ТIекхочийла долу линкаш

Бехкениг мила ву хууш ду...


Оьрсийчоь -- Дадаев Заур Москох суьдехь, Заз 8, 2015

Оьрсийчоь -- Дадаев Заур Москох суьдехь, Заз 8, 2015

Кху деношкахь рогIера гIовгIане дIахьедар дина Нохчийчура парламентан куьйгалхочо Абдурахманов Дукхвахас. Iамеркан политикан реза воцу иза дагахь ву Мексикана цхьана хенахь цу пачхьалкхана юкъахь хилла территореш схьаяха герз хьажо. Парламентан долахь бомбанаш а, ракеташ а йон заводан цахилар тидаме эцча, кхеташ дац мичара дала воллу иза Мексикерчу бахархошна тIех сов ницкъ болчу Iамеркех лата оьшу хIоъ-молха.


Цу тайпа хIума хезча дагадогIу вайн дайн беламен киц. Нехан кертах гIаж хьаькхна а, ша вийцийта веза олуш хилла цара.

Иттаннаш шераш ду вайнаха, цу кицо бохург кхочуш деш санна, шаьш буьйцийта. Коьртачу декъана нохчийн цIе йоккху цхьацца зуламаш дарца доьзна.

Уьш бехке цахилча а сихха царан тIе пIелг хьажабо Оьрсийчура Iедалша.

Ткъа муха Iаткъам бо цу гIуллакхо, масала, Москох бехачу вайн къомах болчу нехан дахарна.

Цунах лаьцна дийцар дийхира Маршо Радионо нохчийн вевзаш волчу журналисте Мурадов Мусага.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG