ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн нанойн къа хьарчош ву шена Сыдорук


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Тнарла прокуроран гIовс Сыдорук Иван
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Тнарла прокуроран гIовс Сыдорук Иван

Нохчийчохь тΙемаш боьлхуш эскарша дина зуламаш толлу хан чекхъялла низамца а догΙуш, цундела уьш талла хьашт дац, аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран гΙовса Сыдорук Ивана. И сацам емалбо нохчаша - бакъонашларъярхоша а, байначу нехан гергарчара а.



Сатосуш схьакъетачу маьлхан зIаьнаршца довш долу дохк санна, бовш бу Нохчийчуьра байначу нехан гергарчийн царах хилларг мацца а цкъа къаьстара ду-кх боху сатийсам.

ГIуллакх, гарехь, цу тIе доьдуш ду. Тахана Нохчийчохь цхьанна а тайпа байнарш лоху болх бац беш, дац тIейогIучу Iханна дан лерина хIума. Иза гойту кху деношкахь «Коммерсант» газетана Оьрсийчоьнан инарла прокуроран Къилабседа Кавказехула гIовс волчу Сыдорук Ивана еллачу интервьюно.

Цо шен къамелехь,хаам бина, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь динчу зуламех бехктокху хан дIаяьлла аьлла. И дIахьедар емал до Нохчийчоьнан бакъонашларъярхоша. Адамийн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдис шен дIахьедарехь прокурор кхайкхина байначу нехан наношка иза юьхь-дуьххьал дIаала.

Нохчийн омбудсмена билгалдоккху, эскархоша дIабигинчул тIаьхьа байначу кегийнахах лаьцна, и зуламаш таллал тоьшалш а долуш, кехаташ ша дIадовзийтина хIинца а, аьлла. Нагахь санна и зуламаш, талла а ца толлуш, иштта дIа тесна дитар дуьненаюккъара низамаш дуохадар ду, аьлла. Нухажиев Нурдис иза хаамийн гIирсашкахь а гIарадаьккхина.

Нагахь санна Оьрсийчоьнан инарла прокуроран Къилабседа Кавказера гIовс Сыдорук Иван Нохчийчохь байначу нехан гергарчаьргара бала хенаца байбелла аьлла хеташ велахь, иза аьттехъ а доцийла го кесст-кесста Соьлжа-гIалахь наха хIитточу гуламашка хьаьжча. Бала бай ца белла, иза мелхо а базлуш бу, боху доьза байначийн гергарчара.

Вайначун нана: « Сан кIант 2001-чу шарахь, Iуьйрана чу а лилхина, шина БТР-шца, шен доьзала юккъера а ваьккхина, дIавигина ву. Тахана а хууш хIума дац».

Вайначун нана: « Сан кIант 2004-чу шарахь дIавигина. Деша а вахана, цIа вогIуш, машенашца дуьхьал а бевлла, цу чу а хаийна дIавигина. Тахана хууш хIума дац цунах лаьцна. Шаьш массанхьа а лехна боху полицино а, ФСБ-но а. Делан къинхетаме сатуьйсу ас. Кхин хIума-м дац».

Вайначун нана: «Со Аргунера ю. 2005-чу шарахь дIавигина сан кIант. Чуьра, вижинуьра а гIаттийна. Цхьанна а хIуманна юккъагIиртина а вацара. Тахана а мичахь ву а ца хаа иза, хьан вигна а ца хаа».

Нанойн бIаьрхиш дакъалуш дац хIинца а. Арахь толуш лаьтта дахар а ца го царна.

Вайначун нана: «Сайна хетарг олу ас, кхечарна ца хетарг а ца олу. Хьажахь, мел хаза тойина ю хIара гIала. Кхузахь лелаш сайн кIант а воцуш, суна хIара гIала а ца го, хIара тIом дIабаьлла а ца хета. Наха эшарш локхуш хезча, сан дог доьлху. Сан кIант 11 шарахь дзюдо лелла вара. Вижинчуьра гIаттийн вигина. Хьалхара бала иза хила безара массарна а. ГIала мичча а хенахь тойийра яра, некъаш а дахкалур дара вайга, зезагаш а делур дара, эшарш а лекхалур яра, хелха а довлалур дара... Я белларш - белла, я бисинарш - бисина, тхуна тхайн доьзалхойн хьал хиича…Берашка а хIун ала оха, мичахь ву, хаьттича?»

Нохчийчохь нах барна бехке болу эскрахой хIинца дукха дикачу меттигашкахь белхашкахь бу, царна шаьш лелийнарг дицделла хир ду, амма иза дицдан дагахь дац шаьш боху «Ненан орца» цIе йолчу юккъарллин куьйгалхочо Межидова Зайнапа.

Межидова: «Мехий ма дац тхан бераш дан. Хьан бигина а хууш, мьулхачу буьйранчаша бигина а хууш ма ду. ХIинца уьш даккхийчу гIуллакхашкахь балхахь бу. И хьакамаш, аьлча а, и зуламхой схьа а балийна, цаьргар жоп деха дезара, мича дигина бераш, царах хIун хилла, аьлла. Соьгахь, хьан бигна а хууш, байначу 160 стеган гуллакх-тоьшалла ма ду, мьулхачу буьйранчо бигина бохуш долу».

Нохчийн бакъонашларъярхо Саратова Хеда а тIетов Сыдорук Иван байначу нехан наношка ша ала деза, оцу зуламашна талламаш бийр бац, иза хилла дукха хан дIаяьлла аьлла.

Саратова: « И тIом болабеллачу хенахь, цхьа Iалашо а йолуш, болийна ма буй. Иза чекхбоккхучу хенахь, хIун дийр ду а хууш, бина ма бу иза. ТIамехь хIаллакбинчу маьршачу нехан наной а, бераш а тахана а вайна гуш ма ду лелаш. Оцу прокурорана хьан елла и бакъо, оцу нехан цIарх, хан дIаяьлла аьлла, и гIуллакх дIадерзо? Пхи кIант вийна нана ю-кх хIокху махкахь. Цхьанна а тобанна юкъахь а ца хилла уьш. Церан нене ша ала деза-кх оцу прокуроро».

Байначу нехан ларшна тIехькхиа гiорасиз ву массо а. Нохчийчоьнанан куьйгалхочо Кадыров Рамзана наношца ах шо хьалха шен хиллачу цхьанакхетарехь билгаладаьккхира, шега хIокху махкхаь ца далуш хIума дац, амма байна нах мичахь бу къастор шега далуш хIума дац, аьлла.
XS
SM
MD
LG