ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сагатдо даймехкан лаьмнашка


Алпаш.
Алпаш.

Цкъа мукъане а шен дахарехь лаьмнашкахь хиллачуо даима а лоьху уггаре а лекхачу берданийн тархашка буьгу некъаш.

„Лаьмнел хазох хила йиш яц хьо цкъачунна хиланза волу лаьмнаш бен“ - гергарчу кепехь иштта нохчийн матте гочдан йиш ю Высоцкий Владимиран евзаш йолчу эшарна юккъера дешнаш. Жимма хийцича, иштта ала а мегар дара: лаьмнел хазох Iаьнан лаьмнаш бен хила йиш яц!

Бакъдолуш, хIун хир дара-те лаьттан букъ тIехь лайно серлаяьхна, детица кхелича санна йолчу ламанийн тарханел хаза? ХIун хила йиш яра-теша дуьненчохь Дала кхоьллинчу баккхийчу тамашашна юккъехь чиллин тийналло Iадийначу лаьмнел, цу тийналлехь хьан когашна кIелахь „чхар-чхир“ дечу лайн гIовгIанел, я хьуна гуонахь гIийла цIийзачу дарцанал хазоха?

И аьзнаш, и тийналла, и ламанийн тархийн исбаьхьалла цкъа дахарехь евзинарг, тамашийначу лазаро лаьцча санна, юх-юха а цу зовкхе сатуьйсуш, юх-юха а и тамаша ган а, лан а, сих а, дегIах а луьттуш, цунах марзо эца лууш хуьлу. ТIаккха кхета, мацах 70 шо хьалха шайна сел хьомечу лаьмнех а баьхна, Юкъерчу Азин гIамаршлахь охьакхийсинчу вайн дайша ДегIастане сатийсар сел лазаме хIунда хилла-те бохучух – лаьмнаш хилла хир ду-кх церан сица а, дегIаца а лезнарш, даима а гуш хилла долуш уьш кхин ца гуш, геналле мел бIаьрг беттарх, церан башха тийналла кхин ца хезаш. Цкъа а кхин гурий я хезарий-те ца хаар а долуш уггаре а халох дерг.

Вайн заманахь ДегIастанах къаьстина, Малхбузерчу хийраллехь бехачу нохчийн сица а леза и лаьмнаш. Лома кхача лууш, шайн кадаьллачу хенахь цига боьлхуш самукъадолуш, цигахь даьIнарг бен са ца хеташ берш кIеззиг бац Европехь. Цхьа Делан къинхетамца, лаьмнийн къелла тешна а яц Альпаша а, Кордильераша а, Аппенинаша а, иштта дIа кхин а мелла кегийрошчара а лаьмнаша вовшахтессина, латтош санна йолчу цу континентехь. Европахой шаьш а, нохчи санна, лаьмнаш дезаш а, цига боьлхуш самукъадолуш а хилар тидаме эцча-м муххале а.

Шуьйтарчу Варандахь а вина а, кхиъна а, ткъа тIаьхьара иттех шо Германехь вехаш волу 35 шо долу Димаев Iадлан а ву лаьмнийн цамгаро хьийзочарех цхьаъ. Хьалха, ша цIахь волчу хенахь, уьйтIара дуьйна схьа лам болалучу меттехь ша вехаш хиларх терра, кхин башха ойла а ца йора ша иза мел доккха ниIмат ду бохучун бохуш дуьйцу цуо. Амма Германе схьа а кхаьчна, гIалахь ваха ша волавелча кхийтира, шегахь даима а садукъделча санна хьал хIунда ду бохучух.

Димаев Iадлан: „Со суо Варандахь вина а, кхиъна а ву. Даима а сайна лаьмнаш гуш хиларна, кхин башха царех цец ца волура со. Амма аренца ваха хиъча, мел хIуъу лелийча а, дагна тоам ца хуьлура, со кхузахь лома эха волаваллалца. Цкъа дуьххьара Германехь немцошца цхьаьна со Альпашка вахча, оцу цхьаьна лома коьрте ка ма доллу сиха кхача гIерташ вара со. ТIаккха соьца хиллачу цхьана немцойн воккхачу стаго элира соьга, иштта сихо еш хьайна ницкъ ма бе. Ломан буьххье кхачар дац хьуна коьртадерг, коьртадерг цу буьххье хьо вуьгу некъ бу хьуна аьлла“.

Лаьмнашкахь санна валаран-висаран, дуьненан-эхартан ойланаш хьаьъна а, цIена а ца хуьлу бохуш дуьйцу Димаев Iадлана. Адаман гIорасизалла а, вай кхоьллинчу Делан воккхала а, цуьнан ницкъ а гуш, кхеташ, гергара хуьлу лаьмний бердаш тергал деш, тIулгийн исбаьхьа инзаралла гуш, царех цецвуьйлучу хенахь бохуш дуьйцу цуо.

Димаев Iадлан: „Лаьмнашка вахча суо Варанда цIа кхаьчча санна хетало суна. Самукъадолу чIогIа, цул совнаха дегIана дика хуьлу ломахь волавелча. Иштта хьайн дахаран а, валаран а ойла йо ахь. Хьуна го лаьмнийн тарханашка хьоьжучу хенахь адам мел гIийла хIума ю, ткъа АллахI Делан таронаш а, ницкъ а ме боккху бу“.

Европехь лаьмнашка ваха а, цигахь лела а луучарна шортта аьттонаш бу. Лерина цхьа индустрия ю ала мегар ду цу хьашташна кхоьллина. Лерина духар, лерина мачаш, хьала вахар аттачу доккхуш йолу Iасанаш, мел деза кир ахь хьайца хьош делахь а, хьуна иза деза ца хуьлуйтуш йолу рюкзакаш, буьйса тIекхаьчначехь дIа а вижина, садоIа аьтто луш долу дIавуьжу галеш, иштта дIа кхин. Я, бакъволчу нохчийн аьрха ламарочо санна, кога хьайн луу мача а йоьхна, хьайна тIерачу духарца дIатасвелла, хьала гIорта йиш ю ломан басехула, вайн ворхIе да а ца лела ломахь ги рюкзакаш а тоьхна аьлла. ХIунда аьлча, хьо мел лекхачу лома буьххьа валахь а, цигахь чу ваха тоьла а карор ю, лерина некъахошна йина йолу, нах а карор бу хьуна, эшахь орцах бовла кийча, бохуш дуьйцу Iадлана.

Лаьмнаш хьахийначехь карлайолу цхьа нохчийн йоккха стаг, масех шо хьалха Германехь сайна евзина йолу. Баварин лаьттахь Альпийн цхьана чIожехь Iуьллучу жимчу юьртахь нисйеллера иза шен кIентан доьзалца Германехь тховкIело ехна сецча. 78 шо долу иза ехачу хIусаман уьйтIара дIахьаьжча гуш яра немцойн уггаре а лекха лам ларалуш болчу Цугшпитцен ломан ира тарханаш. Цуьнга хьоьжуш ша жима бер а долуш, Итонкхелахь йолуш санна хета шена олура цуо. И лам гуш ца хилча, хIара мохк, кхузара дахар а лан а лур дацара шега а олура.

Азимова Сийлаха

XS
SM
MD
LG