Программа эфирехь хилла 2008-чу шеран 8-чу июнехь (меттанех лаьцначу программашна юкъара)


Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG