ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

18 шарана чувоьллинчо оьрсийн набахтера тоьхна телефон...


Набахтехь волчуьн юкъара сурт
Набахтехь волчуьн юкъара сурт

Маршо радионо эфирехь хазийтина чубоьхкинчу латточу нахах лаьцна материал а хезна, тхоьца зIене ваьллера Оьрсийчура Архангельск кIоштерчу, луьрчу режиман набахтехь I8 шо токхуш волу тутмакх Iимран. Кеста 8 шо дузу, цо хан токхуш йолу. Набахтера хьелаш луьра доллушехь, цуьнан цхьана агIора аьтто белира тхоьца къамел дан.

Ша Нохчийчохь лацаран бахьана а дуьйцуш, шен къамел иштта долийра цо.

Iимран: Сан цIе Iимран ю, 2004-чу шарахь лаца а лаьцна чувоьллина ву. ГIалахь Лаккхарчу Кхелехь хан а тоьхна. Со чохь воллуш волу 8 шо хан кхочу (кеста). Дан хIума доцуш, чIогIа кIел висина цо хIокху сайн хьолаца. КIелвисина бохург хIун ду, (суна) тоьхна йолу хан а, сайца лелош йолу харцо а - цу хIуманаша кIелвитина со.

Маршо радио: ФСБе дакъа а йолуш лаьцначу Iимранна кхайкхийна артиклаш, кхечу эзарнаш нохчийн кегийрахошна кхайкхийнарш санна ю, цхьана бустаманна тIера санна. Цiераш хийцар доцург, бехкан йоза ша-ма дарра а дуьтуш. Iимрана кхин дIа а дийцира

Iимран:
Служба безопасности (Кхерамазаллин сервис) олуш яра вай цIахь, цара тешнабехк бина, кертал араваьлча тIе а кхетта, машенашна чу а тоьхна, дIаваьхьнера со. I0 дийнахь-бусий волу меттиг ца хууш латтийра со - етташ а, ницкъ беш а. Цул тIаьхьа, цIерачара, цхьа Делан къинхетам а хилла, орца а даьккхина, со карор бахьана долуш, вен ца вуьйш, къайла ца воккхуш, дийна висина.
Прокуратуре дIавелира со, бехк-такхаман гIуллакх а долийна. Аса боккха тIом бина, къахьа де дина, аса гIазакхашна чIогIа дукха зе дина аьлла, чувоьллира со. Со чуволлар бахьана... Лакхарчу Кхело йина харцо.. и яра суна йийца лууш ерг. Харцо хIун яра хьуна аьлчи, цара боху, хьуна кхайкхийначу бехканна тIехь яздина ду - Абубакаров бохуш цхьа кхелахо ву цигахь, цуо кхел йина суна, аса "Мангал беттан хьалхарчу деношкахь оьккхуьйтург а эцна, гIазакхашна буха а йиллина, эккхийтина. Мангал беттан хьалхарчу деношкахь аса схьаэцна боху и оьккхург, юха Стигалкъекъа беттан I2-чу дийнахь эккхийтина" аьлла. Хан туьйхира суна. Аса боху: "Аша хIун дуьйцу? Шу лортIехь дуй?" боху аса. И хIума тергал деш а, ладугIуш а стаг вац.

Маршо радио:
Мангал баттахь оьккхуйтург хьан каракхаьчна хилча, ахьа Стигалкъкъа баттахь иза муха оьккхуьйту?

Iимран: И дукха иза. Цу хIуманна суна жоп луш цхьа да вац-кха. Москва яздича а, тергал деш цхьа а вац. (Со) нохчо ву, нохчо хилча хьо бакъ ву, харц ву, бехк бу-бац, тергал деш стаг вац.

Маршо радио: Боцу бехкаш тIе а хьарчийна, I0, I5, 20 а сов шераш кхайкхийна, оьрсийн набахтешкахь хIаллакбеш болчу нохчийн кегийрахойн хаттар айар доккха хIума хета шена а, кхечу тутмакхашна а бохуш вара Iимран. ТIемаш дIабирзина сурт ду бохуш Нохчийчура хьаькамаша чIагIдеш хилча, нийсо а, бакъо а къастон хIунда ца хьовсу уьш? Ша саннарш набахтешкахь эзарнаш бу, гуш лаьтташехь, харцонца чубоьхкина, бохуш хоьтту, кхин а итт шо набахтехь даккха дисинчу Iимрана.

Iимран:
Суна уггар халахеташ дерг хIун ду, Нохчийчохь бу бохуш болу хьаькамаша охьа а ховший къамел до, "шаьш тIом дIабаьккхина, къаьхьа де дина шаьш. Баккхий толамаш баьхна шаьш" бохуш, къамелаш деш Iаш бу уьш.
Цара бина болу толамаш а, кхин долу хIума а, цхьана стеган дохийна дахар дуй, цуьнан меха ца хета суна. Аса сайн дахар дийцина ца Iа. ТIепаза байинарш буьйцу аса.
Цу наной цара дохош долу дегнашший, царна цара бохьуш болу баланашший...
Эзарнашкахь чубоьхкина нах, чохь хенаш токхуш а бу. Харцо ю. Цу нахана тIера (яккхий) хенаш дIаяьхна а, гIуллакхаш юхаталлийтина а, кхин дерг дина а, хIума деш бац уьш. Тергал деш дац (тхо). I5-20 шераш кхайкхийна оьрсийн набахтешка дIахьовсийна нохчий, иза тергал деш а дац. Аса ойла йо, Везан Дела, оцу нехан бусулба дегнаш да мукъа а дуй те, олий. Уьш бинчу наноша, дегнаш а долуш ца бина те уьш? Ойла йо цу хIуманна. Делахь, оццул яккхий хенаш кхайкхийна... цхьа нийсо, бакъо... цхьаъ хир дацара те олий, сатуьйсу. Амма...

Маршо радио: Ша набахте кхаьччий бен ца хаьа стагана, цу чохь воллучуьн хьал.
Къаьсттина, ша харцонца чувоьллина вуйла хуучунна, кхин а хала ду иза лан. Iимранца тхан хилла дуьззина къамел оха шуна хIокху тIедогIучу кIиран дийнахь хозуьйтур ду.
Оццу хенахь, тхо хьовсур ду, цу проблемина тIе мелла а тидам озон. Цунах хилларг Маршо радион эфирехь хезар ду шуна.
XS
SM
MD
LG